ГӀалан а, хадаран а гӀуллакх даран боярийн кхел

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

«ГӀалан а, хадаран а гӀуллакх даран боярийн кхел» — дуьххьарлера оьрсийн дозанан гӀуллакхан устав, кечдина паччахьан Иван Грознин омарца лерринчу комиссис Оьрсийн паччахьаллин къилба а, къилба-малхбален дозанаш лардархьама, чӀагӀдина 1571 шеран 16 февралехь. Иштта лара мегар ду Российн исторера дуьххьара тӀемлойн устав[1][2].

Хьалхара истори[нисъе | нисъе чухулара]

XVI бӀешо долалуш дуьйна гӀирман гӀезалош а, ногӀаш а рожехь тӀелетарш дира Оьрсийн паччахьаллин Ӏалашо талораш а, лайш балор а йолуш. Оьрсийн Ӏедалан жоп хилира дуьхьалонан дуккха километрийн венизаш еш гӀап-гӀаланаш яхкар. ГӀопийн гарнизонаш таро хуьлура шайн ницкъашца юхатоха кегийра тӀелетарш, амма нагахь мостагӀийн даккхий ницкъаш тӀедогӀуш делахь иэшара доккха эскар. ГӀирмхой дукха сиха леларна, мобилизаци ян а, эскарш дехьакхийса а хан кӀезиг хиларна, москохан правительствон ладаме дара тӀелатарх сихха хаа а, тӀелатаран масштаб йовза а.

1558 шарахь болабелла Ливонан тӀом. ТӀом юьхьанца аьтту болуш хилира Оьрсийн паччахьаллин, цуо дуьхь-дуьхьал хӀиттийра яккхий европан пачхьалкхаш: Литван Сийлахь олалла (1569 шарахь юкъаяхана Речь Посполитин) а, Швеци а. ТӀемаш дина максимум ницкъийн Ӏаткъамца, цу тӀе тӀеман 25 шарахь 3 шарахь бен гӀирмхой тӀе ца леташ ца Ӏийна къилба дозанашна, аьлча а хьал ала мегар ду шина фронтехь тӀом беш дара[3].

1570 шеран сентябрехь Иван Грознин хаам беира гӀирмхойн коьртехь хан волуш доккха эскар тӀедогӀу аьлла, сацам бира ша а дуьхьала ваха Серпухов «гӀуллакхан нийса некъ лаха»[4], аьлчи а ладаме тӀом бархьама. Цунна ийшира сацо кечам бина Ревелан тӀелатар. Амма мостагӀ каро аьтту ца белира. Путивлан воеводас Татев Пётра хаам баийтира, шен омарца хойн гӀазакхий хьовсийна Акха Ариене, гӀирман говрийн лар а ца карийна аьлла. Серпуховхь гулйина тӀеман кхеташоно дика жамӀ ца дира:

20 сентябрехь паччахьо сийлахь элас Иван Васильевича а, цуьнан кӀанта элас Иван Ивановича а тӀедиллира массо а боярашна а, воеводашна а, дерриг керланашка ладогӀар; хаамашка ла а дугӀуш паччахьан латта гӀуллакх дац Серпуховхь, паччахь, паччахьан берех, даккхийчу адамех берриг гӀалагӀазкхаша аьшпаш боьттина[4].

Иштта, оцу хиламо гайтира, дозанан гӀуллакх ца ларадо шен Ӏалашонца, орамера хийца езар гайтира.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Соколов Ю. Первый русский воинский Устав (02.03.2001). Теллина 2018 шеран 17 февралехь.
  2. 16 февраля 1571 года царём Иоанном IV был утверждён первый в России воинский устав. Теллина 2018 шеран 17 февралехь.
  3. Каргалов, 2005, с. 35.
  4. 1 2 Разрядная книга 1550—1636 гг. Теллина 2018 шеран 17 февралехь.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]