ГӀурбанан Ӏийд
Арахьара хатӀ
Талларе хьожуш
| ГӀурбанан Ӏийд | |
|---|---|
| Ӏаьр. عيد الأضحى | |
| БадшахӀи маьждигехь Ӏийд-ламаз, Пакистан | |
| Тайпа | исламан |
| Даздо | бусалбанаша |
| Терахь | 10 зул-хьижжат |
| 2025 шарахь | 6 июнехь |
| Даздар | маьждигехь |
| Доьзна ду | хьаьжца |
ГӀӯрбанан Ӏийд (Ӏаьр. عِيدُ الْأَضْحَى Ӏийдул-азхьа̄) — иза бусалбанийн шина Ӏийданах цхьаъ ду (важа Ӏийд — Марха досту Ӏийд ду), иза Ӏарафат дийнахь латтар чекхдаьллачул тӀаьхьа, зул-хьижжатан 10-чу дийнахь нисло, бусалба хьажой шена чохь лаьтта меттиг йу иза, хьаьжан коьрта белхаш кхочушдархьама, ткъа иза чекхдолу зул-хьижжатан 13-чу дийнахь. Иштта хӀара Ӏийд ИбрахӀим пайхамаран дийцар дагалацар лоруш а ду, цунна гӀан гинчу хенахь, шен кӀантана ИсмаӀилна гӀурбанна урс хьакха аьлла Дала омрадеш. Цундела кху дийнахь бусалбанаш Далла гергабоьду цӀерачу дийнатех цхьанна урс хьакхарца а (уьстагӀ йа йетт йа эмкал), гӀурбанан жижиг доьзална а, гергарчарна а, мискачарна а дӀасадекъарца а, цундела аьлла цунах ГӀурбанан Ӏийд.