Даймохк (ансамбль)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Пачхьалкхан берийн хелхаран а, эшаран а ансамбль «Даймохк»
Жанр нохчийн а, Кавказан фольклоран а хелхараш а, эшараш а
Шераш 1999 — таханалац
Пачхьалкхаш Росси Росси
ГӀала Соьлжа-ГӀала
daymohkchr.ru

Пачхьалкхан берийн хелхаран а, эшаран а ансамбль «Даймохк» — нохчийн берийн хелхаран а, эшаран а фольклоран ансамбль.

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ансамбль кхоьллира 1999 шарахь Российн Сийлахь артист Рамзан Ахмадовс.

2000 шарахь хилира ансамблин хьалхара гастролиш — ансамбльс боккха кхиамца дакъа лецира Яловехь хилла йолу халкъашна юккъера фестивалехь. ТӀаккха иза шен говзалла гайта Германе яхара. Цул тӀаьхьа ансамбль хӀора шарахь Россехула а, Европехула а гастролешка йодара. Цо толам беккхира Туркойчохь а, Францехь а, Голландехь а, Англехь а, Швецехь а, Финляндехь а хилла фестивалашкахь; «Хрустальная магнолия» (Сочи, 2005), «Российн похӀмийн барт» (2007), «Сфинкс» (Бельги, 2006).

«Даймохкс» гайтина шен говзалла уггара гӀаръялла Европан сценашкахь: «Маьлхан Театр» (Париж), «Паччахьан театр Ковент-Гарден» (Лондон), «Операн театр» (Берлин), кхиераш а.

Ансамблехь ю хор а, халкъан пондарийн оркестр а, «Даймохк» коьрта хӀоттаман бераш кечдеш студи а.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]