Даймохк (газет)
Арахьара хатӀ
| Даймохк | |
|---|---|
| Тайпа | йукъараллин а, политикин а |
|
|
|
| Арахецархо | НР-н къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство |
| Коьрта редактор | Шамсудинов Бувайсар |
| Кхоьллина | 1923 |
| Арахецар сацор | 1944-1957 |
| Мотт | нохчийн мотт |
| Муьрехь арахецар | кӀиранах шозза |
| Коьрта офис | Росси, Нохчийн Республика, Соьлжа-ГӀала, Назарбаевн урам, 92 |
| Тираж | 2500 |
| Веб-сайт | daymohk-gazet.ru |

Даймо́хк — Нохчийн Республикехь арахоьцуш долу йукъараллин а, политикин а газет. Газето бовзуьйту Нохчийчохь а, Россехь а хилла болу йукъараллин а, политикин а хаамаш, йазйо нохчийн къоман историх а, культурах а лаьцна материалаш.