ДегӀастанан футболан истори

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

ДегӀастанан футболан истори йолаелла 1920-гӀа шерашна юькъан юьххехь. ДегӀастанан клубаш дакъалоцу республикан кедехь а, чемпионатехь а, ткъа цхьацца командаш — Российн чемпионатехь (хьалха — ССРС чемпионатехь)[1].

Футбол тӀемал хьалхарчу заманахь кхиар (1920—1930-гӀа шерашкахь)[нисъе бӀаьра | нисъе]

1927 шарахь кхоьллира дуьххьарлера спортан юкъаралла — «Динамо». Цул тӀаьхьа шо даьлча йира стадион, цунна тӀаьхь дӀахьора оцу юкъараллин матчаш. «Динамо» ехачу заманахь, 70 шо гергга, лаьттира ДегӀастанан футболан флагман[2] (футболан дуьненахь «Анжи» юкъаяллалц).

1930-гӀа шерашна юккъера дуьйна гӀиртира ДегӀастанан АССР чемпионаташ а, Кедаш ловзор а дӀадахьа. Дуьххьарлера чемпионат а, Кад ловзор а дӀадаьхьира 1936 шарахь. Дуьххьарлера дегӀастанан чемпионаш хилира ХӀинжа-ГӀалара «Темпан» футболисташ. Цул тӀаьхьа 4-за тӀаьхьий хьалхий толам базбира ХӀинжа-ГӀалара «Динамон» футболисташ.

ДегӀастанан футбол тӀемал тӀаьхьарчу муьрехь (1940—1980-гӀа шерашкахь)[нисъе бӀаьра | нисъе]

ТӀом болучу хенахь и турнираш ца хилира, карла ехира 1946 шарахь.

ТӀом чекхбаьлча (1946 шарахь) ХӀинжа-ГӀалара «Динамос» яьккхира ДегӀастанан пхоьалгӀа а титул. 1947 шарахь туьйлира капитан Шмуничевн команда (ХӀинжа-ГӀала). Цул тӀаьхьа — юха а туьйлира ХӀинжа-ГӀалара командаш: «Старт» а (1948—1950-гӀа шераш), «Звезда» а (1951 шо).

Республикан хьалхе къовсаран дуьххьарлера коьрта гӀалара йоцу тоьлла команда хилира Шури-ГӀалара «Пищевик» (1952 шарахь). 1953 а, 1954 а шерашкахь ДегӀастанан чемпионатан дешийн мидалш ехира юха а «Динамос», иза ворхӀазза ДегӀастанан чемпионаш хилира.

1955 шарахь тӀекхечира рагӀ футболех ловзаран коьрта республикан турнирехь чемпион хила дербентан командан. ХӀинжа-ГӀалара командаш юха хьалха хилира 1956 шарахь (ХӀинжа-ГӀалан гулйина команда), 1957 шарахь («Динамо» — 8-гӀа титул). Дербентан консервийн комбинатан команда туьйлира 1958 шарахь. Кхин дӀа дербентхой ца туьйлира ДегӀастанан чемпионатехь цкъа бен — 1961 шарахь («Урожай»).

1960 шарахь кхин цхьа гӀала а хилира чемпионийн даймохк («Труд» Каспийск). 1962 шарахь дуьйна толаман сери хилира оццу «Трудан», 13 толам (1962—1965, 1970—1972, 1974—1977), цунах 14-за республикан чемпион хилира. Шина коьрта гӀалан командаша кӀеззиг йохийра «Трудан» статистика, 1966 шарахь туьйлира «Дагэлектромаш», ткъа 1973 шарахь - «Луч».

Шури-гӀалара «Булатан» цхьан а тӀаьхьа ца кхиавелира 1978 шарахь. ШолгӀа оцу командо толам ца баьккхира 15 шо даьлча бен — 1993 шарахь. Цул тӀаьхьа, цкъа бен ца туьйлира оцу гӀалан команда — 2001 шарахь (СКА-Темир-Хан-Шура).

Каспийскан кхин команда («Заря») иштта аьттонца левзира 4-зза чемпион хуьлуш тӀаьхьий хьалхий (1979—1982 шерашкахь).

ДегӀастанан чемпионаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

ДегӀастанан клубийн ССРС а, Российн а чемпионаташкара статистика[нисъе бӀаьра | нисъе]

Тайп-тайпанчу хенашкахь тайп-тайпанчу союзан а, российн а лигашкахь левзина ДегӀасра 11 команда. Профессионалан (говзанчийн командаш) тӀегӀанехь: ХӀинжа-ГӀалан «Динамо»[46] (1946 шарахь дуьйна), «Анжи»[47] (1992 шарахь дуьйна), каспийскан «Анжи-Хазар»[48] (1949 шарахь дуьйна), «Дагдизель»[49] (2003 шарахь дуьйна), «Дербент»[50] (1966—1970 а, 1992—1996 а шерашкахь). Езархойн хьалхеяккхарехь (КФК/ЕФЛ): Кизилюртан «Автомобилист» (1991, 1994), «Хасавюрт»[51] (2003), Избербашан «Каякент»[52] (2002—2003), Шури-ГӀалара СКА-«Темирхан‑Шура»[53] (2002), Карабудахкентан «Газпром-Бекенез»[54] (2002—2004), магарамкентан «Леки»[55] (2008—2009).

ДегӀастанан футболан керла истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

2011 шеран январехь дуьйна Керимов Сулейман вара ХӀинжа-ГӀаларчу футболан клубан «Анжин» долахо. Иза волуш клубо оьцу иштта гӀарабевлла ловзархой, масала Прудников АлександрСпартак» Москох), Юрий ЖирковЧелси» Лондон), ткъа кхин а: бразилин турсло Роберто Карлос а, камерунан тӀелатархо ЭтоӀо. Нидерландашкара ПСВ юкъара веира мажар Балаж Джуджак, узбекийн футболан флагмано «Пахтакоро» велира шайн лидер Ахмедов Одил, ткъа коьрта эцар дира 2011 шеран август чекхболуш Миланан «Интернационалера» камерунан суперфорвард Самуэль ЭтоӀо. Каспий-ХӀордан бердашца ян йолийна ши футболан база, футболан клубан хьашташна.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Союз федераций футбола ЮФО. footballufo.ru. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 12 августехь. Теллина 2012 шеран 10 январехь.
  2. История футбола
  3. Дагестанская правда. 30 октября 1966.
  4. Комсомолец Дагестана. 21 сентября 1967.
  5. Дагестанская правда. 19 ноября 1968.
  6. Комсомолец Дагестана. 3 декабря 1974.
  7. Дагестанская правда. 8 июля 1976.
  8. Дагестанская правда. 8 июля 1978.
  9. Комсомолец Дагестана. 1 ноября 1979.
  10. Комсомолец Дагестана. 27 ноября 1980.
  11. Дагестанская правда. 17 мая 1980.
  12. Дагестанская правда. 18 декабря 1984.
  13. Дагестанская правда. 15 августа 1985.
  14. Комсомолец Дагестана. 18 января 1991.
  15. Дагестанская правда. 17 июля 1990.
  16. Новое дело. 31 января 1992.
  17. Дагестанская правда. 30 мая 1991.
  18. История Кубка
  19. Дагестанская правда. 18 июня 1993.
  20. Новое дело. 13 мая 1994.
  21. Новое дело. 13 мая 1995.
  22. Новое дело. 14 июля 1996.
  23. Новое дело. 31 октября 1997.
  24. Новое дело. 16 мая 1997.
  25. Новое дело. 3 июля 1998.
  26. Дагестанская правда. 18 июня 1999.
  27. Р. Гасандибиров — автор хет-трика
  28. Новое дело. 13 июля 2001.
  29. история региональных чемпионатов России по футболу - республика Дагестан
  30. «Автомобилист»(ТӀе цакхочу хьажорг)
  31. Шури-ГӀала завоевал Кубок Дагестана по футболу(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2010 шеран 22 августехь. Теллина 2011 шеран 5 декабрехь.
  32. Чемпионат республики Дагестан по футболу. Высшая лига Архиван копи 27 апрелехь 2012 дуьйна Wayback Machine тӀехь
  33. Чемпионат Дагестана по футболу-2011(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 5 мартехь. Теллина 2012 шеран 6 июнехь.
  34. 1 2 Хасавюртовский «Спартак» стал обладателем Кубка Дагестана по футболу
  35. Завершился чемпионат Дагестана по футболу 2011-2012...
  36. Чемпионат Дагестана-2013
  37. Кубок 2013 года уезжает в Новый Костек!
  38. 1 2 Чемпионат Дагестана-2014
  39. Команда «Леки» стала чемпионом Дагестана по футболу
  40. Команда «Леки» стала обладателем кубка Дагестана по футболу
  41. ФК «Леки» стал пятикратным чемпионом Дагестана
  42. Махачкалинский "Легион" -обладатель Кубка Дагестана 2016 года по футболу!
  43. Каспийское УОР «Дагестан» завоевало Кубок республики по футболу
  44. ФК «Хаси-Эвл» завоевал Кубок Дагестана по футболу
  45. «Дагдизель-УОР» выиграл Кубок Дагестана по футболу
  46. История клуба «Динамо» на сайте КЛИСФ(ТӀе цакхочу хьажорг)
  47. История клуба «Анжи» на сайте КЛИСФ(ТӀе цакхочу хьажорг)
  48. История клуба «Анжи-Бекенез» на сайте КЛИСФ(ТӀе цакхочу хьажорг)
  49. История клуба «Дагдизель» на сайте КЛИСФ(ТӀе цакхочу хьажорг)
  50. История клуба «Дербент» на сайте КЛИСФ Архиван копи 29 сентябрехь 2007 дуьйна Wayback Machine тӀехь
  51. История клуба «Хасавюрт» на сайте КЛИСФ(ТӀе цакхочу хьажорг)
  52. История клуба «Каякент» на сайте КЛИСФ(ТӀе цакхочу хьажорг)
  53. История клуба СКА-«Темирхан‑Шура» на сайте КЛИСФ(ТӀе цакхочу хьажорг)
  54. История клуба «Газпром-Бекенез» на сайте КЛИСФ(ТӀе цакхочу хьажорг)
  55. История клуба «Леки» на сайте КЛИСФ(ТӀе цакхочу хьажорг)

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]