Деза Са доссаран сийнна килс (Минск)
Арахьара хатӀ
Сийлахь меттиг | |
Деза Са доссаран сийнна килс | |
---|---|
![]() | |
53°54′18″ къ. ш. 27°33′22″ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | |
Лаьтта меттиг | Минск |
Дин | Белорусский экзархат |
Епархи | Минскан епархи |
Архитектурин хатӀ | архитектура барокко, Сарматское барокко |
Йиллина терахь | 1642 |
ГӀирс | Кибарчиг |
![]() |
Делан Са доссаран сийнна кафедралан зиярт (белорусийн маттахь Сабор Сашэсця Святога Духа)- Оьрсийн Ортодоксан Килсан чуйогӀуш йолу Белорусийн экзархатан коьрта килс ю.
Хьалхалерачу заманахь бернардийн монастыран костёл яра кхузахь. Минскан Лакхара гӀала олучу кӀоштан хӀолламах цхьаъ ю.
Кхузаманахь Дезачу-Синан килс Минскан коьрта ортодоксийн кафедралан зиярт ду. Иконостасехь москван академин ишколера сарташ ду. Царах уггаре деза лоруш ду Делан Ненан Ӏаламаташ деш долу цӀу. Иза Минскан бахархоша эцна 1500-чу шарахь. Цунах Минскан Делан Ненан цӀу олу. Иштта килс чохь Слуцкая Анастасин беран йоӀан Слуцкая Софин дахкадалаза декъий ду.