Демидов, Анатолий Николаевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Демидов Анатолий Николаевич
Демидов Анатолий Николаевич
Демидов А. Н. 1840 шеран сурт
Демидов Анатолий Николаевич
Сан-Донатон эла 1-ра эла
1840 шеран 20 октябрь — 1870 шеран 29 апрель
Хьалха хилларг ца хилла
Когаметтаниг Демидов, Павел Павлович

Вина терахь 1812 шеран 17 апрель({{padleft:1812|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:17|2|0}})
Кхелхина терахь 1870 шеран 29 апрель({{padleft:1870|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:29|2|0}})[1] (58 шо)
Тайпа ДемидовгӀар
Да Демидов, Николай Никитич
Нана Строганова, Елизавета Александровна
Зуда Матильда Бонапарт
Бераш дац
СовгӀаташ
RUS Imperial Order of Saint Vladimir ribbon.svg RUS Imperial Order of Saint Vladimir ribbon.svg RUS Imperial Order of Saint Stanislaus ribbon.svg
Сийлахь Аннин 2 тӀегӀанан орден
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Демидов Анатолий Николаевич (вина 1812 шеран 17 апрелехь, Флоренци, Итали — велла 1870 шеран 29 апрелехь, Париж, Франци) — оьрсийн а, французийн меценат, бакъволу статски хьехамча, дипломат, 1840 шарахь дуьйна Сан-Донатон эла. ДемидовгӀеран тайпанан векал, Демидов Николай Никитичан а, Строганова Елизавета Александровнин а жимаха волу кӀант. Шен дахаран доккхаха долчу декъехь ваьхна Европехь, наггахь бен Росси а ца вогӀуш.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Брюллов Карлан белхан сурт (1831)

Демидов Анатолий къуоналлехь арахьара гӀуллакхийн министраллехь гӀуллакхехь вара, оьрсийн вакийлатехь хьалха Парижехь, цул тӀаьхьа Римехь а, Венехь а вара. Дуккха а европахойн меттанаш бийцалора, цу тӀе оьрсийн мотт дика ца буьйцура[2].

1840 шарахь цуо Наполеон I-чун вешин, принц Наполеонан, йоӀ Бонапарт Матильда йалийра, амма доьзалера дахар йуьхьанца дуьйна нис ца делира. Демидовс Матильдин йеттарх ши версии йу. Хьалхарчу версица, цуо адам долчохь, балехь, тӀара туьйхира. ШолгӀа версица бале воьдуш новкъахь йиттира. Матильда Петарбухе императоре гӀодеха йахара. Цуо Матильдин агӀо лецира, Демидовга Матильдин хӀора шарахь 200 эзар сом такха деза аьлла тӀедожийра. Матильда де Монфоран а, Демидов Анатолийн а мах бохийра 1845 шарахь. ТӀаьхьа Матильдина кхечира императоран сийлаллин титул. Демидовс лазамца тӀеийцира иза, масийттаза гӀоьртира цунна герга ваха. ГӀертар аьттонза дара.

Демидов Италехула а, Российхула а некъбан аравелира. Флоренцехь оьрсийн векал хилла, дех, бисина боккха бахам кхаьчна, ши миллион сом цӀена шеран са йолчу, Демидов Анатолийс йиллира Флоренцехь дарин фабрика. Эчиг а, цӀеста а лалоран кхечу заводашца цхьаьна Демидовн йара Нижни-Тагилан завод, цуьнан долара кертахь карийнера башха минерал, цӀе тиллира заводан долахочун цӀарах, демидовит аьлла. Демидовн дех бисина бахаман йукъахь дара суьрташ, агарш, борзанан а кхин тайп-тайпанан мехала хӀуманаш дукха шорта, уьш чухӀитто 1833 шарахь Петарбухехь Васильевн гӀайрен тӀаьхь йан йолийра башха гӀишло.

Донецкан тӀулган кӀоранан майданахь таллам бан финансаш латтийра.

Даймахкахь ламанан гӀуллакх кхио лууш волу, Демидов Анатолис 1837 шарахь шен чоьтах кечйира къилба Росси а, ГӀирма а Ӏамо Ӏилманан экспедици. Оцу экспедицехь дакъалецира 22 стага, царна йукъахь вара масех гӀараваьлла Ӏилманча а, исбаьхьалча а, коьртехь гӀараваьлла парижан ламанан ишколан профессор Ле Пле вара. Дуьххьара Ӏилманца кечйина экспедицин жамӀашца, оццу хенахь гуш йара оьрсийн ламанан заводийн промышленностийн дика тӀаьхье, уьш Францехь зорба туьйхира чӀогӀа дика арахецна : «Voyage dans la Russie Meridionale et la Crimee par la Hongrie, la Valachie et la Moldavie, execute en 1837, sous la direction de M. Anatol de Demidoff par M. M. de Sainson, Lе-Play, Huot, Leveille, Raffet, Rousseau, de Nordmann et du Ponceau». Dedie a S. M. Nicolas I-er Empereur de toutes les Russies, Paris, 4 vol., 1840—1842 цӀе йолчу талламехь. 1854 шарахь арайелира оьрсийн меттан «1837 −1839 шерашкахь А. Н. Демидовн омарца бина Донецкан тӀулгийн кӀоранан майданан таллам» цӀе йолу арахецараллин верси[3].

Дийна Ӏаламан систематик
Демидов А. Н., 1850-гӀа шерашкахь

Ша кхерстар араделира иштта башха, масала цӀарца: «Voyage dans la Russie Meridionale et la Crimee par la Hongrie, la Valachie et la Moldavi, execute en 1837 par M. Anatol de Demidoff», Paris, 1840, illustre de 64 dessins par Raffet. И сочинени арайелира «Халкъан серлонан министраллин журналехь» (д. LXXXII № 6) оьрсийн матте йаьккхина, йуха кегийначу кепехь арайелира 1854 шарахь Парижехь шолгӀа арахецарца, гочйина италихойн (Тоrinо, 1841), полякийн (Warszawa, 1845), оьрсийн (Москох, 1853), ингалсан (London, 1853, 2 к.), немцойн (Breslau, 1854), испанхойн меттанашка. Цул сов, 1842 шарахь французийн маттахь арабелира коьрта ламанан инженеран Ле Плен Миленбос, Лаланас, Эйрос дакъалоцуш бина болх, цуьнан цӀе йара: «А. П. Демидовн омарца 1837—1839 шерашкахь бина Донецкан тӀулгакӀоранан майданан таллам». Ле Плен а, цуьнан белхалойн а и сочинени Демидовн экспедицин йукъара къинхьегаман доккхаха долу дакъа ду, цигахь гӀуллакх деш, ламанан гӀуллакх довзархо санна, дакъалаьцна графо С. Г. Строгановс, цу тӀе шен Ӏилманан сийца а, вайн дахарехь тӀулган кӀоранан промышленностан тӀаьхь-тӀаьхьа эцна маьӀница чӀогӀа мехала а. Экспедици йан дагадеинчу а, йинчу а демидовн лаамца Ле Плен жайна гочдира оьрсийн матте проф. Г. Е. Щуровскийс, арахийцира 1854 шарахь Москохахь, атласца, геологин картица, гочдархочун шуьйра тӀейаздарца, цунна чохь охьабехкина Донецкан майданера тӀулгакӀоранан гӀуллакхан тӀаьхьа хилла кхиамаш. Куньйаца Nil-Tag Демидс йукъахӀиттийна Россех лаьцна цхьа могӀа кехаташ «Journal des Debats», арахецна уьш ша-долчу жайнахь: «фр. Lettres sur l’Empire de Russie».

Демидов Анатолий волуш монархан гӀалин арахьара резиденцех тера йара: ца соццуш синкъерамаш бара, беха чоьнаш кечйинера гӀарабевллачу пхьерийн исбаьхьаллин белхашца. Балуран гӀаланех тера теплицаш а, оранжерейш а йинера. Акхарой кхобу меттиг йара лоьмаш а, цӀоькъалоьмаш а долуш.

Цунна йелира паччахьан кертарчеран сийлахь цӀе камер-юнкер (1829) а, камергер а (1855).

1840 шарахь Тосканин герцога Демидовн Сан-Донатон элин титул йелира, иза тӀаьхьа тӀечӀагӀйира Италин паччахьо. Цунна дуьхьала Флоренцехь гӀаттам болуш Демидовс Ӏаьнаркема ийцира, цунна тӀаьхь герцог кӀелхьара ваьккхира. Россехь элин титул тӀе ца чӀагйира, кхин тӀе император Николай I оьгӀазвахийтира[2].

Велла бераш доцуш Парижехь накхан чохь хьу йолуш 1870 шеран 16 апрелехь. Цуьнан бераш ца хиларна Сан-Донатон элин титул кхечира цуьнан вешийн кӀантанна Демидов Павлана.

Генеалоги[нисйе бӀаьра | нисйе]

Диканаш дар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Демидов Анатолий, шен дегара масала оьцуш, даккхийра сагӀанашна камаьрша вара: ша гӀеметтахӀоьттича сагӀийна делира 500 000 сом Петарбухахь къинхьегамхошка хьажаран цӀа дан, цунна ахча деллачун цӀе тиллира; вешийца Павел Николаевичца цхьаьна капитал делира, Петарбухахь берийн дарбанан цӀа дан; Петарбухан Ӏилманан Академехь 5 000 соьман оьрсийн маттахь йазбинчу уггаре дика кхолламанна совгӀат диллира (Демидовн совгӀат); 1853 шарахь Парижера 2 000 сом тесира Ярославлера Демидовн лицейра килс кечйан, шен дерриг арахецар а, масех кхин французийн мехала жайна а делира библиотекина, кхин а камаьрша дола дора Ӏилманчийн а, исбаьхьалчийн а; масала, гӀарадаьлла «Помпейн тӀаьхьара де» сурт йаздира Брюллов Kарла Демидов Анатолийн заказца.

Москохахь дарбанан цӀа дан делира 500 эзар сом.

ДемидовгӀеран ахчанех диллира «Николайн берийн дарбанан цӀа», цунна цуо делира шен вешийца Павел Николаевичца 200 000 сом. Императоро Николай I-чо хӀоттийра дарбанан цӀийнан Ӏуналча.

Иэс[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • А. Н. Демидовс сий деш 1856 шарахь минералого Н. Норденшёльда керлачу уралан минераланна демидовит[4] аьлла цӀе тиллира.
  • А. Н. Демидовн сийнна Нижни Тагил гӀалин уллера цӀерпоштнекъан станцин Сан-Донато цӀе тиллира.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Lundy D. R. Anatole Nikolaievich Demidoff, 1st Principe di San Donato // The Peerage (инг.)
  2. 1 2 М. Гавлин. Российские предприниматели и меценаты. — Москва: Дрофа, 2009. — С. 206. — 432 с. — ISBN 978-5-358-06161-3.
  3. М. Гавлин. Российские предприниматели и меценаты. — Москва: Дрофа, 2009. — С. 208. — 432 с. — ISBN 978-5-358-06161-3.
  4. Nordenskiöld N. G. Démidovite, nouvelle espece minérale de Nijni Taguil dans l’Oural // Bull. Soc. natur. Moscou. 1856. P. 128—132.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьалха хилларг:
титул кхоьллина
Сан-Донатон эла
1840 - 1870 шераш
Когаметтаниг:
Демидов Павел Павлович Сан-Донатон 2-гӀа Эла