Даймехкан Турпалхойн де
| Даймехкан Турпалхойн де | |
|---|---|
| | |
| Даздо | Россин Федерацехь |
| Терахь | 9 декабрь |
| Даздар | 9 декабрехь |
| Доьзна ду | Сийлахь Георгийн орден кхолларца |
Даймехкан Турпалхойн де (я доцца Турпалхойн де) — Россехь 9 декабрехь хӀора шарахь даздеш долу иэсан терахь. Белхан де ду.
Истори а, даздар а
[бӀаьра нисйан | нисйан]2007 шеран 25 январехь, законан проекте хьажале цхьа де хьалха, РФ Пачхьалкхан думан председатела а, «Единая Россия» партин Лакхара советан председатела Грызлов Бориса шен интервьюхь журналисташна дийцира, «къамел ду Россехь революцил хьалха хилла долу Ӏида метта хӀотторах — 9 декабрехь даздеш хилла Георгийн кавалерийн де. Изза терахь тосура ду Даймехкан Турпалхойн дийнах а, царна а хьакъ ду шайн Ӏида хила»[1].
Иэсан терахь Даймехкан Турпалхойн де хӀоттийна Россин Федерацин Пачхьалкхан Думо 2007 шеран 26 январехь, Россин парламентареш тӀеийцира законан проект дуьххьара дешарехь[2]. Документах кхеторан яззамехь дуьйцура: «вай ял турпала дайшна дӀаелла ца Ӏа, вай лерам бо хӀинца бехачу Советийн Союзан Турпалхойн, Россин Федерацин Турпалхойн, Сийлахь Георгийн орденан а, Сийн орденан а кавалерийн». Циггахь законан проектан автораш дог дохура, Россин керла иэсан терахьо гӀо дийра ду «юкъараллехь майра а, кӀела диллина хӀума а доцуш Даймехкан гӀуллакхан идейш кхолларехь».
2007 шеран 21 февралехь депутатийн лаам къобал бира Федерацин Совето.
2007 шеран 28 февралехь иза къобал йира Россин Федерацин Президента Путин Владимира[3].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ :: Сайт сторонников Бориса Грызлова :: Архивйина 2013-11-01 — Wayback Machine
- ↑ Госдума установила новый «рабочий» праздник: 9 декабря — День Героев Отечества. NEWSru (26 января 2007). ТӀекхочу дата: 2010 шеран 13 август. Архивйина 2012 шеран 2 мартехь
- ↑ Федеральный закон Российской Федерации от 28 февраля 2007 г. N 22-ФЗ О внесении изменения в статью 11 Федерального закона «О днях воинской славы и памятных датах России» — Российская газета