Дегаорам

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Дегаорам
Valeriana officinalis2.jpg
Дегаорам, кхуьучу ораматан кеп.
Ӏилманан классификаци
Дуьненаюкъара Ӏилманан цӀе

Valeriana L. (1753)

Синонимаш
Тайпанкеп

Дегаорам (лат. Valeriána), (оьрс. Валерьяна) — Берзан цӀазамаш (Caprifoliaceae) доьзалера, Дегаорамаш (Valerianoideae)[1] бухара доьзалан бецан ораматийн дукха шерийн тайпа, царна юкъайогӀу ши бӀе сов кеп. Латинан тайпан цӀе схьаяьлла лат. valereмогуш хила дашах. Иза дуьххьала хьахийна италин ботаникан Сильватико Маттеон жайнахь (1285—1342).

Уггаре евза кепДарбане дегаорам (Valeriana officinalis L.), шуьйра лелабо дарбане гӀирс санна.

Ботаникан сурт дийцар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ораман бохалла 2—4 см, диаметр 2 см, дуккха а тӀийрагаш санна кегийра 20 см деха а, 1—4 мм диаметрехь а долу орамашца. Ораман шен тайпа хьожа ю.

ГӀад нийса лаьтта, хершнаш долуш, цилиндран, лакхарчу декъехь геннашца, локхалла 2 м гергга.

ГӀаш дуьхь-дуьхьар, кепаца а, декъаран тӀегӀанца а тайп-тайпана. Лахара гӀаш дечиг тӀехь, лакхарнаш — тӀехевшина.

Зезагаш кегийра, хаза хьожа йогӀуш, бос кӀайчун тӀиера таьӀна-ровзанан тӀекхаччалц, гулдина хьесийн кепара я кенан кепара зазане.

ХӀу — сирла-боьра я мокха дахделла-хӀоакепара кӀужалца болу буьртиг. 1000 буьртиган йозаллин барам 0,4—0,6 г.

Кхуьу майра августе кхаччалц, хӀу кхуьу июлехь — сентябрехь.

Кхуьу меттигаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Кхуьу Европехь, Азин юккъерачу а, къилбаседа дакъошкахь, Къилбаседа а, Къилба а Америкехь. Россехь акхачу кепара кхуьу массанхьа а, Йисттера Къилбаседа а, Юккъера Азин гӀум-аренийн кӀошташкахь доцург. Дегаорам кхуьу ломан басешкахь, хин бердашца, хи тӀедолу а, уьшалаш долу а меттигашкахь, хьуьнан йистехь. Дукха хьолахь даккхий къухаш довлу, уьш леладо орамаш кечдеш.

Культиваци йо Российн юккъерачу асанехь а, къилба кӀошташкахь а.

Биологин башхаллаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Кхуьу майра август кхаччалц. ХӀуш кхуьу июнехь — сентябрехь. Дарбанен дегаорам лаьтта шайна юкъахь морфолиган билгалонашца а, кхиаран меттигашца а къаьстачу масех бухарчу кепех а. Иза дика муьлххачу гуонахьарчу хьолехь, муьлххачу латтан тӀехь а, температуран хьолашкахь а кхуьу. ТӀуналлаеза культура хиларе терра, дика кхуьу сов тӀуьначу латташ тӀехь. ГӀоле хета дайн механикан хӀоттам болу Ӏаьржа латта, ткъа иштта структуран дайн сацкъар-гӀум а, гӀум-латта а. Дика кхуьу лакъийначу а, культивации йиначу торфан уьшалца.

Дебар а, агротехника а. Деба хӀушца. ДӀадуьй чутаьӀначу меттигехь гуьйренан ялташ хьаькначул тӀаьхьа я яккъашца доьн ялташна тӀаьхьа (кертахь тӀуьночу меттиге юьй).

Латта кечдо самсадоккхий бухара ялта дӀадаьккхича, 25- 27 см кӀорга охана деш (байн-кӀоран латтанаш тӀехь гумусан чкъоьра тӀекхаччалц). бӀаьста аренашна мекха доккхий культиваци йо. Коьрта охана далее кхаьлли юхку — 30-40 т/га, суперфосфат — 200—300 кг/га, азотан а, калийн а туьха — 150—200 кг/га хӀора а. ДӀадиелие латта охьатаӀадо. ДӀа Ӏаьн кӀела дуьй, я бӀаьстенан юьххьехь а, аьхка а могӀнийн яккъаш 45-70 см шуьйра юьту. ХӀу дӀадеран барам (кг/га): Ӏаьн кӀела дуьйш — 9-10, бӀаьста а, аьхка а — 7-8. ХӀу дуьй 1-2 см кӀорге.

ТӀехь банбеза болх: асар дӀадаккхар, латта самсадаккхар, туьха а, кхаьлли а тохар, зуламен садолу хӀуманашца а, цамгаршца а тӀом латтор. Алсама орамаш довлийтархьама шина шеран хаснаш тӀехь зезагаш ца довлуьйту.

Талхабо дегаораман мекхашхочо, можа деган нӀаьно, кхоьшан мизано, хӀаллакбо мекхалло а деман тхино а.

Ялта гулдар а, аьргалла Ӏалашъяр а. Дегаораман орамаш схьалахьабо сентябрехь — октябрехь дӀабийначу шолгӀачу шарахь. Аьхкина орамаш латах цӀандо, гӀаш дӀадоху, дика дуьлу хица. ТӀаккха ӀиндагӀехь Ӏовдадолуьйту, дакъадо леррина дакъо йинчу чохь 40 °C температура сов ца йолуьйтуш. Цул тӀаьхьа орамаш кепа туху, латтадо екъачу а, дика мох кхетачу а чохь. Гектар майдан тӀиера 2,5 тонн орамаш довлу.

Дегаорам хӀун гулбо бийначул кхо шо тӀаьхьа. Гектар тӀиера 200 кг хӀу гулдо.

Лелабар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Даарехь а, маларехь а лелабар[нисъе бӀаьра | нисъе]

АЦШ дегаорам эссенцеш, ликёраш, настойкаш еш лелабо. Ароматизаторан меттана иза туху гаванан цигаьркан а, туркойн тонкан а.

Чам бийриг санна, дегаорам лелабо дукхаха дерг европан маьхкашкахь. Ингалсехь керла гӀаш туху хастоьмийн берамах. Наггахь цунах кечбо чӀерах дааршна берам-гарнир.

Дарбанан хьолаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Дегаорам медицинехь седативан гӀирс санна лелабо. Дегаораман терапевтиин Ӏаткъам бихкина бу цунна чохь долу хӀуманийн комплексех, уггаре хьалха эфиран даьттанах а, алкалоидех а. Орамашкахь эфиран даьттан барам 2 % кхочу. Даьттан коьрта дакъа: борнил-изовалерат, дегаораман мусталла, борнеол, камфен, α-пинен, лимонен, кхин а.

Дегаораман препараташ лелайо дукхах йолчу пачхьалкхашкахь сапаргӀатдоккху гӀирс санна наб ярехь, нервийн карзахваларехь, дегапхенийн системан неврозан пхенаш тӀехабарехь, тахикардехь, ткъа иштта эпилепсехь, са лецар, мигренехь, Хьеран-йоьхьийн некъ тӀехабарехь, нейродермитан дарба дарехь. Наггахь дегаорам лелабо бром препараташца, деган, кхечу а гӀирсашца цхьаьна. Дегаорам юкъабогӀу зеленинан тӀадамашна, валокординан, кардиоваленан, кхечу комплексан препараташна, ткъа иштта дарбанан бецашна; эфиран даьтта ду коьртачех цхьа дакъа корвалолан (терачу препаратийн).

Дегаорам лелабо настойка, басар, чорпа, экстракт, хӀур кепара. Профессоран В. И. Ищенкон белхаш гайтина, дийна кегийра аьтта ораматийн аьргаллех дина молхан буьртигаш 2,5-за гӀоле хилар, дегаораман ораман экстрактех дина молхан буьртигел[2].

Кепаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

The Plant List терахьийн базан хаамашца, тайпанан юкъайогӀу 289 кеп[3]. Царех цхьаерш кхуьу Нохчийчохь, Российн мехкашкахь гергарчу мехкашкахь а:

The Plant List терахьийн базан хаамашках Аянан дегаорам (Valeriana ajanensis Kom.) кепан билгала статус яц[4].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Валериана // Малый энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 4 томах. — СПб., 1907—1909.
  2. Хишова О. М., Ищенко В. И., Кугач В. В. Разработка состава и технологии таблеток корневищ с корнями валерианы. Достижения медицинской науки Беларуси. НИО РНМБ (1998). Теллина 2013 шеран 21 октябрехь.
  3. Valeriana (ингалс.). The Plant List. Version 1.1. (2013). Теллина 2016 шеран 23 сентябрехь.
  4. Valeriana ajanensis (ингалс.). The Plant List. Version 1.1. (2013). Теллина 2016 шеран 23 сентябрехь.

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Герценштейн Г. М., Траншель В. А. Валериана // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907. Проверено 11 февраля 2009 г.
  • Горбунов Ю. Н. Валерианы флоры России и сопредельных государств: Морфология, систематика, перспективы использования / Под ред. Б.Н. Головкина. — М.: Наука, 2002. — 207 с. — ISBN 5-02-006414-9

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Викитекин логотип
Викитекехь ду  йозанаш
Valeriana темин

Кеп:Wiktionary-inline