Чулацаман тӀегӀо

Дараб (шахӀрестан)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
ШахӀрестан
Дараб шахӀрестан
гӀаж. شهرستان داراب
28°32′00″ къ. ш. 54°46′00″ м. д.HGЯO
Пачхьалкх Иран
Йукъайоду Фарс
Адм. центр Дараб
Истори а, географи а
Сахьтан аса UTC+3:30
Йаккхий гӀаланаш Дараб, Жаннат-ШахӀр, До-Борджи, Фадами, Ростак, Пасхан
Бахархой
Бахархой 201 489 стаг (2016)
Къаьмнийн хӀоттам ГӀажарий, бахӀарлу
Дараб шахӀрестан картин тӀехь
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Дараб шахӀрестан (гӀаж. شهرستان داراب) — Иранан Фарс останан административан дакъа (шахӀрестан) йу. Административан центр — Дараб гӀала йу[1].

Дийцарехь, гӀала йиллинарг Дарий ву, цундела цуьнан цӀе Дараб-герд («Дарийн гӀап») йу. ГӀалин гергахь Сасанид паччахь Шапур I (Sapor) Руман император Валериан тӀехь толам баккхарна лерина рельеф йу.

Административан истори

[бӀаьра нисйан | нисйан]

2006 шеран халкъан ларар дӀадаьллачул тӀаьхьа, Къале-Бийабан а, Къарйа-ол-Хейр а йуьртан гуонаш а, Жаннат-ШахӀр гӀала а Йукъара бахш йукъара схьакъастийна кхоьллира Жаннат бахш[2]. Иштта До-Борджи а[3], Фадами а[4] йуьрташна гӀалин статус йелира.

2016 шеран ларар дӀадаьллачул тӀаьхьа Фасаруд а, Пасхан а йуьртан гуонех Фасаруд бахш кхоьллира[5]. Ростак а, Пасхан а йуьртана гӀалин статус йелира 2018 а, 2022 а шерашкахь.

2016 шеран халкъан ларарца шахӀрестанан бахархойн дукхалла хилира 201 489 стаг (59 525 доьзал)[6].

Административан йекъайалар

[бӀаьра нисйан | нисйан]
Дараб шахӀрестанан бахархой
Административан дакъош200620112016
Йукъара бахш137 677125 069134 535
Бахтаджерд ЙГӀ[lower-alpha 1]8 3319 4139 214
Балеш ЙГӀ10 04312 40814 013
Фасаруд ЙГӀ8 5318 4797 819
ХӀашивар ЙГӀ13 82714 24115 425
Насрован ЙГӀ8 0987 9357 333
Пасхан ЙГӀ10 97710 92110 499
Къале-Бийабан ЙГӀ5 951
Къарйа-ол-Хейр ЙГӀ6 589
Дараб (гӀала)54 51361 67270 232
Жаннат-ШахӀр (гӀала)10 817
Фасаруд бахш[lower-alpha 2]
Фасаруд ЙГӀ
Пасхан ЙГӀ
Пасхан (гӀала)[lower-alpha 3]
Форг бахш21 02021 60022 138
Абшур ЙГӀ10 6396 9506 897
Форг ЙГӀ10 3817 9718 237
До-Борджи (гӀала)2 6512 907
Фадами (гӀала)4 0284 097
Жаннат бахш27 64529 852
Къале-Бийабан ЙГӀ7 0837 472
Къарйа-ол-Хейр ЙГӀ8 7108 782
Жаннат-ШахӀр (гӀала)11 85213 598
Ростак бахш14 24114 34014 391
КухӀестан ЙГӀ5 0704 9855 561
Ростак ЙГӀ9 1719 3558 830
Ростак (гӀала)[lower-alpha 4]
Йерриге172 938189 345201 489
ЙГӀ — Йуьртан гуо

Дараб шахӀрестанехь йу пхи бӀе гергга йурт. Климат чӀогӀа йекъа а, йовха а йу, Ӏай ло наггахь бен ца догӀу. ШахӀрестанан майда 7500 кв. км гергга йу, локхалла 1180 метр.

Кхузахь кхиадо стоьмаш, йалта, бамба а, тонка а. Лохара латтанаш бахӀарлу тайпанаша Ӏай йалта кхио леладо. Иштта кхузахь дуьран маьхкаш ду. Коьрта гӀала Дараб Ширазана 140 миль (225 км гергга) генахь йу. ГӀалахь йаккхий апельсинийн, лимонийн а бешаш, хурманийн плантацеш йу.

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Комментареш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Хьалха ШахӀижан йуьртан гуо йара[7]
  2. 2016 шеран халкъан ларар дӀадаьллачул тӀаьхьа кхоьллина[5]
  3. 2016 шеран халкъан ларар дӀадаьллачул тӀаьхьа гӀала хилира[8]
  4. 2016 шеран халкъан ларар дӀадаьллачул тӀаьхьа гӀала хилира[9]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Habibi, Hassan Approval of the organization and chain of citizenship of the elements and units of the national divisions of Fars province (гӀажар.). Ministry of the Interior (2023).
  2. Creation of Jannat District in the center of Jannat Shahr in Darab County (гӀажар.). Ministry of the Interior.
  3. Rahimi, Mohammad Reza Approval letter regarding the conversion of Do Borji village to a city (гӀажар.). Ministry of the Interior (2023).
  4. Davodi, Parviz Approval letter regarding the conversion of Fadami village to Fadami city (гӀажар.). Ministry of the Interior (2014).
  5. 1 2 Jahangiri, Ishaq Letter of approval regarding the creation of Fasarud District (гӀажар.). Ministry of the Interior (2023).
  6. Census of the Islamic Republic of Iran, 1395 (2016): Fars Province (гӀажар.). The Statistical Center of Iran.
  7. Habibi, Hassan Approval of reforms in the rural districts of Fars province (гӀажар.). Ministry of the Interior (2024).
  8. "The first responsible mayor of Darab, Fars, was introduced". irna.ir(гӀаж.). Ministry of the Interior. 2022-06-12.
  9. "Rostaq joined the cities of Fars". iribnews.ir(гӀаж.). Ministry of the Interior. 2018-03-16.

Кеп:Фарс остан Кеп:Дараб шахӀрестан