ДегӀастанан пачхьалкхан медицинин университет

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
ДегӀастанан пачхьалкхан медицинин университет
(ДПМУ)
ДагГосМедАкадемия.jpg
Дацдар ДПМУ
Халкъашна юккъера цӀе Dagestan State Medical University
Хьалхара цӀе ДегӀастанан пачхьалкхан медицинин академи
ДегӀастанан пачхьалкхан медицинин институт
Кхоьллина шо 1932
Ректор проф., м.Ӏ.д. Маммаев Сулейман Нураттинович
Лаьтта меттиг РоссиFlag of Russia.svg Росси: ХӀинжа-ГӀала
Юридически адрес 367012, Республика ДегӀаста, ХӀинжа-ГӀала, Ленинан майда, 1
Сайт http://www.dgmu.ru
СовгӀаташ Халкъийн доттагӀаллин орден

Де́гӀастанан пачхьа́лкхан медици́нин университе́тмедицинин а, фармацевтикин а областера говзанчаш кечбен ХӀинжа-ГӀалара лакхара дешаран меттиг.

Университетехь Ӏамош ву 5 эзар сов студент, царна юкъахь бу 28 дуьненан мехкашкара 240 сов дозанал арахьара гражданин.[1]

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Йиллина 1932 шарахь ДегӀастанан пачхьалкхан медицинин институт аьлла, юьхьанца цхьа факультет бен яцара – дарбанан.

Хьалхарчу шерашкахь лакхара дешаран меттигехь болх бира гӀарабевлла Ӏилманчаш профессораш О.А. Байрашевский, М.С. Доброхотов, А.В. Россов, В.А. Чудносоветов, Ф.Р. Бородулин, А.Г. Подварко, Г.П. Руднев, кхин а.

1937 шарахь арахийцира институтера Серенко Александр Федорович.

1964 шарахь дӀадиллира дарбанан факультетан суьйренан дакъа, 1965 шарахь дӀайиллира стоматологин факультет, 1969 шарахь — педиатрин факультет, 1974 шарахь – кечаман дакъа, 1983 шарахь – лоьрийн говзалла тояран факультет, 1986 шарахь — кхечу мехкара гражданашна кечаман факультет, 1987 шарахь — кхечу мехкийн гражданашца болхбаран факультет, 1991 шарахь — Центран Ӏилманан-талламан лаборатори, 1994 шарахь кхоьллира докторийн а, кандидатийн а диссертацеш къобалдаран говзаллин кхеташо[2].

1976 шарахь институтах хилира хьалхара категорин лакхара дешаран меттиг. 1982 шарахь лакхара дешаран меттиган совгӀат дира Халкъийн доттагӀаллин орденца[3].

1995 шарахь елира академин статус, ткъа 2016 шарахь — университетан статус.

Берриш арахецна 27 эзар сов лор[4].

ДПМУ болх беш ву 700 сов хьехархо, царна юкъахь Республика ДегӀастанан Къоман Ӏилманийн академин академикаш вежрий ГаджимирзаевгӀар Хьаьджимурад а, Хьаьджимирза (велла 2011 шарахь), РЛ КъӀА академик Омаров Шамиль, 116 Ӏилманийн доктор, 66 профессор, 418 Ӏилманийн кандидат, 179 доцент[5].

Структура[нисъе бӀаьра | нисъе]

Факультеташ (5)

  • Дарбанан
  • Педиатрин
  • Стоматологин
  • Медикан-профилактикин
  • Фармацевтин

ЮкъайогӀу 75 кафедра.

Кхин а: ламанан мехкийн адаман экологин ӀТИ, консультативан-диагностикин поликлиника, медицинин колледж, университетера арахецнарш балха дӀанисбаран центр, хаамийн-лараран дакъа, техника латторан центр, аналитикин дакъа, Интермаша-центр, Ӏилманан медицинин библиотека, спортан комплекс, арахецаран-полиграфин центр[4].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Медуниверситет ДегӀастаа договорился о сотрудничестве с вузами Азербайджана (оьр.). Рамблер/новости. Теллина 2019 шеран 19 майхь.
  2. Университет врачебного искусства. Dagpravda.ru (2017, 17 октябрь). Теллина 2019 шеран 19 майхь.
  3. Архивированная копия(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2017 шеран 3 августехь. Теллина 2017 шеран 2 августехь.
  4. 1 2 Архивированная копия(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2017 шеран 21 январехь. Теллина 2017 шеран 15 январехь.
  5. Дагестанский государственный медицинский университет. . Контингент преподавателей(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). www.edu.ru. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 29 августехь. Теллина 2019 шеран 19 майхь.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]