Давыдова, Анастасия Александровна
Давыдова Анастасия Александровна | |
---|---|
Йина терахь | 1927 шеран 7 март (98 шо) |
Йина меттиг | Красноярскан мохк Таштыпан кӀошт Абаза |
Кхелхина терахь | 2023 шеран 12 апрель (96 шо) |
ГӀулаккхан тайпа | библиотекарь |
Дешар | Кызылан пачхьалкхан хьехархойн институт |
СовгӀаташ |
Давыдова Анастасия Александровна (1927 шеран 7 мартехь — ?) — РСФСР оьздангаллин хьакъдолу белхало, Тувинийн АССР оьздангаллин хьакъдолу белхало.
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Йина 1927 шеран 7 мартехь Красноярскан мехкан Таштыпан кӀоштара Абаза гӀалахь белхалочун доьзалехь[1]. Да къахьоьгуш вара Абазан литейни заводехь машинист даржехь, ткъа нана хӀусаман Ӏуналла деш йара. Хьалхе да-нана делла, иза кхиош йара Красноярскан махкара берийн цӀенна чохь[1]. Цигахь иза марзйелира йиеша. Ишколан 8 класс йаьккхича, 1945 шарахь йоккхачу йишица йеира Тува[2], цигахь ийцира Пушкинан цӀарах областан библиотеке дешаран залан библиотекарь балха (хӀинца Пушкинан цӀарах Къоман библиотека). Шен лерина кечам ца хиларна, ша шенан дешар тодира, Ӏемаш йара шеца балхахь болчаьргара[3]. 1950 шарахь чекхйехира дешараллин курсаш областан библиотекехь, тӀаккха дуьхьала йоцуш — Кызылан хьехархойн доьшийла (1953), Кызылан хьехархойн институтан оьрсийн меттан а, литературин а факультет (1963). Балха кхайкхира ССКП гӀалан комитетан библиотеке[1]. 1959 шеран февралехь йухайеира областан библиотеке дешаран залан лакхара библиотекаран дарже, 1961 шеран мартехь дехьайаьккхира — хьашташкхочушдаран декъан хьаькам, 1970 шарахь хӀоттийра Республикин А. С. Пушкинан цӀарах библиотекан директор, болхбира 1983 шо кхаччалц.
ГӀуллакх
[бӀаьра нисйан | нисйан]Кызылан говзаллин доьшийлан абитуриенташ хоржу комиссин декъашхо а, библиотекан декъан пачхьалкхан комиссин председатель а хилла[3]. 1970-гӀа шерашкахь Давыдован куьйгаллийца йина массийн библиотекийн централизаци, цуьнан жамӀ деш хилира Ӏилманан-практикан конференци, библиотекан белхан тайп-тайпана агӀонийн масех хьалхенан зиеделла ишкол (ХьЗИ) йира, республикин библиотекашкара библиотекан-библиографин классификацин (ББК) фондаш а, каталогаш а дехьайаккхаран болх дӀанисбира. Сибрехан а, Генара Малхбален а библиотекашца координацин болх дӀанисбира. 1983 шарахь, пенси яхча, Давыдова балха йахара Йерригроссий театран йукъаралле (ЕТЮ, хӀинца Театран гӀуллакххойн союз йа ТГӀС) Туван декъе библиотекарь, цигахь болхбира 22 шарахь[3]. Дакъа лаьцна зонан Ӏилманан-практикан, йерригроссийн, арригсоюзан конференцешкахь, гуламашкахь, семинарашкахь, дийшира Оьздангаллин белхалойн квалификаци айаран йерригсоюзан институтехь республикин, мехкан, областан библиотекийн директорийн тобанехь.[1]
СовгӀаташ а, Сийлахь цӀераш а
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Тувинийн АССР Лакхара Советан Президиуман Сийлахь грамота (1967)
- Юбилейн мидал «Ленин Владимир Ильич вина 100 шо кхачаран лерина мидал» (1970)
- Тувинийн АССР оьздангаллин хьакъдолу белхало (1972)
- «1973 шеран социалистийн къовсаман толамхо» хьаьрк (1974)
- РСФСР оьздангаллин хьакъдолу белхало (1982)
- «Къинхьегаман ветеран» мидал (1983)
- Тувинийн республикин пачхьалкхан кхолламийн профсоюзан президиуман Сийлахь грамота (1983)
- «1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь толам баьккхина 50 шо кхачарна» мидал (1995)
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 1 2 3 4 Разумова Л. Давыдова Анастасия Александровна : 75 лет со дня рождения / Л. Разумова // Люди и события. год 2002 : указ.-календарь на 2002 год. — Кызыл, 2001. — С.24-26.
- ↑ Ховалыг, Э. Видеть в людях только хорошее : [ о А. А. Давыдовой] / Э. Ховалыг // тув. правда. — 2002. — 7 марта
- ↑ 1 2 3 Люндуп Т. Анастасия Александровна Давыдова : 85 лет со дня рождения / Т. Люндуп // Люди с обытия. Год 2012 : указ.-календарь по Туве на 2012 год / НБ им. А. С. Пушкина Респ. Тыва; сост. : Л. М. Чадамба, Е. М. Ак-кыс. — Кызыл, 2011. — С. 21-22.
![]() | ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
- Бинарш 7 мартехь
- Бинарш 1927 шарахь
- Белларш 12 апрелехь
- Белларш 2023 шарахь
- «Къинхьегаман ветеран» мидал йелларш
- 1941—1945 шерашкахь Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀамтӀехь толам баьккхина 50 шо кхачарна мидал йелларш
- Адамаш абатца
- Исбаьхьалчаш абатца
- Википеди:Сурт доцу агӀонаш (тайпа: адам)
- Исбаьхьалча кепан йевзаш йоцу параметраш йолу агӀонаш
- Библиотекарш
- Тувинийн АССР хьакъдолу оьздангаллин белхалой
- РСФСР хьакъдолу оьздангаллин белхалой