Джамалуддин (Шемалан воӀ)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Джамалуддин
Поручик Джамалуддин-Шемал
Поручик Джамалуддин-Шемал
Вина терахь 1829({{padleft:1829|4|0}})
Вина меттиг Генуб, ДегӀаста
Кхелхина терахь 1858 шеран 26 июнь (8 июль)({{padleft:1858|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:8|2|0}})
Кхелхина меттиг: КъаратӀа, ДегӀаста
Пачхьалкх Къилбаседа-Кавказан имамат
 Российн импери
Эскаран тайпа дошлой
Дарж поручик

Джамалудди́н Шема́л[~П 1] (Джема́ль ад-Дин[1], Джема́л-эд-Дин[2], Джема́луд-Дин[3], Джемалэдди́н[4]; вина 1829 шарахь; Генубехь, ДегӀаста1858 шеран 26 июнь [8 июль]; КъаратӀахь, ДегӀаста) — ДегӀастанан а Нохчийчоьнан а имаман Шемалан воккхаха волу кӀант. 1839 шарахь 9 шо долуш[5] дас аманатан велира оьрсийн правительствон ша Российн тешаме хилар хоуьйтуш[~П 2][6]. Амма, цуьнга хьаьжна ца Ӏаш, имама Шемалас оьрсийн эскаршца тӀемца къовсам дӀабаьхьира Кавказехь, 1855 шарахь хийцира ша Гуьржийчохь лаьцна элех болу нах шен кӀентаца, оцу хенахь иза дешна вара Россехь, тӀемлойн гӀуллакхехь вара оьрсийн эскарехь поручикан чинехь[7].

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Джамалуддин, имам Шемалан хьалхарчу зудчо ПатӀимата вина воккхаха волу кӀант. Вина 1829 шарахь ДегӀастанан ламанан эвлахь Генубехь. ЦӀе цунна йеллера Шемалан муршидан (син-мехаллин устаз) — шейхан ГӀазгӀумкийн Джамалуддинан сийнна[3].

Аманат (Ахьулгохь)[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ахьулгохь эвлан штурм.
Худ Ф. А. Рубо (1888).

 1839 шо 12 (24) июнехь баьччаллехь инарла-лейтенант Граббе волу Кавказера оьрсийн эскаран экспедицин тобано гуо лецира Шемалан резиденцин — чӀагӀйинчу ламанан Ахьулгохь эвлана. Июнь чекхболуш, шинне а агӀора шортта иэшам хилла, цхьа могӀа штурмаш йина, Шемалан дийзира дийцарш дан. Граббес капитуляции йарх билам бира, цуьнан 1-ра пункт йара — Шемалас шен кӀант схьавалар, вуьззина куьйгакӀела варан закъалтана[~П 3][8]. Шамила жоп эцна геланча вахийтира, цуо шен кӀентан меттана закъалтхо вуьту цхьаъ йа шиъ шен гергарниг, царна тӀе, закъалтана совцийна ӀашильтӀа а, Чиркей а эвланашкара бахархой а. Царна дуьхьала Шемалас тӀедиллира дуьхьало а ца йеш Ахьулгохьара цхьаъ ца вуьтуш дерриг адам арадалийтар. Амма, Граббе, шечунна тӀера ца валара, сеццера къамелаш доцуш капитуляци йарна а, Шемалан кӀант закъалтан валарна а тӀехь[9]. Дийцарш дахделира, кхин дуьхьала ца баьхкича Граббес тӀом кхин дӀа бар кховдийра. 4 (16) августехь оьрсаша Ӏаьндийн ГӀойсин аьрру берд а, цигахь лаьтта ЧӀиркъатӀа эвла а дӀалаьцначул тӀаьхьа, ткъа цигашхула Ахьулгохье кхочура гӀо а, даар а, гуо бинчеран хьал чӀогӀа халачу делира[10]. Гуо хӀора дийнахь гатталуш бара, тӀаккха  1839 шеран 12 (24) августехь Шемалан йуха а дийзира дийцарш дан, уьш, Граббен дешнашца, «чекхдевлира азихошха — цхьан хӀума доцуш»[11]. Гуо бинчарна машаро шайн позицеш чӀагӀйан таро лой гина, Граббес  1839 шеран 16 (28) августехь Шемале хабар дахьийтира, нагахь Ӏаржйалале цуо шен кӀант оьрсийн правительствон шен тешам гойтушсхьа ца лахь, Ӏуьйрана штурм хир йу аьлла. Шемалан йозанчо Мухьаммад-ТӀахира (Махаматилав) хоуьйту, Шемалца берш массо а, «чӀогӀа меца а, гӀелбелла а, бара», доьхура Шемалега, кӀант дӀа а лой оьрсийн инарлас тӀедуьллург кхочуш де бохуш, амма Шемал иза ца дира, элира, «цуо шуна пайда бахьар бац…»[1]. 17 (29) августехь Ӏуьйрана 6 сахьт долуш штурм йолийра, иза бахьнехь оьрсийн дакъоша схьалецира эвлан хьалхара чӀагӀдинчу декъера гӀап-гӀала (Керла Ахулгохь), ткъа мурдийн баккхий иэшамаш хилира. 10 сахьт долуш Шемалас кӀайн байракх кхоьссира, кхийсарш совцийначул тӀаьхьа оьрсийн лагере хьажийра шен воккхаха волу кӀант Джамалуддин, цуьнца цхьаьна вара шен кхиорхо Юнус[12] а. Граббен дневник тӀера:

« Иссех шо долу Шамилан кӀант, каде жима стаг, ийза а ца луш шен цӀахь санна лела.
— Из дневника и записной книжки графа П. Х. Граббе (1839)[11].
»
Шемалан Инарла-адъютант Граббега йаздинчу кехатера:

«Со куьйгакӀелавахана Цуьнан Императоран Сийлаллин, закъалтан дӀавелла шуна, цхьанне а велла воцу, сайн хьомен кӀант; цундела сатуьйсийла йу аьлла хета Хьан Сийлаллин къинхетаме. Хьо реза ца хиларо со вер санна ду».:: — 1839 шеран 19 август — Ахульго.[6]

Шамила закъалтана шен кӀант Джамалуддин веллачул тӀаьхьа, Граббе йуха ца валара Шемал шен куьйгакӀеларчаьрца оьрсийн правительствон муьтӀахь хилла шена. Шемалас тӀелоцура, ша Российн муьтӀахь хин хилар, цуо дийхира шега «Цуьнан Сийлаллин» тӀевар тӀе ца диллар, хӀунда аьлча тӀаьхьарчуьнца бара цуьнца гамо йолу бусалбанаш — «со ларло царех мехкан Ӏадаташца — эхь хета царех». Кхин а Шамила шен доьзалца шайн Генуб эвлахь охьахаа пурба дийхира, дийхира цхьана баттана хан йалар[6]. Амма Граббе, Шамилах ца тешаш, кхин а тӀейогӀуш шийла а, тӀуьна а гуьйре хиларна, ойла йан 3 де делира, хаийтира, иза Грозни гӀопахь латтор ву аьлла. Жоп ца делла, Граббес тӀаьххьара штурм йира, цуьнан жамӀехь  1839 шеран 22 августехь (3 сентябрь) Ахьулгохь йаьккхира. Штурм йолуш кхелхира Шамилан йиша ФатӀимат, цуьнан шолгӀа зуда ДжавхӀарат, цуьнан векаш волу кӀант СаӀид. Ша Шемал бисинчу доьзалшца кӀелхьаравелира[13][14].

Россехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Джамалуддин Росси кхаьчначул тӀаьхьа цунна верасалла шена тӀелецира ша Николай I-чо. Динах дерг аьлча, Николайн гӀоле хийтира Джамалуддинан жималлехь жӀар ца тохар, ткъа гӀеметтахӀоьттинчул тӀаьхьа, динах дерг шега харжийта. Дукха хан йалале Джамалуддин дӀахӀоттийра элийн кегийра берийн, дукхах берш тӀамехь да-нана делла Александран байн кадетийн корпусе. Цунна бакъо йелира къоман духар (чоа) лело. Оццу 1839 шеран декабрехь Джамалуддин дехьаваьккхира Петарбухан 1-ра кадетийн корпусе. Цуо дикка сиха караберзийра оьрсийн мотт, ткъа иштта Ӏамийра французийн а, немцойн а меттанаш[15].

1842 шарахь, Николай I имам Шемалца долу гӀуллакх машаре дерзо гӀертачу хенахь, Шемала тӀедиллира шен кӀант йухаверзо шеш йийсар винчу эла Орбелианин дуьхьала. ТӀаьхьарниг ша а реза ца хилира оцу балхана, цуо дӀакхайкхийра, Шемалас тӀедиллинарг кхочуш далур дац аьлла[16]. Амма имам тӀаккха а оцу гӀуллакхна инарла-майоре Клюгенауца зӀене велира, ткъа цуо и болх шен бакъонашкахь бац элира. ТӀаккха имама инарла-адъютанте Нейдгардте вистхилира. ТӀаьхьарчо иза хаийтира Петарбухе, амма Шемале дӀаала элира, хьан кӀант Петарбухехь императоран шен Ӏуналлехь ву алий, цхьаъ далур ду, имаман бакъо ло цхьаъ иза ган коьрта шахьре вахийта[17]. ТӀаьхьа а Шемал аьттонза гӀиртира масийттаза Джамалуддин российн йийсар бинчу тайп-тайпана тӀеман чинашкара цхьаьнца хийца.

Оцу хенахь Джамалуддин, 1849 шарахь корпусехь курс чекхйаьккхина, корнетан чинехь хьажийнера Владимиран 13-гӀа уланийн полке, иза лаьттара оцу хенахь Тверан губернин Торжкехь. Паччахьо делира цунна ваха тоъал рицкъ. 1852 шарахь Джамалуддинах поручик вира. ТӀемлочун карьерех иза Ӏеха ца лора. Иза чӀагӀлора кхин а, жима волуш чов йина цуьнан куьг гӀуо болх беш хиларна. Джамалуддинна хазахетара Ӏилманаш, уггаре дукха йезара математика, «цуьнан шовкъе волий самукъадолура математикин задачаш йеш»[18]. Цул сов, ша Джамалуддина шен дега йаздарехь, цунна «чӀогӀа марзделла» хелхарш а, гимнастика а[2].

Джамалуддина Елизаветега йаздинарг:

«Хьан Дела — сан Дела! Сан са — хьан са. Вайшимма дуӀанаш дийр ду цхьаьна, вайшиннан хазахетар хир ду цхьаьна, бала а хьоьгур бу цхьаьна. Сан ирс хьан безаман ӀиндагӀ хир ду. Хьан дин сайчулла а дика ду, цунна ТӀехцӀена ЙоӀстаг йевза дера, Делан нана, ткъа сан динан иза ца йевза…»[19].

Торжкехь Джамалуддинна йевзира Оленина Елизавета Петровна (1832—1922), мукъаваьккхина инарла-майоран а, Императоран исбаьхьаллин Академи декъахочун П. А. Оленинан (1794—1868) йоӀЦитатийн гӀалат: ДӀакъовлуш йолу тег йац </ref>. Джамалуддинан йукъараллица Шемал къамеле велира Ша йолу Кавказан корпусан баьччица инарла Муравьёвца. Цхьаьна заманахь ладаме тӀемаш ца хилира, массашкахь хуьйцуш бара тӀеман йийсархой, ткъа Имаматан экономикин гуо баьстинера. Шена Джамалуддинанна Шемалас тӀедиллира административан гӀуллакхаш дӀакхехьар а, герзан терго латтор а[20].

Шемалан хаза ца хетара Россех агӀора йолу ориентаци, Джамалуддинан «оьрсийн амал» муххале а. Йоккха къоьлла хӀоьттира цунна а, цуьнан ден а йукъаметтигашкахь Кавказехь административан а, тӀеман а хийцамаш бечу хенахь, 1857 шеран 26 августехь Кавказан сардал инарла-адъютант эла А. И. Барятинский хӀоттийначул тӀаьхьа, иза вара мурдашна дуьхьала хадам боллуш гӀуллакхаш даран агӀонча. ГӀирмин кампанеш чекхйовларца оьрсийн эскарийн дакъа йуха а сехьакхоьссира Кавказе. Ша Джамалуддин ницкъ болуш вацара Шемалан а, оьрсийн баьччаллин а йукъара машаре йукъаметтигашна гӀо дан. Дукха хан йалале Джамалуддинах къехка буьйлабелира да а, вежарий а. Цунах дӀахедира наибаш а, кхин махкахой а[21].

Оцу хенахь Джамалуддин а, Оленина Елизавета а вовшашка кехаташ йаздеш бара, амма Шемалас къобал ца йора и йукъаметтигаш, кехаташ дӀаса ца кхочура хьажийначаьрга. Да, вежарий, йисина йукъаралла шена тӀе ца йерзарна, кхин а «цӀе тоьхна нускалан» болу сингаттамо а Джамалуддинан могашалла иэшо йолийра. Чохера Хьаьжа-Ӏелас дийцарехь, ― «Джемалэддин сингаттамехь вара, дохко а ваьллера ша цӀаварна»[4]. Оцу хенахь Кавказехь гӀуллакхехь а болуш Джамалуддин вевза оьрсийн эпсарш бара, царна гуттаренна хаамаш бохьура кунакаша. ТӀаьхьарчара дӀалора, «… буьрса Шемалас шен кӀан ор чу воьллина, оьрсийн хьожа дӀайаккха… , Джемаль-Эддин чӀогӀа хийцавелла, къанвелла, худавелла, сагаттош ву цхьаьна оьрсийн йоӀанна…». Оцу хенахь Къилбаседа Кавказехь йолчу Нижегородски 17-гӀа драгунийн полкехь, гӀуллакхехь вара Елизаветин ваша ― Оленин Алексей. Веданара Джамалуддина «тешаме кунакехула» Оленине дахьийтира къайлаха французийн маттахь кехат цхьаьнакхетар доьхуш. Кунак иза кхочушдан волавелира, Оленин аьллачу меттиге а вахара, амма, эвлана тӀекхача 3―4 чаккхарма йолуш, цунна дуьхьала кхийтира Джамалуддинан керла хьадалча, цуо дӀаэлира, Шемалан хиъна цхьаьнакхетарх дерг, Оленинна йина кӀело йу, доьху йухаверзар аьлла[22].

Шемалас оцу йуккъехула Джамалуддинан йигира гӀараваьллачу нохчийн наибан Шелара ТIелхиган йоӀ[21]. Иза гинчара дийцарехь:

« Цуьнан буьрса дас [Шемалас] тезет хӀоттийна шен вайна кӀантанна, амма иза кӀелхьара ца ваккхало, ца лало, шен кӀант, гӀазотан тӀеман, мурдийн тхьамданан кӀант, оьрсий висарна…[22] »

Аманаташ хийцар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Гуьржийчоьнна тӀелетначул тӀаьхьа сихха йийсархой хицарх дийцарш долийра. Шемалас тӀедилларан хьалхара а, «хийцалуш а йоцу» пункт йара шен кӀант Джамалуддин йухаверзор. Верриг а хийца таро йерг ламанхошкахь йийсарехь волу 120 стаг вара, хӀора мурдан дуьхьала цхьацца йийсархо луш. Цул сов, Шемилас, наиба тӀедилларца 1 миллион детин сом а дийхира[23]. Ша Шемал реза вара кӀезиг ахчанна а, амма кхоьркура халкъ меттахдаларх. Дуккха а ламанхойн доьзалийн оцу тӀамехь шеш кхобуш болу дай беллера. Дийцарш цхьа могӀа бахьнашца дӀадоьлхура чолхечу хьолехь, дахлора билгалйоцучу заманна[24].

Джамалуддин Шемалан дӀавала чӀогӀа ца лаьара Николай I, амма оццу хенахь цуьнан дӀататта йиш йацара эла Чавчавадзен шен доьзал йухаберзоран дехар. Цу тӀе ша-тайпа агӀо лаьцнера оцу балхахь инарлаш барона Л. П. Николаис а, эло Г. Д. Джамбакуриан-Орбелианис а. Царна хетарехь, Шемалан кӀант йухаверзоро башха зулам дийр дац, кхин тӀе, царна гора оцу балхахь билгала пайда а, Шемал веллачул тӀаьхьа Джамалуддин воккхаха волу кӀант хиларна цуо шен веше хьалхе дӀалур йац бохуш, ткъа церан тайп-тайпана политикин хьежарш ду, царна йукъара барт оьгӀур бу, иза оьрсийн правительствон чӀогӀа пайденна хир ду. Ткъа 1 миллион соьмах дерг, оццул дукха ахча «тӀедилларал хьалха, аьтту балахь, даккха гӀертар ду», барона Николаис вогӀуьйту геланчас хаийтарехь, «Шемалас дуккха а дӀадоккхур ду оцу ахчанах, нагахь кӀант йухаверзор ву аьлла дош лахь»[23].

Уланийн Ц. И. Локх. Сийлахь Элин Михаила Николаевича полкан пор. Шемалан рапорт Гренадерийн Корпусан Штабан хьаькме, инар.-м. Рашете.

«Хьан Сийлаллин, хӀокху шеран 8-гӀа ноябран, № 33 йолчу омарца, хьуна тӀекхачо сий ду сан, сан дена со ша волчу йухаверзорах, Паччахьо магорца, со реза ву, цундела сан ден векалца дийцарш дан оьшу аьлла ца хета».

— 1854 шеран 8 ноябрь ― Варшава[25].

Цамгар а, валар а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ӏаткъаман а, хала а хьолехь волчу, Джамалуддинан бала бара некха ун бухахь чӀогӀа лазар долуш, йовхарш йолуш[3]. Шамиль хьажийра иза лекха ломарчу КъаратӀа эвла (ГӀеза-Мухьаммадан наибалла). Цигара климат дарбане лорура, амма Джамалуддинан хьал телхаш дара, ткъа меттигера уггаре дика лоьрийн ницкъ ца кхечира цомгушчунна гӀодан. Шемалан дийзира оьрсийн баьччаллица зӀене вала, цуо геланча вахийтира эла А. И. Барятинскийга лоьраш бахкийтахьара аьлла дехаре Шури-ГӀала, ша закъалтан шен кхоъ наиб вуьтур вара аьлла[7]. Элас, шен рогӀехь, омар дира Хаси-Элахь лаьттачу ГӀебартлойн полкан баьччин полковник Д. И. Святополк-Мирскийн. ТӀаьхьарчо хьажийра КъаратӀа зиеделла полкан лор С. Пиотровский (цуьнан шен пурбанца), иза йуха верзалц закъалтан пхи мурд а витина[21].

ДӀакхаьчча Пиотровский къастийра йовхарийн цамгар а, дахаран ницкъ дӀабалар а, ткъа кхин а кхайкхийра, и цамгар толуш ца хилар. Шегахь мел долу молханаш дитина, оьшу хьехам бина, Пиотровский йухавирзира, совгӀатан йелла дика говр а йалош, ламанхойн духар а, деза герз а дахьаш[21].

 1858 шо 26 июнехь (8 июль)а Джамалуддин велира, дӀавоьллира циггахь КъаратӀахь. Меттигерачу бахархошна йукъахь эладиташ даьржира, оьрсаша цунна дӀовш тесна бохуш[4].

Иэс[нисйе бӀаьра | нисйе]

Зийарат[нисйе бӀаьра | нисйе]

Ӏахвахойн кӀоштан сийлаллех цхьаъ ду имам Шемалан кӀентан Джамалуддинан КъаратӀара зийарат[26].

Исбаьхьаллин литературехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Комментареш

  1. Во время пребывания Джамалуддина в России, к нему применялось в качестве фамилии обращение ― Шамиль. Оно также использовалось в письмах и документах.
  2. Имам Шамиль генералу Граббе: «Я вручил Вам сына в той уверенности, что я вступил уже в подданство Российского Государя…».
  3. Шемалан кховдийна хьалхара капитуляцин билламан йаззамаш:
    1. Шемалас хьалха схьало шен кӀант закъалтана.
    2. Шемал а, хӀинца Ахьулгохь болу берриг мурдаш а карабогӀу оьрсийн правительствон; сих а, бахамах а, доьзалех а куьг ца Ӏутту; правительство бехар болу меттиг билгал йоккху, кхаба тӀе а лоцу; кхин дерг оьрсийн императоран дикалле хьаьжжина хир ду.
    3. Ахьулгохь долу дерриг герз, дӀало оьрсийн хьукмате.
    4. Ахульгохьан ший а дакъа хуьлу гуттаренна а оьрсийн паччахьан латта, ламанхойн ховша йиш йац цига цуьнан пурба доцуш.

Хьосташ

Коьрта литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 аль-Карахи, 1941, с. 99—100, 236—238.
  2. 1 2 АКАК, 1885, № 426, с. 468—469.
  3. 1 2 3 Казем-бек А. К. Мюридизм и Шамиль // Русское слово. — СПб., 1859. — № 12. — С. 59—65. — ISBN 978-5-458-02971-1.
  4. 1 2 3 Чохский, 1873, с. 49—50, 69.
  5. Гаджиев, 1965, с. 74.
  6. 1 2 3 Милютин, 1850, с. 141—143 (прил. 8, 9).
  7. 1 2 Чекалин С. В. Завещание Шамиля. — N. Y., 1997. — № 62—63. — С. 137—139.
  8. Милютин, 1850, с. 140—141 (прил. 7).
  9. Гаммер, 1998, с. 152—156.
  10. Милютин, 1850, с. 107—108.
  11. 1 2 Граббе, 1888, с. 122—123.
  12. АКАК, 1885, № 456, с. 505.
  13. Шишкевич, 1911, с. 79—80.
  14. Казиев, 2003, с. 91—96.
  15. Казиев, 2003, с. 97, 253—254.
  16. Казиев, 2003, с. 121—124.
  17. Гаммер, 1998, с. 200—201.
  18. Оленин П. Невеста Шамиля // Исторический вестник. — СПб., 1904. — № 12. — С. 1022.
  19. Оленин П. Шамилан нускал.
  20. Казиев, 2003, с. 261—266.
  21. 1 2 3 4 Казиев, 2003, с. 268—272.
  22. 1 2 Оленин П. Невеста Шамиля. — С. 1027—1028.
  23. 1 2 АКАК, 1885, № 521—522, с. 566—567.
  24. Казиев, 2003, с. 255—256.
  25. АКАК, 1885, № 524, с. 568.
  26. Достопримечательности Ахвахского района. Ахвахский район (официальный сайт). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 18 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2013 шеран 13 декабрехь Архивйина 2013-12-13 — Wayback Machine