Чулацаман тӀегӀо

Даьтта доккху баӀ

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Даьтта доккху баӀ
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Carthamus tinctorius L.

Даьтта доккху баӀ[1] (лат. Cárthamus tinctórius[2]), (оьрс. Софлор) — цхьаьна шеран орамат; Седа-зезагийн я Чолхезезагийн доьзалера Сафлор тайпана кеп. Шира даьттан а, басаран а культура (Шира Мисрахь лелош хилла бехчалгаш басар еш муми ечу хенахь)[3].

Ботаникан сурт

[бӀаьра нисйан | нисйан]
О. В. Томен жайнин тӀиера ботаникан сурт
Flora von Deutschland, Österreich und der Schweiz, 1885.

Локхалла 0,4—1,5 м йолу цхьаьна шеран, наггахь шина шеран орамат.

ГӀад нийса, геннашца, кӀаййуо къаьгна.

ГӀаш деха-ланцетан, рогӀехь лаьтташ, даккхий, йист дийна йолуш, гӀеххьа хевшина, йисттехула гӀеххьа кӀохцалш долуш.

Зезагаш турбакепара, пхиъ дакъа долуш, цӀие, можа, цӀехо-можа. Зазатускар.

ХӀу — кӀай, дерзина, къега буьртиг, овалан-беасенан кеп гӀийла агӀонашкахь аратаьӀна сенашца.

Химин хӀоттам

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Зезагаш чохь карийна халконан гликозидаш: картамин, изокартамин, картамидин-5-гликозид, 7-гликозид лютеолина.

Даьтта доккху баьӀшан хӀушца ду 60 %[4] (кхечу хаамашца, 25—37 %[3]) ах дакъалуш долу хьена даьтта.

Кхуьу акха (асар) а, буьйш а лелабо.

Кхуьу, лелабо Мисрахь, Испанехь, Цийхь, АЦШ, Къилба Америкехь, Африкехь. ССРС хиллачу махкахь кхуьу Кавказехь, Туркменехь, Курскан, Харьковн, Полтаван, Херсонан областийн цхьацца меттигашкахула, ГӀирмахь.

Даьтта доккху баьӀан дакъийна жаз — картамин даккха аьргалла ю
ХӀуш

Даьтта доккху баьӀийн мотт кепара зезагаш леладо зуламе доцу можа, цӀие, шафранан басарш дан, царна юкъахь ду юурган промышленностехь лелориш а, масала, карамель еш.

Даьтта доккху баьӀийн жазца ду шиъ коьрта басаран пигменташ — можа а, цӀиен а беса.

Можа пигмент — сафлоргель — лору кӀезиг мехала, дукха хьолахь дӀайоккху жазан массан хи а кхорзуш. Даьтта доккху баьӀийн цӀиен хӀума — картамин — хи чохь хала еша. Эфир юкъахь картамин яшне а ца еша, амма атта еша спирт а, щелочаш (нашатыран спирт чохь) а чохь. Цул сов, ду кхин а цхьа могӀа пигменташ оццу бесийн.

Даьтта доккху баӀ лелабо даьттан культура санна, даьтта леладо маргарин беш.

Даьтта доккху баьӀийн зезагаш леладо зезагийн чай деш.

Медицинехь — леладо чоьна хуьлийта, хӀатӀдолийта, симбоккху гӀирс санна.

Косметологехь

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Басаран даьтта доккху баӀан сурсатех косметологехь чӀогӀа мехала лору даьтта доккху баӀан даьтта. Цуьнца алсама ду организмехь синтез ца хуьлу линолийн мусталла (80 % гергга). Линолийн мусталла цӀийн пхенашна саттаралла ло, организман белхан ладаме процессаш нисйо, тӀуналлин эффект ю, горге дегӀах дулу.

Басаран даьтта доккху баӀан даьттано дегӀан чкъор кӀаддо, тодо, цунна дааран аткъам бо, тойо клеткийн функци, цӀий лелар, шелонан дуьхьало йо, лакхара тӀуналла латтаяран а, и нисъяран а болх бо.

Цул сов, басаран даьтта доккху баӀа жигара чкъоьрийн пардонашна кӀорге чекхйоккху косметикан гӀирсийн кхин компоненташ.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. А.Т.Карасаев, А.Г.Мациев, Русско-чеченский словарь, М., «Русский язык», 1978, стр.586
  2. Carthamus tinctorius in Flora of North America @ efloras.org
  3. 1 2 Блинова К. Ф. и др. Ботанико-фармакогностический словарь : Справ. пособие / Под ред. К. Ф. Блиновой, Г. П. Яковлева. — М.: Высш. шк., 1990. — С. 234—235. — ISBN 5-06-000085-0.
  4. Лекарственные свойства сельскохозяйственных растений / Под ред. М. И. Борисова. — Минск: Ураджай, 1974. — С. 179. — 336 с.
Викитекин логотип
Викитекин логотип
Викитекехь ду  йозанаш
Carthamus tinctorius темин