Чулацаман тӀегӀо

Дейир (шахӀрестан)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ШахӀрестан
Дейир шахӀрестан
гӀаж. شهرستان دَیِّر
28°01′00″ къ. ш. 51°42′00″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Иран
Йукъайоду Бушер
Адм. центр Бендер-Дейир
Истори а, географи а
Сахьтан аса UTC+3:30
Йаккхий гӀаланаш Бендер-Дейир, Абдан, Борд Хун, Бардестан, ДоврахӀак
Бахархой
Бахархой 60 612 стаг (2016)
Дейир шахӀрестан картин тӀехь
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш


Дейир шахӀрестан (гӀаж. شهرستان دَیِّر)[lower-alpha 1]Иранан Бушер провинцин административан дакъа (шахӀрестан) йу. Административан центр — Бендер-Дейир гӀала йу[1].

Цхьаболчу историкаш дийцарехь, Дейир цӀе тиллина цигахь хиллачу жуьгтийн синагоган сийдина. «Дейир» боху дош жуьгтийн маттара (דייر) схьадаьлла хила мега, цуьнан маьӀна «вахархо» бохург ду.

2010 шарахь Бардестан йуьртана гӀалин статус йелира[2]. 2012 шарахь ДоврахӀак йуьртана а гӀалин статус йелира[3]. 2013 шарахь Абдан бахш кхоьллира, цуьнан йукъайахара Абдан гӀала а, керла кхоьллина Сар Мастан йуьртан гуо а[4].

Къаьмнийн хӀоттам а, мотт а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Дейир шахӀрестанехь коьрта къаьмнаш гӀажарий а, Ӏарбий а ду. Бахархой буьйцуш бу гӀажарийн меттан меттигера меттадакъош. Хьалха жуьгтий а бехаш хилла кхузахь, амма СефевигӀаран заманахь дукхахберш бусулба дине бевлира. ТӀаьххьара жуьгтий кхузара дӀабахара 1979 шарахь.

Бахархойн дукхалла

[бӀаьра нисйан | нисйан]

2016 шеран халкъан ларарца шахӀрестанан бахархойн дукхалла хилира 60 612 стаг (16 403 доьзал)[5].

Административан йекъайалар

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Дейир шахӀрестанан бахархой
Административан дакъош200620112016
Йукъара бахш39 11942 76540 970
Хьуме ЙГӀ12 9398 6212 963
Овли ЙГӀ1 960
Бендер-Дейир (гӀала)18 45420 15724 083
Бардестан (гӀала)6 0787 112
ДоврахӀак (гӀала)4 852
Абдан бахш8 529
Абдан ЙГӀ1 6681 698954
Сар Мастан ЙГӀ748
Абдан (гӀала)6 0586 2116 827
Борд Хун бахш9 3699 75811 113
Абкош ЙГӀ3 9544 2224 352
Борд Хун ЙГӀ1 1151 1601 428
Борд Хун (гӀала)4 3004 3765 333
Йерриге48 48852 52360 612
ЙГӀ — Йуьртан гуо

Лаьцна хаам

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ШахӀрестанан майда 2261 км² йу. Иза лаьтта Персин айманан йистехь. Климат йовха а, йекъа а йу, аьхка температура 47 °C тӀе кхаччол йовха хуьлу. Кхузахь йуккъера мелхан хьосташ а, Монд эрк а ду.

Кхузахь кхиадо кӀа, помидораш, хьаьжкӀаш. Бахархойн коьрта болх чӀара лацар а ду.

Литературехь

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Джон Гордон Лоример шен «Gazetteer of the Persian Gulf» балхахь йаздина, Дейир тӀулгах йина хӀусамаш йолуш а, гӀалан бӀов йолуш а меттиг йу аьлла. Цу заманахь бахархойн дукхалла 5 500 стаг хилла.

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Комментареш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Иштта романизаци йеш йаздо Dayyer County

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Habibi, Hassan Approval of the organization and the hierarchy of citizenship of the elements and units of the national divisions of Bushehr province (гӀажар.). Ministry of the Interior (1990).
  2. Rahimi, Mohammad Reza Approval letter on transforming Bardestan village into a city (гӀажар.). Ministry of the Interior (2010).
  3. Rahimi, Mohammad Reza Approval regarding national divisions in Bushehr province (гӀажар.). Ministry of the Interior (2012).
  4. Rahimi, Mohammad Reza Divisional reforms in Bushehr province (гӀажар.). Ministry of the Interior (2013).
  5. General Population and Housing Census 2016: Bushehr Province (гӀажар.). Statistical Centre of Iran.

Кеп:Бушер провинци Кеп:Дейир шахӀрестан