ДегӀастанан пачхьалкхан хьехархойн университет

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
ДегӀастанан пачхьалкхан хьехархойн университет
(ЛД ФПБДКх ВО ДПХьУ)
250px
Дацдар ЛД ФПБДКх ВО ДПХьУ
Халкъашна юккъера цӀе Dagestan State Pedagogical University
Хьалхара цӀе ДегӀастанан пачхьалкхан хьехархойн институт
Кхоьллина шо 1917, 1931
Тайпа Пачхьалкхан
Ректор П.Я. Федотова
Лаьтта меттиг РоссиFlag of Russia.svg Росси, ХӀинжа-ГӀала
Юридически адрес 367003, Республика ДегӀаста, ХӀинжа-ГӀала, Мухьаммад ЯрагӀин ур., 57-гӀа цӀа
Сайт http://dgpu.net/

Де́гӀастанан пачхьа́лкхан хье́хархойн университе́т (ДПХьУ) — ХӀинжа-ГӀалара лакхара дешаран меттиг, ДегӀастанан яккхийчарех университет.

Университет кхоьллина 1917 шеран 12 ноябрехь; метахӀоттийна 1931 шарахь.

Студентийн барам 15 эзар сов стаг. Университетан 1 филиал ю республикехь — Дербент гӀалахь. ЛДМ структурехь ю 5 институт, 15 факультет, 70 кафедра, 2 лдмашна юкъара центр, 42 говзаллин аспирантура, 5 Ӏилманан лаборатори, 4 говзаллица диссертацин кхеташо.

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

ДАССР Лакхара Кхеташонан Президиуман 1951 шеран 31 июлехь арадаьллачу омарца, ДегӀастанан зударийн хьехархойн институтан ДегӀастанан халкъан поэтан Г. Цадасин цӀе елла.

ДАССР ХККх 1954 шеран 4 августан № 285 йолу сацамца ДегӀастанан зударийн хьехархойн институтах йо ДегӀастанан пачхьалкхан зударийн хьехархойн институт.

1964 шарахь зударийн хьехархойн институтах йира ДегӀастанан пачхьалкхан хьехархойн институт[1], ткъа 1994 шарахь ДегӀастанан пачхьалкхан хьехархойн университет[2].

1972 шарахь хьехархойн институтан елла РСФСР Лакхара Кхеташонан сийлахь грамота, серладахарехь лакхара кхиамашна а, хьехархойн ламасташ дуккха шарашкахь кхиорна а Юбилейн «50 шо ССРС» мидал а.

Российн дешаран а, Ӏилманан а министро Фурсенко Андрейс «100 къам» журналехь ДегӀастанан пачхьалкхан хьехархойн институт цӀе яьккхира ерриг КъФГхь студентийн барамца шолгӀа ю аьлла.[3]

2008 шарахь университетан совгӀат дина Сийлахь Грамотица Ерригроссий къоман « Российн 100 дика лдм» регистр чу а йоккхуш[4].

Университето кечбо 34 говзаллица диплом долу говзанчаш, 9 агӀонан бакалавраш, 4 агӀонан магистраш.

Университето арахецна студентех тӀаьхьа гӀарабевлларш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Постановление Совета Министров РСФСР № 1467 от 30 декабря 1963 г.
  2. *Распоряжение Правительства Российской Федерации № 1691-Р от 11 сентября 1992 г.
    • Приказ Государственного комитета РФ по высшему образованию № 699 от 12 июля 1994 г.
    • Приказ Министерства образования РФ № 200 от 27 июля 1994 г.
  3. Дагестанский государственный педагогический университет - обзор и отзывы. edunews.ru. Теллина 2019 шеран 19 майхь.
  4. ДГПУ, Дагестанский государственный педагогический университет | Каталог вузов 2019 | портал Образование в России. Russiaedu. Теллина 2019 шеран 19 майхь.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]