ДаьргIара тIом

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
ДаьргIара тIом
Коьрта конфликт: Кавказхойн–оьрсийн тIом 1763–1864
Сражение за аул Дарго.jpg ДаьргIара тIом. Суртдиллархо ву Рубо Франц
Терахь 1845 шеран Стигалкъекъа-беттан 31 де — Товбецан-беттан 21 де
Меттиг ДаьргӀа, Нохч-Мохк, Нохчийчоь
ЖамӀ нохчий тоьлла
МостагӀий

Caucasian Imamate.svg Къилбаседа-Кавказан имамалла

Flag of the Russian Empire (black-yellow-white).svg Российн импери

БӀаьччаш

Caucasian Imamate.svg Шемал
Caucasian Imamate.svg Iиса
Caucasian Imamate.svg ТIалхиг

Flag of the Russian Empire (black-yellow-white).svg Воронцов М.
Flag of the Russian Empire (black-yellow-white).svg Клугенау
Flag of the Russian Empire (black-yellow-white).svg Пассек
Flag of the Russian Empire (black-yellow-white).svg Викторов В.
Flag of the Russian Empire (black-yellow-white).svg Ронжевский
Flag of the Russian Empire (black-yellow-white).svg Кривошеин

Массон ницкъаш

хууш дац

30 000

Белларш

хууш дац

13 000 сов[1].

ДаьргIара тIом – (оьрс. Даргинский поход йа Сухарная экспедиция) – 1845-чу шарахь Товбеца-баттахь хилла мехал йолу тIеман операци.

1845-чу шарахь Имам Шемала кхоьллинчу Имаматан коьрта шахьар лоруш йолу ДаьргӀа схьаяккха сацам бо оьрсийн паччахьан Кавказехь долчу эскаран буьйранчо княза Воронцовс.

Инарлашна юкъахь, хеташ ма-хиллара, коьрта шахьара схьа а яьккхкина дIабоьрзур бу моьтташ хилла Воронцовна иттаннаш шерашкахь схьабогIуш болу Кавказера тIом. Цуо дагалаьцначуьнан хIун жамI хилира дуьйцуш ву историн Iилманча Абумуслимов Сайд-Хьасан:

«Товбеца-баттахь Iаламат доккху эскар теттина хилла ДаьргIа схьаяккха. Кхузахь 21 батальон хилла. 46 йоккха топ а хилла. ГIо деш гIалгIазакхийн эскарш а хилла. Тактика а хийцина цара, Дагестанехула тIелатар дан сацам а беш.

ДIоггара дукха яккхийн дуьхьалонаш а йоцуш нохчийн дозане кхаьчна уьш. Вайна хууш ма-хиллара, ДаьргIа Дагестанан дозанна дукха гена яц. ДаьргIана чу баха аьтто баьлла церан. Нохчаша и юрт йитина. Иза оьрсийн эскарша, дIа а лаьцна, ягийна.

Амма цул тIаьхьа, Воронцовн эскаршна го а бина, уьш охьаата долийна. Оьрсийн кхетта шаьш эшна хиларх. Хиина царна шайн гIалат даьллий. Цул тIаьхьа церан Iалашо ца хилла имам Шемил вохо. Пачхьалкх дIаяккха еза боху ойланаш йита дезна церан. Дерриг а эскар хIаллак а ца дойтуш, ах мукъане а кхелхьара муха доккхур дар-те аьлла, оцу хьолана тIебаьхна хилла уьш.

И эскар доха-м дина, амма цхьана декъан къелхьара дала аьтто баьлла. Герзелехь резервехь дитина кхин а цхьа эскар хилла церан. Иза дуьхьала а деана, цхьа дакъа къелхьара даьлла. Масала, терахьашца дуьстича, 4000 сов стаг вийна а, чевнаш йина а хилла. Царна юкъахь инарла а хилла 168 эпсар а хилла.

Коьрта маьIна ду кхузахь, ДаьргIахь хиллачу тIеман политикан тIаьхьло хилар. 1845-гIа шарахь дуьйна оьрсийн куьйгалхоша, хьалха ма-хиллара нисса дIа тIамца чекхбовла а ца гIерташ, тIе тидам бахийтина халкъана юкъахь йолчу морзагIаллех а, халкъана юкъахь болчу цатемех, адамийн гIийла агIонех а пайдарна эца.

Цунна алссам ахча теттина хилла оьрсийн пачхьалкхо. Иза ду-кх 1845 шарахь хиллачу тIеман коьрта жамI».

Хьалха-МартантIера Эльмурзаев Юсупс дийцарехь, 13 эзар оьрсий хIаллак винна ДаьргIахь.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Ю. М. Эльмурзаев «Юсуп Нохчуа. Страницы истории чеченского народа.». — Грозный: Книга, 1993. — С. 57 - 70.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]