Дадаев, Муслим Вахаевич

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Муслим Вахаевич Дадаев
ГӀуллакхан тайпа паргӀат кепар латархо
Вина терахь 5.1988
Вина меттиг Гикалов-Юрт, Соьлжа-ГӀалин кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР
Гражданалла ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРСРоссиFlag of Russia.svg Росси
Да Ваха
Нана Луиза

Мусли́м Ваха́евич Дада́ев (1988 шеран май, Гикалов-Юрт, Соьлжа-ГӀалин кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, СССР) — нохчийн паргӀат кепар латархо, кегирхойн юкъара Российн а (2005 шо), Европан а (2005) чемпион, Российн гулйина тобан декъашхо, Дуьненан Кубок яккхинарг (Каспийск, 2011 шо).

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вина 1988 шеран маехь Соьлжа-ГӀалин кӀоштан Гикалов-Юртехь. Нохчийчохь шозлугӀа тӀом болалучу хенахь шен доьзал къелхьара яккхархьам дас уьш Пензе дӀабигира. Цигахь уьш Ӏийра 2002 шо кхаччалц.

ЦӀа кхаьчначул тӀехь Муслиман паргӀат кепар латар дезаделира. Амма цуьнан юртехь секци яцара. Цундела цуьнан Шинсюйр-Юккъехь йолу секци аьха дийзира. Цигахь цуьнан тренерш бара У. Сулейманов а, М. Муртазалиев а.

2003 шарахь иза паргӀат кепар латаран республикан гулйина тобан юкъавахара. 2005 шарахь иза хилар кегирхойн юкъахь Российн а, Европан а чемпион. 2011 шарахь Каспийскехь цо яккхира Дуьненан Кубока.

Цо чекхъяккхина Нохчийн пачхьалкхан университетан юридически факультет.

Доьзал[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Да Ваха — гӀишлошъярхо;
  • Нана Луиза — хӀусамнана.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]