Дарбане аларт

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Дарбане аларт
Melilotus officinalis01.jpg
Ӏилманан классификаци
Дуьненаюкъара Ӏилманан цӀе

Melilotus officinalis (L.) Lam.

Да́рбане а́ларт я Даку я За́збохь (лат. Melilótus officinális) — Кхоьшан доьзалера Аларт тайпана кепара шинашеран бецан орамат[1].


Схьаялар[нисъе | нисъе чухулара]

Дарбане аларт. Исправкин Köhler's Medizinal-Pflanzen жайнин тӀиера Ботаникан иллюстраци, 1887


Ботаникан сурт хӀоттор[нисъе | нисъе чухулара]

ЧӀогӀа кумаринан хьожа ю.

Орам чӀу кепара.

Кхуьу нисса лаьтта 1—1,5 м лекха геннийн гӀадца (культурехь 1,5—2 м)[2].

ГӀаш кхоккха цхьаьна долу. ГӀаш ланцетан, йисташкахула цергаш а йолуш. ГӀан дечиган бух тӀехь — дийнна я цергаш йолуш жима гӀа (дикка жима ду гӀашшала) хуьлу. Юккъера гӀа ехо гӀаж тӀехь хуьлу, агӀон тӀиерачарал.

Зезагаш деха а, готта а, чоьхьара а, тӀехулара а семса, кенашкахь кегийра, охкаделла, можа. Кедалг пхи церг йолуш бу. Заза поллакепара. Зезаг чохь 10 дургал, царах 9 тӀеттӀалетта хьасанашца 23, цхьаъ — паргӀата ю. Зазадоккху — июнехь—сентябрехь. Заза долу кӀайн алартал масех де хьалха. Заза долу цхьана баттал сов.

Дургалан кӀа кхо харш долуш, эллипс кепара ду. КӀен муцӀараллера дохалла 24—34 мкм, экваторан диаметр 19,8—27,2 мкм. Экваторера дуьйна эллиптикан ду. Харшнаш 2,5—3,8 мкм шуьйра ду, деха, гомачу йисташца, ирйина я артйина юьхьигашца, полюсашкахь цхьаьна ца кхета. Харшнийн мембрана кӀен кепара ю. Экзина 1—1,3 мкм стомма ю. Мэкзина полюсашкахь юткъа ю, экваторехь хершнаш уллехь 0,4 мкм стамма ло. Скульптура юткъа, бой кепара, тайп-тайпана бен болуш, бенийн уггаре йоккха диаметр 1,8—2 мкм, уггаре жима — 0,4—0,5 мкм. Дургалан бос можа[2].

Кхоьш кегийра (3—4 см), ерзина, цхьаъ – цулла а кӀезиг шиъ хӀу долуш, лакхахь артйина, кхуьу августехь.

Кхуьу меттигаш[нисъе | нисъе чухулара]

Ареал — континенталан Европа, Жима а, Юккъера а Ази, Кавказ. Чуеана Британин гӀайренашна тӀе, Керла Зеланде, Къилбаседа Америке, Къилба Американ къилбан йистте, дика тӀе а эцна уьш.

Россехь массанхьа а кхуьу.

Йолу еса меттигашкахь, дӀатесна меттигашкахь, бай тӀехь, некъашна йисттехула, боьранашчохь.

Наггахь культиваци йо.

Цкъацца йовлу кӀайн алартца ийна, цу шиннен а тера морфологи ю, къаьста кӀайн зезагца а, хебаршка ихина кхоьшца а.

Ӏалашъяран статус[нисъе | нисъе чухулара]

Дарбане аларт. Зазадаккхар

Бахамехь иэшар а, лелаяр а[нисъе | нисъе чухулара]

Дарбане аларт дика моздерг ю

Дарбане аларт — чӀогӀа дика даьхнийн йол ю[1].

Латта тодийриг. Лелайо баьццара латтахьандийриг санна.

Моздерг. Алартан моз лору дикачех, къаьста хазачу чомаца. И моз сирла-янтаран я кӀайн басахь гӀийла тамехь хаза хьожанца, ванильчух тера хьожа. Цуьнца ду 39,59 % фруктозаш а, 36,78 % глюкозаш а. Цхьаьна гектар тӀиера акха яьлла дарбанен алартан дургалх, накхарш доккху 200 кг моз[2], ткъа цхьаьна гектар культуран алартах — 600 кг[3]. Ло дуккха а дика дургал а[2].

Дарбане аларт — хьожа тойийриг ю цхьацца дааран а, тонкан а[1], иза туху цхьадолчу водкан марканашна («Цельсий», «Украина»).

Дарбанан аьргалла санна лелайо алартан буц (лат. Herba Meliloti). Цуьнца ду 0,4—0,9 % кумарин, кумаран мусталла, дикумарол, мелилотин, эфиран даьтта, маза[4]. Дарбане алартан препараташ лелайо энашна тӀехулара тӀерадаккхаран а, карзахдаккхаран а гӀирс санна. Аларт юкъайогӀу ноткъа йича тӀехулара кӀадъяран лахьорашна. Кумарино Ӏаткъам бо центран нервийн системан, пхенаш ийзадарна, наркотикан Ӏаткъам а бу цуьнца, цундела алартан препараташ лелайо пхенаш ийзош, стенокардин, коронаран пхенийн тромбозан. Кумарино аьтту бо лейкоцитийн барам айа зӀенаран терапийх лейкопени йолуш цомгушчеран[5].

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 3 Ботанический словарь. Справочная книга для ботаников, сельских хозяев, садоводов, лесоводов, фармацевтов, врачей, дрогистов, путешественников по России и вообще сельских жителей / Составил Н. Анненков. — СПб.: Тип. Имп. Акад. наук, 1878. — С. 212—213.
  2. 1 2 3 4 Бурмистров А. Н., Никитина В. А. Медоносные растения и их пыльца: Справочник. — М.: Росагропромиздат, 1990. — С. 55. — 192 с. — ISBN 5-260-00145-1
  3. Кратко о популярных сортах меда — Пчеловодство. РУ.
  4. Блинова К. Ф. и др. Ботанико-фармакогностический словарь: Справ. пособие / Под(ТӀе цакхочу хьажорг) ред. К. Ф. Блиновой, Г. П. Яковлева. — М.: Высш. шк., 1990. — С. 185. — ISBN 5-06-000085-0
  5. {{{корта}}}. — С. 162.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Губанов И. А., Киселёва К. В., Новиков В. С., Тихомиров В. Н. Иллюстрированный определитель растений Средней России. — М.: Т-во научных изданий КМК, Ин-т технологических исследований, 2003. — Т. 2. — С. 455. — ISBN 5-87317-128-9
  • Бурмистров А. Н., Никитина В. А. Медоносные растения и их пыльца: Справочник. — М.: Росагропромиздат, 1990. — С. 55. — 192 с. — ISBN 5-260-00145-1

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

Викитекин логотип
Викитекехь ду  йозанаш
Melilotus officinalis темин