Дешар Петарбухехь

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Петарбух даиман а лору Российн дешаран центр. Кхузахь ду ишколал хьалхара (берийн бошмаш) а, юккъера (ишколаш), лакхара дешар (ЛДМаш). Цул сов ю тӀеман а, лерина а дешаран меттигаш. Дешар Петарбухехь карахь ду Дешаран комитетан[1].

ЛДМаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Цхьацца ларамашца Петарбухехь ю 88 ЛДМ[2] (кхечу хаамашца 55[3]), цигахь болхбеш ву 22 эзар профессор а, хьехархо а, иза 10 % ю ерриг Российн профессорийн-хьехархойн хӀоттамах[4]. Петарбухан ЛДМех ах гергга пачхьалкхан йоцурш ю (цигахь доьшу 42 эз. студент)[5]. Кхечу хаамашца, Петарбухехь 50 ЛДМ бен пачхьалкхан йац[6].

2010 шарахь хьалхара курсе дӀахӀоттавелира 26 791 стаг, кхин тӀе къовсам бара цхьаьна меттиган 9 стаг а волуш. Ах сов Петарбухан ЛДМахь деша луурш — кхечу гӀаланашкара бара[7]. Абитуриенташна Ӏамо луу уггаре гӀараяьлла говзалла, чинхочун говзалла ю[8].

Юккъера дешар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Петарбухехь ю 800 ишкол, гимнази, лицей[9]. 2011 шарахь Петарбухан ишколашкара арахецначеран барам 21 эзар бара, ткъа 2004 шарахь уьш бара 46 эзар[10]. 2011 шарахь Петарбухехь вагарвира 33 337 хьехархо[11]. Хьехархочун официалан юккъера алапа ду 23 эзар сом баттахь, амма цхьаболчу дешаран сферера белхалоша лору, ма-дарра дийцича хьехархошна алапа гуттар а кӀезиг ло[12].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Комитет по образованию(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 14 сентябрехь. Теллина 2012 шеран 19 июлехь.
  2. Вузы Санкт-Петарбуха – 2019 (2019)
  3. Вузы Санкт-Петарбуха: университеты и институты
  4. Санкт-Петарбухская высшая школа(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 15 июлехь. Теллина 2012 шеран 19 июлехь.
  5. Ассоциация негосударственных ВУЗов Северо-Запада: «У нас нет проблем с качеством образования»
  6. Бизнес надо привлекать к управлению ВУЗами(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 16 февралехь. Теллина 2012 шеран 19 июлехь.
  7. В Петарбухе абитуриентов все больше, учебных мест меньше
  8. Выпускники школ в Петарбухе по-прежнему рвутся в чиновники
  9. ВУЗы и школы Санкт-Петарбуха (на сайте не полная и устаревшая информация)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 16 сентябрехь. Теллина 2012 шеран 19 июлехь.
  10. Школы СПБ(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 11 июлехь. Теллина 2012 шеран 19 июлехь.
  11. Петарбухские учителя подсчитали зарплаты
  12. Средняя зарплата учителя

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]