ГӀиллакхан дуьхьала зуламдар

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Юкъараллин гӀиллакхан дуьхьала зуламдар — цхьа могӀа таӀзар ден, цхьа абстрактан синмехаллин-гӀиллакхийн системан юкъаралла йохо хьажийна долу зулам ду, ткъа и гӀиллакхийн ойланаш гар хенаца хийца тарлуш ю.

Масалаш[нисъе | нисъе чухулара]

Российн Федерацехь гӀиллакхан дуьхьала зулам юкъадогӀу:

  • кхахьпаллин юкъауозор (РФ ЗК 240 ст.),
  • кхахьпалла лелор кечдар (РФ ЗК 241 ст.),
  • законехь доцу порнографин суьрташ а, гӀирсаш а дар, дохкар (РФ ЗК 242 ст.),
  • порнографин берийн суьрташ а, гӀирсаш а дар, дохкар (РФ ЗК 242.1. ст.),
  • порнографин суьрташ а, гӀирсаш а дархьама бераш лелор (РФ ЗК 242.2. ст.),
  • Российн Федерацин халкъийн оьздангаллин тӀехьлон объектийн (историн а, оьздангаллин а иэсаш) цхьаъ йолу пачхьалкхан реестр юкъахь йолу Российн Федерацин халкъийн оьздангаллин тӀехьлон объекташ (историн а, оьздангаллин а иэсаш), гучуяьхна йолу оьздангаллин тӀехьлон объекташ, Ӏаламан комплексаш, пачхьалкхо ларъян тӀелаьцна объекташ, оьздангаллин мехаллаш хӀалакъяр я йохор (РФ ЗК 243 ст.),
  • Российн Федерацин халкъийн оьздангаллин тӀехьлон объектийн (историн а, оьздангаллин а иэсаш) цхьаъ йолу пачхьалкхан реестр юкъахь йолу Российн Федерацин халкъийн оьздангаллин тӀехьлон объекташ (историн а, оьздангаллин а иэсаш), гучуяьхна йолу оьздангаллин тӀехьлон объекташ лелаяран а, Ӏалашъяран а бехкамаш бохамаш (РФ ЗК 243.1. ст.),
  • законехь бакъо йоцуш археологин гӀирсаш лахар а (я), схьабахар а шеш Ӏохкучура (РФ ЗК 243.2. ст.),
  • беллачеран декъий а, уьш дӀадоьхкина меттиг а сийсазъяр (РФ ЗК 244 ст.),
  • дийнаташкахь къизалла латтор (РФ ЗК 245 ст.).

Иштта законаш ду дуккха а кхиана евллачу пачхьалкхашкахь.

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]