Дерриг дуьненан поэзин де

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди


Де́рриг дуьне́нан поэ́зин де21 мартехь даздо хӀора шеран Ӏида. И Ӏида кхоьллина ЮНЕСКОс (Дешаран, Ӏилманан, оьздангаллин белхан Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхоллам) 1999 шеран 15 ноябрехь, шен 30-гӀа Инарлин конференцин резолюцехь[1]. ЮНЕСКОн сацамехь билгала ма-даккхара, Ӏида кхолларан Ӏалашо — «керла импульс а, керла лерам а балар къаьмнийн, регионийн, дуьненайукъара поэтин боламашна».

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

Дуьххьара официалан Поэзин де кхоллар кховдийна 1930-гӀа шераш чекхдовлуш: 1938 шарахь америкин Огайо штатехь поэт-аьзни Уэбб Тесса Суизин дагадеина[2] Поэзин де кхайкхийра 15 октябрь — шираруман поэт Вергилий[3] вина де. 1951 шарахь и терахь къобалдира АЦШн ткъе берхӀийтта штато, ткъа кхин а Мексико[4], иза даздора Поэзин къоман де санна. Цул тӀаьхьа иза даздан долийра кхечу мехкашкахь Де́рриг дуьне́нан поэ́зин де[5] аьлла.

1998 шарахь, Мароккос кховдийна, ЮНЕСКО Инарлин Ассамблейн кхочушдаран комитето дийцира Дерриг дуьненан поэзин де даздарах лаьцна, къобал бира и болх бар тайп-тайпанчу мехкашкахь, иштта хьалхара Поэзин денош дира ЮНЕСКОс Поэзин де официалан кхайкхадале[6]. Москохахь, Парижехь, Брюсселехь санна, кхин а масех дуьненан коьрта гӀаланашках, хьалхара Поэзин де дӀадаьхьира 1999 шеран 21 мартехь, Петровкехь Пачхьалкхан литературин музейхь. Цуьнан инициатор хилира поэтин цхьаьнакхетар ДООС; программа дӀаяьхьира Кудрявицкий Анатолийс, цуо кхайкхина а, бовзийтина поэташна юкъахь бара Сапгир Генрих, Холин Игорь, Кедров Константин, Щербина Татьяна, Айзенберг Михаил, кхин а. 2000 шарахь Поэзин де даздарш хилира Таганкера театрехь; цигахь бистхилира Вознесенский Андрей, Кедров Константин, Кацюба Елена, Витухновская Алина, Любимов Юрий, кхин а. 2001 шарахь Таганкера театрехь хилла Кедровн а, «ДООСн» а мероприятица цхьаьна эшшара, дӀаяьхьира О. Г. И. клубан суьйре. Цигахь дакъа лецира Айзенберг Михаила, Гандлевский Сергейс, Ахметьев Ивана, Павлова Верас, «Вавилон»[7] альманахан автораш. 2001 шарахь дуьйна Кедровн куьйгаллийца музыкин-поэтийн программа, шина дийнан кегийрхойн поэтин фестиваль санна, ламастан хилира[8].

Поэзин дийнан Москохан программа яхъелира дийнна баттахь, и дӀакхоьхьуш яра Пачхьалкхан литературин музейс[9]. Российн кхечу гӀаланашкахь иштта тайп-тайпана акцеш дӀаяьхьира, оцу ЮНЕСКОн рузман терхьан лерина: иштта, Магнитогорскехь 2002 шеран 20-21 мартехь хилира Дерриг дуьненан поязин форум[10], ткъа Петарбухехь 2014 шарахь хилира Лермонтов Михаилан лерина марафон, цигахь актёраш, поэташ, массо а луучара а йийшира цуьнан байташ[11].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. О провозглашении 21 марта Всемирным днем поэзии. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 21 март.
  2. Tessa Sweazy Webb, Founder of Ohio Poetry Day // Historical Marker Database(ингалс.)
  3. Shereen Gertel Rutman. Let’s celebrate!: A year’s worth of holiday projects. — Troll Associates, 1992. — P. 15.(ингалс.)
  4. International Who’s Who in Poetry. — International Biographical Centre, 1977. — P. 522 ff.(ингалс.)
  5. A World Poetry Day function in Sydney, 1963(ТӀе цакхочу хьажорг) // National Archives of Australia(ингалс.)
  6. Документы 157-й сессии исполкома ЮНЕСКО
  7. Всемирный день поэзии в Москве: на Таганке — Витухновская и Борзов, в ОГИ — Гандлевский и Павлова Архивйина 2017-02-11 — Wayback Machine // Лента.ру, 21.03.2001.
  8. Ю. Идлис. Третий фестиваль молодой поэзии (Москва, 21—23 марта 2003 года) // «Новое литературное обозрение», 2003, № 62.
  9. Год литературы // «Книжное обозрение», 2015, № 3-4 (2405—2406), с. 4.
  10. Всемирный форум поэзии стартовал в Магнитогорске // «КоммерсантЪ», 20.03.2002.
  11. В День поэзии в Петербурге восемь часов будут читать Лермонтова // «Бумага», 14.03.2014.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]