Дабачхаджиев, Насрудин Амандиевич
Навигацин тӀегӀо
Лахарна тӀегӀо
Насрудин Амандиевич Дабачхаджиев | |
---|---|
Вина терахь | 1947 шеран 12 апрель (75 шо) |
Вина меттиг | Карабалта, Жайылан кӀошт, Чуйн область, ГӀиргӀазойн ССР, СССР |
Гражданалла: |
![]() ![]() |
ГӀуллакхан тайпа: | Поэт, прозаик, художник |
Насрудин Амандиевич Дабачхаджиев — нохчийн яздархо, поэт, художник[1], Нохчийн Республикин исбаьхьаллин Сийлахь гӀуллакххо. Цо чекхъяккхина Волгоградан экономикин техникум а, Нохчийн пачхьалкхан университетан историн факультет а. Цо язйо байташ а, дийцарш а нохчийн а, оьрсийн а метташкахь. Иштта цо суьрташ а дохку. Цо диллина дукха суьрташ масийтта исбахьаллин гайтамашкахь дара.
Цо язйинарш зорбан тӀейоху «Орга» а, «Нана» а, «Вайнах» а журналашкахь а, «Гумс» цӀе йолу кӀоштанан газетехь а. Арахецна ю цуьнан гуламаш «Волны моей памяти», «Шёл всегда прямым путем», «Останется слово», «Память». Цо дукха эшарашна дешнаш яздина. Иза Рамзан Даудов а, Абубакар Толхигов а, Денис Эльдиев а композиторашца цхьана болх беш ву[2][3].
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ В Грозном отметили юбилей редактора журнала «Нана» Лулы Куни
- ↑ Дабачхаджиев Амандиевич Насрудин Архивйина 2017-03-24 — Wayback Machine
- ↑ Журнал Вайнах № 5(ТӀе цакхочу хьажорг)