Гумашвили, Омар Никович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Омар Никович Гумашвили
Шех лаьцна
Пачхьалкх  ССРС Росси
Говзалла самбо
Вина терахь 1945 шеран 2 март({{padleft:1945|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:2|2|0}})
Вина меттиг Джуокьал юрт, Ахметан кIошт, Гуьржийчоь
Кхелхина терахь 2020 шеран 24 октябрь({{padleft:2020|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:24|2|0}}) (75 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала

Омар (Шота) Никович Гумашвили (1945 шеран 2 март - 2020 шеран 24 октябрь) - нохчийн спортхо (самбо), спортан журналист, нохчийн спортан журналистикан бух биллинчарах цхьаъ, СССР спортан говзанча.

Дахар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1945 шеран 2 мартехь Джуокьал юртахь (Ахметан кӀошт, Гуьржийчоь). 1963 шарахь цо чекхйаьккхира Гуьржийн ССР Цхалтубски кӀоштехь йолу школа-интернат. Дешна ваьллачул тӀаьхьа иза Соьлжа-ГӀале цӀавеара. 1968 шарахь цо чекхйаьккхина Нохч-ГӀалгӀайн хьехархойн институт. Институт чекхйаьккхича иза хьажийра ТӀехьа-Мартанера № 2 йолу школе хьехархон болх бан. Амма цуьнан болх бар ца нисделира — иза эскаре дӀавигир. Армехь иза вара Соьлжа-ГӀалин МВД спортан взводехь.

Иза чекхйаьккхинчул тӀехьа цо дукха болх бира тайп-тайпана спортан организацишкахь. Цо газеташкахь а, журналашкахь а, радиохь а, телевиденехь а кест-кеста буьйцура нохчийн спортхой а, цера кхиамаш а.

2009 шарахь Соьлжа-ГӀалахь арахийцира цо йазйина книга «Спортивные звёзды Чечни». Цу чохь цо буьцура нохчийн спортхой а, тренераш а, цера дахар а. Оцу книган чохь дара гулдина дукха нахан ца гина суьрташ а.

Библиографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Гумашвили О. Н. Спортивные звёзды Чечни / Бураева Т. И.. — Грозный: ФГУП Издательско-полиграфический комплекс "Грозненский рабочий", 2009. — 704 с. — ISBN 978-5900231-58-7.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]