Чулацаман тӀегӀо

Джабраилов, Дака Джабраилович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Джабраилов Дака
Вина терахь 1937 шеран 8 май({{padleft:1937|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:8|2|0}}) (87 шо)
Вина меттиг Кхазакхийн ССР
Гражданалла  ССРС Росси
ГӀулаккхан тайпа исбаьхьалча
Жанр скульптура
Дешар РСФСР Исбаьхьаллин фондан Нохч-ГӀалгӀайн дакъа
СовгӀаташ
«Къинхьегаман Силаллийн» мидал
«Къинхьегаман Силаллийн» мидал
«Къинхьегаман ветеран» мидал

Дака́ Джабраи́лович Джабраи́лов — скульптор, Нохчийн Республикин Хьакъдолу говзаллин гӀуллакххо, Российн Исбаьхьалчийн союзан сийлахь декъашхо.

Соьлжа-ГӀала. Революцин къийсамхошна иэс. Исбаьхьаллин марка тоьхна конверт. 1983 шо.

Джабраиловн да 1930 шарахь байтал а ваьккхина, махкара Кхазакхстане араваьккхира. 1937 шарахь, Дака дуьнен тӀевала бутт бисинчу хенахь, цуьнан да велира. 1938 шарахь доьзал Даймахка цӀехьабирзира. Амма 1944 шарахь нохчий арабехира, доьзал йуха а Кхазакхстане кхечира.

Джабраилов деша волавелира гӀалан «Советский плакат» студехь Джамбул гӀалахь. Цуьнан хьалхара хьехархо хилира Горбанов Василий Алексеевич. Цуьнан гӀоьнца деша хӀоьттира Фрунзен исбаьхьаллин доьшийле, амма дукха хан йаллале дӀаваьккхира махкахваьккхинчех ву аьлла.

18 шо долуш Джабраилов цӀавирзира Нохч-ГӀалгӀайн АССР, шина шеран деша вахара РСФСР Исбаьхьаллин фондан Нохч-ГӀалгӀайн декъан исбаьхьаллин-арахецаран пхьалгӀан монументан цехе. Кхузахь цуо Ӏамийра кӀедачу хӀуманах сурт дан а, исбаьхьаллин скульптура кепа тоха а. Цуьнан хьехархо вара РСФСР Хьакъдолу скульптор Астапов В. П. а, исбаьхьаллин академин хьехархо Колосков В. П. а. Дешар чекхдаьлча Джабраиловн йелира скульптор-кепатухург квалификаци.

1960—1963 шерашкахь болх бира ЕЛККС Ленинан кӀошткоман «Бокс» газетан редакцин коллегехь. Цул тӀаьхьа 1999 шо кхаччалц болх бира Нохч-ГӀалгӀайн исбаьхьаллин фондехь. ТӀаккха хьеха волавелира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь говзаллин факультетехь скульптура, пластикан анатоми, проекташ хӀиттор.

Джабраиловс металлаца а, тӀулгаца а бина 400 сов кхин авторийн белхаш, царна йукъахь:

Джабраиловн белхаш хӀиттийна Нохчийчоьн йерриг аьлча санна кӀошташкахь, ДегӀастанан масех кӀоштахь, кхин а цхьацца регионашкахь.

СовгӀаташ а, цӀераш а

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • ССРС, РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн Исбаьхьалчийн бертан Сийлаллин грамоташ а, мехала совгӀаташ а;
  • «Къинхьегаман Силаллийн» мидал (1986);
  • Нохчийн Республикин Хьакъдолу говзаллин гӀуллакххо;
  • Российн исбаьхьалчийн бертан сийлахь декъашхо;
  • «Къинхьегаман ветеран» мидал;
  • «Баккхий кхиамашна» мидал (2013);
  • «Синмехалла, ламасташ, говзалла» дешийн мидал (2016);

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Бойцова Т. И. Изобразительное искусство Чеченской Республики / Хабарова М. В.. — Гр.: АО Издательско-полиграфический комплекс «Грозненский рабочий», 2018. — С. 84. — 256 с. — 500 экз. — ISBN 978-5-4314-0326-2.