ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет
| ЛД ФПБДКх "ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет" (ГӀПУ) | |
|---|---|
| Логотипан сурт | |
| | |
| Дацдар | ГӀПУ |
| Халкъашна йуккъера цӀе | Ingush State University (IngSU) |
| Кхоьллина шо | 1994 |
| Тайпа | Пачхьалкхан |
| Ректор | Мартазанов Арсамак Мохьмадан воӀ |
| Студенташ | ≥10000 |
| Специалитет | йу |
| Бакалавриат | йу |
| Магистратура | йу |
| Аспирантура | йу |
| Профессорш | 53 |
| Хьехархой | 508 |
| Лаьтта меттиг |
|
| Юридически адрес | 366700 РГӀ, МагӀас г., И.Б. Зязиковн пр-кт, 7 |
| Сайт | http://inggu.ru/ |
ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет (ГӀПУ) (гӀалгӀ. Гlалгlай паччахьалкхен университет) — Россин университет, Республика ГӀалгӀайчоьнан коьрта университет. Кхоьллина 1994 шарахь. Россин Федерацин уггаре къоначех цхьа университет йу.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]1994 шеран 23 апрелехь РФ Правительствон № 380 йолу сацамца кхоьллина ГӀалгӀайн пачхьалкхан университет, кхоллархо хилира Россин Федерацин Лакхара дешаран пачхьалкхан комитет[1][2]
1994 шеран сентябрехь университет болхбан йолайелира, иза Сипсо-ГӀалара ставрополан авиацин доьшийлин казармаш хиллачу гӀишлон чуйахийтира.
2012 шеран 29 декабрехь ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан спортан комплексан латтан тӀехь дӀайиллира некан бассейна[3].
Университетехь болх бо 508 хьехархочо, царна йукъахь ву 53 профессор — Ӏилманийн докторш, 275 доцент — Ӏилманийн кандидат, царех 26 «Россин Федерацин Лакхара говзаллин дешаран сийлахь белхало» цӀе йолуш ву. Цара кечам бо 22 агӀонан говзаллехь, 17 — бакалавриат, 9 — магистр, 10 говзаллехь аспирантура, 12 агӀора интернатура, 8 — ординатура. Берриг студентийн барам бу 10 эзар сов бу.
Факультеташ а, кафедраш а
[бӀаьра нисйан | нисйан]| 1. Юридически |
|---|
|
Структура
[бӀаьра нисйан | нисйан]ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан комплексан йукъа йогӀу:
- 8 корпус:
- 106 аудитори;
- 31 лаборатори;
- 27 лекцин зал;
- 17 компьютеран класс;
- лерина хаамийн-дешаран ресурсашна тӀетесна лингафонан-дидактикин класс.
- 4 дешаран зал йолу библиотека;
- Россин а, дуьненан а коьрта каталогаш тӀевалало электронан библиотека;
- спортан зал;
- 3 стадион, царех цхьаъ куьйга йина буц йолуш;
- некан бассейн;
- квартирийн тайпана йукъара дахаран гӀишло.
Галерей
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Республика Ингушетия. Хроника становления 1991—2002 гг. ТӀекхочу терахь: 2013 шеран 10 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2017 шеран 13 январехь Архивйина 2017-01-13 — Wayback Machine
- ↑ Постановление Правительства РФ от 23 апреля 1994 г. N 380 «Об Ингушском государственном университете». ТӀекхочу терахь: 2013 шеран 11 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2016 шеран 27 декабрехь
- ↑ Ингушетии построен первый плавательный бассейн Архивйина 2014-03-18 — Wayback Machine