Чулацаман тӀегӀо

Дехачу арсийн буьйса

Талланза
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Дехачу арсийн буьйса
Xlитлерин салтичо laлашоне лаьцна Роьмин сурхо
Терахь 1934
Йуьхьиган терахь 1934 шеран 30 июнь[1]
Чаккхенан терахь 1934 шеран 1 июль
Меттиг КхоалгӀа рейх Лоьмсойн пачхьалкх
Бахьна СА-но кечбеччуха гlaттам бохо
Декъашхой СС, СА, Гестапо
ЖамӀ Чухьовлхаран тобанийн laткъам лахабалар, Xlитлера дlaбоху шайн къийсархой
Кхелхинарш
  • 200 стаг
Бехке верг (берш) Эрнст Юлиус Рём[вд]
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

«Дехачу арсийн буьйса» (лоьм. Nacht der langen Messer) йа Роьмин карчам (лоьм. Röhm-Putsch) — 1934-чу шарахь асаран беттан 30-чу дийнахь Xlитлерин ницкъ бар ду СА цхьаьнакхетараллин куьйгаллина. Къайлах цle — тleман гlyллакх «Колибри» (лоьм. Unternehmen Kolibri). Xlитлерин агloнчаша бахьане ийцира шаьш Эрнст Роьма кечбеш болучу карчамана йина дуьхьало йеш бара бохург.

Дlaдоладале

[бӀаьра нисйан | нисйан]

«Къоман карчам» хиллачул тlaьхьа масех бутт баьлча (1933-чу шеран кхолламан беттан 30-чу дийнахь Адолп Гитлер рейхсканцлер xloттавар ду дуьйцург) чухьовлхаран тобанийн магlaршлахь цатам хилар доладелира.Кхин а чloгlо даьржаш дара Гитлера йамартло йина бохург а, и дlaваккха везар а шолгlaчу «бакъболчу социалистин» карчамца Грегор Штрассерин а, Эрнст Роьмин а куьйгаллица. И чухьовлхаран бlaьхой бара кечбеш Веймаран мехк-урхалла дохадан герзаца. Уьш бара коьрта ницкъ 1923-чу шарахь хилла болу Йийн карчамехь. 1933-гla шо дlaдолалучехь церан масалла йара 600,000 адам, ткъа чекхдолучехь — 3,000,000. Церан долахь йара тоьпаш а, дертоьпаш а. Церан баьчча вара Роьм, Xlитлерин leдал леларан дозанехь йацара и цхьаьнакхетаралла. Къоман барт боха а ца беш leдале йеанчу НСДАП-на ца хаьара чухьовлхаран тобанашца xlyн дан деза. Царна тle диллинера кегийрхой laмош-кхиабан. Тардолуьйтуш дара рейхсвер чухьовлхаран тобанашца вовшах а тухуш керла къоман-социализмин халкъан сур кхоллар.

Ткъа Роьма тардолуьйтура и сур СА бухехь кхолла деза аьлла, ша куьйгалла деш а волуш. Амма рейхсверан эпсарша къобал ца вона и, цундела рейхсверана а, СА-ан а йукъахь къийсам болабелира хила дезачу халкъан сурехь тоьлла меттиг баккха гleрташ.

Хьалхе кху къийсамехь цкъа йара Роьмехь, xlyнда аьлча цуьнан долахь йара рейхсверал шен масалла дукхазза тоьлуш йолу тleман тоба. СА-ан xloттамехь хилла болучу эпсарийн туьпо куьйгалла деш 5 сур а, 18 корпус а[2]. СА чу йукъайалийнера суран кепара чоьхьара leдалан къеп. Цундела тleман гlyллакххошна хетара СА-но лоьмсойн диллинчу сура тle йиттина Версалан дозанаш дlaйаьллачул тlaьхьа шайн магlaрш алсамдохур ду аьлла. Рейхсвер а, СА а Xlитлера динчу буьйран бахьана вовшахкхетта йолушехь хила ма-йеззачу цхьаалле кхача гена дара. Роьм рейхсвер чухьовлхаран тобанаш чу йаккха волушехь инарла пон Рейхенау дагахь вара сур чу тloм бан хьакъ долуш болу чухьовлхаран сурхой схьаэца Роьмина хаа а ца хоуьйтуш. Цо эхьар дара СА-не дозанан ха кхоллийта лоьмсойн-полаькийн дозанехь милцойн кепара, иштта рейхсверан гloьнца цхьаьна суре вига хьалхара кечам бойтуш.

1933-чу шеран xlyтосург баттахь чlaгlaм йазбира СА-но а, рейхсверо а СА а, СС а, «Болатан гleм» цхьаьнакхетаралла а тleман коьртачу урхаллин муьтlaхь хуьлуш йу аьлла. СА-ан обергруппенпуьрар даржехь волучу Придрих Вилгелм Круьгарина тleдиллира xlopa шарахь рейхсверан гloьнца 250,000 чухьовлхаран сурхой кечбан, ткъа Роьмина — СА чу даха тleман вовшахкхетарш, хьалхарчу рогleхь — Болатан гleм. Пон Рейхенаус тардолуьйтура «Болатан гleмаца» СА-хь Роьм а, цуьнан агloнчаш а кleзигахьа дакъаца буьсур бу. Амма цунна моьттурш кхочуш ца хиллера: чухьовлхаран тобанаш чу эцца вацара «Болатан гleман» 314,000 декъашхо бен, ткъа тобанаш йеккъера кхаа дакъана жигара болучу СА-ан декъашхойн куьйгаллица. Цул тlaьхьа Роьма шайн долахь 4,500,000 агloнча ву боху къамелаш деш тleдожадора дозанан ханехь куьйгалла ден даржаш а, болера Лоьмсойн махкахь йолучу тleман лармаш шайн керахь хилийтар а [3].

Цу xlyманна дуьхьал рейхсвер милцойн кепара сур кечдечара саца а соцуш 1933-чу шеран гlyран баттахь дуьйна сурхойн декхар тleдилла йолайелира.Ткъа Роьм ша коьрта урхаллин декъашхо а волуш тleтовжуш вара перенгаша санна милцойн кепара и дан.Инарла-полковник пон Бломберга билгалдаккха деззера цхьана гуламехь:

Роьмина хета мохк ларбар СА-ан бакъо бен йац, ткъа рейхсверана тleдилла деза тleкхайкхайкхамхойн тleман кечам бан кхочушдар.

пон Бломберг вистхилира сацам барх уьддуш волучу Xlитлере.Шен бlaнакъосте «xlaн-xla» ца ала Xlитлера къийсамхошна йукъахь барт бан воллуш вара.1934-чу шеран чиллин беттан 28-чу дийнахь цо кхайкхира СА-ан а, рейхсверан а куьйгалхой тleман коьртачу урхаллин кхеташонан чоьн чу машар laлашбан дуьхь.СА-но а, рейхсверо а шолгlaниг пачхьалкхан лардархо хуьлуш, хьалхарниг тleкхайкхамхой а, тlaьхьалонна берш а кечбийриг хир йу аьлла чlaгlaм йазбира.Вукха дийнахь Роьмин туп-петар чохь машар беш бара, амма и чекх ма даьлла Роьма элира:[4]

Цу йепрейторо аьлла дерг тхох хьакхалуш дац.Со ца воллу барт ларбан.Xlитлер йамарта ву, иза уггар кleзга мукъавала веза.И тхоьца ца хилахь оха тхайн болх Xlитлер воцуш а бийр бу

Xlанноверехь долучу СА-ан суран куьйгалла деш волучу Луьтцина хийтира и къамелаш пачхьалкхан йамартлонан билгало, цундела цо дlaкхайкхадира и Рудолп Гессина, цо цхьаа бахьана деш доций гича - ша Xlитлере, амма цо делла жоп кхачаме дацара:

Хьоьжуш lийна хьажа веза хиламаш дla муха боьду

Кхин цуьнгара xlyма къастош жоп ца хезча Луьтце вистхилира инарла-майор волучу пон Райхенауга Роьме хьажийна долучу рейхсверана духьало йан цамагадарах лаьцна кехатан кечам.Цу хенахь Xleйдрихица СА-ан куьйгалхой ницкъаца дlaбаккхарца доьзна долу къайлах дагадовларш деш волучу пон Райхенаус баркалла элира Луьтцига, йуха и дlaвахча шайна уллера волучу цхьана эпсаре элира цо:[5]

Луьтце кхераме вац, цул сов и туьпан хьаькам хила мега

  1. Nuremberg Trials Project — 2016.
  2. Хёне, 2003, с. 101.
  3. Хёне, 2003, с. 102–103.
  4. Хёне, 2003 (103)
  5. Хёне, 2003, ст.104

1934-чу шеран оханан бутт чекхболучу хенахь ницкъаца СА-ан куьйгалхой дlaбаккхар кечдеш дара. Xlиммлер шайн Хен тобанашкахула чекх а волуш царна уьш хила дезачу гlyллакхе иракараxloттош къамелаш деш волчу хенахь Xleйдрих гулбеш вара лоьмсойн инарлашна Роьмин «зуламан ойланаш» йу аьлла тоьшалла дойтуьйтур болу хаамаш. Цу xlyман тleхь цунна гlo деш дара СА-ан обергруппенпуьрара Придрих Вилгелм Круьгера а, СА-ан ларамечу пуьрар Придрих Грапа а, инарла-лейтенант Вилгелм Адама а. Амма баьккхинчу хаамо ца дуьйцура масех герзан лармах а, цхьаболучу СА-ан баьччез а бен. Цундела xlyмма дацара тоьшалла дан уьш цхьаъ кегадан бохку аьлла. Цул сов Роьма хаам бора бакъоларйаран leдалнешка leдална дуьхьал аьллачу къамелех лаьцна, ала дашна, Курт пон Шлейхера[1] аьлла дерг.

Чухьовлхаран тобанийн декъашхошкахь йацара дог-ойла карчам бан йа муьтlaхь ца хила. «Шолгlaчу къоман-социалзмин карчам» хьаштах лаьцна Роьмин карзахдоху къамелийн laлашо йацара Xlитлерина laткъам бина иза дукхо бертавогlуш хилийта бен. Амма цунна гондахь болчарна хетара иза карчам бан безаран билгало санна. Рейхсверан эпсарш реза бара СА-ан laлашо рейхсвер йукъарайаккха йу бохучу абверан хьаькамаца Конрад Патцигица Цундела пон Рейхенаус Xleйдрих шайн уьйрахо хеттича цуьнга сурхой беха гlишлош а, гlyллакх дан конкаш а, герз а деллера.

Кечам ма-хуьллу сиха боьдуш бара.

Цул тlаьхь шен рагl тleкхечира цleйозанаш xlитто а. Xleйдрихана ойлайира чухьовлха тобанийн куьйгалхой дlaбаьхха а ца laш керлачу пачхьалкхан рожан мостагlий цхьаьна дlaбаха мега аьла. Цleйозанаш дечу хенахь бloстане xlyманаш нисдала доладелира: цхьана адамо йазвинарг вукхо дlaвоккхура. Цу кепара Геринге йукъарваккхавелира тle тоьпаш тоха безачеран цleйозанаш чуьра Пруссерчу гестапон маьхькамхо Дилс, иза вара шен цleйоза xloттош; Гейдрих вуха ца волура СА-ан обергруппенпуьрар Август Шнайдхубердlaваккха веза бохуш, цунна дуьхьал вара Баварерчу СД-ан маьхькамхо Вернер Бест.

Амма ша леринарг кхочушдар кхерамечу хьолехь дара. Асаран беттан 4-чу дийнахь дуккха а сахьташкахь дахделла къамел ма дина Гитлеран а, Роьман а сацам хилира шаволу чухьовлхархо мангалан беттан 1-чу денна дуьйна белхамукъаллехь хилийта, ткъа мангалан беттан 8-чу дийнахь «Поьлкишер Беобахтер» чохь малхадаьккхира Роьм шен могашаллица йолчу халонийн бехкана Бад-Висзехь дарба деш хир ву, вала ма ваьлла шен балхе йухавогӀур чолуш. Рейхсверан куьйгалхоша иза Роьма ша эшор тӀелацара санна тӀеийцира. Гейдрих воьхнера, хӀунда аьлча белхамукъаллехь болу нах пачхьалкхан карчамехь бехке бойла дацара. Цу хенахь шадерг кийча дара, диснарг Гитлерана хетарг хаа дара[2].

Ткъа Гитлер дуьхьал а вацара ший а агӀо лаьцна: цхьана агӀор, иза чухьовлхархошца вара, вукху агӀор — СА дӀайаккхар цунна дика хетара. Амма цуьнан керахь дацара шайга и дӀайаккхийтар тӀедожадар а, йа Роьма ден аьлларг ца дан. Иштта хьал хилча Гитлера шен болх кхечуьнга бойтура: цо Роьм мехк-хазнин коьрта урхаллин куьйгалхо волчу Шверин пон Крозиге хьажавора вукхо билгал “хӀан-хӀа” эр дуй хууш. Цундела Геринга а, Гиммлера а, Гейдриха а шайга и гӀуллакх къасталур ду аьлча Гитлерана и хӀума дика хийтира. КхидӀа хир долчо кхин а чӀагӀйира шен харжам нийса бара аьлла ойла.

Асаран беттан 17-чу дийнахь вице-канцлер волчу пон Папена Марбурган университетехь доьшучарга къамел дечу хенахь йемалбеш буьйцура «эхь ца хеташ лоьмсойн карчамана тӀехьахь дӀа а луьйчкъуш, шайна бен пайда а ца лоьхуш, догцӀений, къонахчашхий а боцуш йуьхькӀеда шайн болх бо» нах. Цуьнан къамелехь ишттаниг а хезира «кхетамаш иэбар», «дахаран хьашт», «къизальа», «цхьана а къоман доьналла дац даим гӀаттам лахарнашлахь латто», «рейхан Ӏедало йечу къизаллин кепаш», «хир йуй керла лоьмсойн шуре керстаналлин йа мурдаллин а, ахдинан материализман Ӏаткъамехь аьлла сацам баран хьашт». Цу къамело дӀагайтира консерватизман буржуази ачолла йолуш йуй национал-социалисташка. Гитлер кхера волавелира чухьовлхархойн а, буржуазин а бартах[3].

Йуха и барт хилира. Гестапоно хаам бира «Буссерчу европхойн оьздангалла ларйан бертан» урхалхо волчу Вернер пон Алвенслебена пон Гиндебургал тӀаьхьа рейхспрезидентан дарже вахийта билгалвира 2-чу Вилгелман кӀант — СА-ан группенпуьрар паччахьан кӀант Пруссера Август Вилгелм. ТӀеман куьйгалхоша цунна гӀо-накъосталла дийр дара аьлла хилатаро йара.

И аларца цо кхетийтира рейхсверо гӀо

даран бехкам Роьм дӀаваккхар буй.

Йуха Берлине воьдуш некъахь Гитлера тӀаьххьара сацам бира «Дехачу арсийн буьйса» йаран хьокъехь[4].

  1. Хёне, 2003, с. 105–106.
  2. Хёне, 2003, с. 107–108.
  3. Хёне, 2003, с. 108.
  4. Хёне, 2003, с. 110.