ГӀой-Чу (хи)

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
ГӀой-Чу
оьрс. Гойта
Амал
Дохалла 41 км
Бассейн 117 км²
ДӀаэхар
Хьост (B)  
 • Эрк долу меттиг ГӀой-Корта
 • Локхалла 729 м
 • Координаташ 42°58′21″ къ. ш. 45°36′25″ м. д.HGЯO
Хикхоче (B) Соьлжа
 • Эрк чекхдолу меттиг 97 км аьтту бердаца
 • Локхалла 132 м
 • Координаташ 43°17′07″ къ. ш. 45°39′36″ м. д.HGЯO
Хин охьане 14,5 м/км
Эрк долу меттиг
Хин система Соьлжа → Терк → Каспий-хӀорд

Пачхьалкх
Регион Нохчийчоь
КӀошташ Соьлжа-ГӀала, Хьалха-Мартанан кӀошт, Шуьйтан кӀошт
Код  ПХР чохь 07020001112108200005789
ГӀой-Чу (хи) (Нохчийчоь)
Blue 0080ff pog.svg
Blue pog.svg
Blue 0080ff pog.svg — хьост, Blue pog.svg — хикхоче

ГӀой-Чу я ГӀой-хиРоссийн эрк, охьадогӀу Нохчийн Республикан Хьалха-Мартанан а, Шуьйтан а кӀошташкахула, Соьлжа-ГӀалахула. Соьлжан аьтту га.

Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]

ГӀой-Чу эрк схьадолу ГӀой-арц[1] тӀиера хьуьнхахь, ГӀой-Корта ломан гергахь[2]. ОхьадогӀу ГӀой-Чу эвлан уллехула къилбаседехьа. ГӀой-Йистан гергахь кхета Органан татол. ТӀаккха къилбаседехьа долу ГӀойтӀахула. Соьлжа-ГӀалан чохь йина Ӏаьржа эркан хилоттийла. Хикхоче ю Соьлжа-ГӀалан Сайхановн ураман малхбузехьа, Соьлжан хикхочел 97 км аьтту бердаца. Эркан дохалла 41 километр, хи гулден майда — 117 км²[3].

Хин объектан система: СоьлжаТеркКаспий-хӀорд.

ЦӀе[нисъе бӀаьра | нисъе]

«Кавказан топонимин дошамца», «гидрониман бух бу я вайнехан гӀой — „тӀемаш“, я гӏуй — кевнаш къовлу гӀирс[2].

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

1846 шарахь баьккхира хуьнан юкъахула ГӀойтӀан некъ, цул тӀаьхьа, «ЭСБЕца», «эркаца даьхна нохчийн цхьа дакъа, кхелхира Ӏаьржа лаьмнашка, машаренаш охьахевшира оьрсийн гӀопашна чу». XX бӀешеран юьххьера хаамашца, ГӀой-Чун аьтту бердаца хьун яцара, ткъа аьтту берд хикхоче кхаччалц хьун йолуш бара[4].

ГӀой-Чуца доза доькъу шина этнографин кӀошташна — Йоккха а, Жима а Нохчийчоьн[5].

Хин реестрах хаамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Российн пачхьалкхан хин реестран хаамашца юкъахь ду Малхбуза-Каспийн бассейнан гуон, эркан хин бахаман дакъаСоьлжа Соьлжа-ГӀалан тӀиера Органах кхетталц. Эркан майда — Каспий-хӀордан бассейнан эркаш Теркан а, Ийдалан а шина хин юкъ[3].

Пачхьалкхан хин реестрера объектан код — 07020001112108200005789[3].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Сулейманов, 2006, с. 427.
  2. 1 2 Гойта // Топонимический словарь Кавказа. А. В. Твердый. 2011.
  3. 1 2 3 Государственный водный реестр РФ: Гойта. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 22 августехь.
  4. Кузнецов Н. И. Гойта // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  5. Гойта // Большая советская энциклопедия : в 66 т. (65 т. и 1 доп.) / гл. ред. О. Ю. Шмидт. — М. : Советская энциклопедия, 1926—1947.