Дерригдуьненан тӀаьхьалон де

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску

Иэсийн а, историн меттигийн а дуьненаюкъара де (Дерригдуьненан тӀаьхьалон де) даздо 18 апрелехь. Юкъадаьккхина 1983 шарахь ЮНЕСКОс юкъараллин дерригдуьненан оьздангаллин тӀаьхьало ларъяран а, Ӏалашъяран а белхан тӀе терго яхийта Ӏалашо йолуш кхоьллинчу, Иэсаш а, хаза меттигаш а Ӏалашъяран Дуьненаюкъара кхеташон Ассамблейс (ИКОМОС). Дуьххьара, пачхьалкхашна юкъарчу тӀегӀанехь, иэсийн а, историн меттигийн а де даздира 1984 шеран 18 апрелехь.

Дерригдуьненан тӀаьхьалон де даздаран гуран чохь дӀахьо оьздангаллин тӀаьхьало ларъяран а, Ӏалашъяран белхан конференцеш, а кхин белхаш а. Цхьайолу музейшка оцу дийнахь (иштта Дуьненаюкъара музейн де) хьажа мега чувахаран билет а доцуш, мехаза. Иштта хьовсархой хила таро ю, вукха деношкахь дукха хьолахь къевлина хуьлуш йолчу, архитектуран комплексашкахь а, историн гӀишлошкахь а[1].

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]