Чулацаман тӀегӀо

Гудаев, Лоьма Рамзанович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Гудаев Лоьма Рамзанович
ГӀуллакхан тайпа журналист
Вина терахь 1961 шеран 5 январь({{padleft:1961|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:5|2|0}}) (63 шо)
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала НГӀАССР
Гражданалла Российн байракх Росси
СовгӀаташ

«Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал

Гудаев Лоьма Рамзанович (вина 1961 шеран 5 январехь, Соьлжа-ГӀалахь НГӀАССР) — Нохчийн Республикин арахьарчу уьйранийн, къоман политикин, зорбатохаран, хаамийн министран гӀовс. Кхин а республикехь «Ченет» цӀе йолу къийсадаларш долийнарг а ву, церан коьрта Ӏалашо — нохчийн Интернет-ресурсаш дӀакхайкхор йу. Нохчийн Республикин хьакъдолу журналист. Гудаев Лоьмин шен 50 шо кхочуш, цунах ах дахар журналистикехь болхбеш ву, Нохчийн Республикин коьртехь волчу Кадыров Рамзана Toyota Camry автомобиль йелла[1].

Вина 1961 шеран 5 январехь, НГӀАССР Соьлжа-ГӀалахь.

Тайпана ГӀордало ву. Лоьма гӀараваьллаволу нохчийн обарган Харачойн Зеламхин гергара ву[2][3].

Къоналла а, дешар а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Ишколехь дуьйна а волавелар Лоьма «Пионерская правда» газетехь статьяш йазйан. БархӀалгӀа классехь доьшуш а волуш, «Комсомольское племя» газетехь дӀайиллинчу къона корреспондентийн ишколе лелаш вара. Веданара Соьлжа-ГӀала лелавийзира цуьнан. Шен дешаран тӀехь болхбора цуо Веданахь библиотекашка лелаш, цӀеран библиотекехь гулдина жайнаш доьшуш.

Кечамбаран декъехь дешна ваьлчи, Орехово-Зуевн пачхьалкхан хьехархойн институте оьрсийн меттан а, литературин а факультете дешахоьттира. Институтехь тӀехдика доьшуш вара, дукха болхбора, шеен доттагӀа Розенфельд Зиновийца студентийн театран сценареш йазйора. Институтан студенташ кхечу цӀарца арахоьцура шайн журнал, тематика тайп-тайпана йара: байташ, проза, юурган рецепташ, кхин дерш а. Лоьма коьрта редактор а, критикан декъах жоп луш а вара. Журналаш кар-карахула лелаш дара, студентийн йукъарацӀеношкахула. Арахецнера 8 журнал, амма царах цхьаммма ректоран цӀарах критика совйаьккхина, журнал дӀакъевлира. 1983 шарахь Лоьмас институт чекх а йоккхий Даймахка цӀавоьрзу. Журналистикин факультете сехьаваларх цуьнан гӀуллакх ца хилар, Дешаран Министерствос хьехархой институтера университеташка дехьаваккхар ца магош омра делира[3][4][5].

Болх а, карьера а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

БархӀ шарахь болх бира Веданан кӀоштехь дош хьоьхуш. Болх шаверг ша дӀалуш бора Лоьмас, оцу хеннахь Ӏилманан а, йукъараллин а болхбо. Нохчийн меттара дешнийн этимологи йовза гӀерташ а вара. Республикин «Комсомольское племя» газетехь зорбатухуш а вара. Оцу хенахь Юнусов Хьамзат редактор волчу Веданан кӀоштан газетехь зорбатухуш а вара. Цигахь цунна бевзира журналисташ Дадаев С.-Хь. а, Джанаралиев 1. а. Царех пайда а белира. Цхьана дийнахь, Джанаралиевца къамел деш, Лоьмас хьахийра шен Ӏилманан болх, Джанаралиевс шега статья йешийтар дийхира. ТӀаккха Ӏимрана гайтира и болх партин кӀоштан комитетехь болхбеш волчу Нунуев Сайд-Хьамзатан. Лёмега кхайкхира историн, экономикин, социологин, филологин Нохч-ГӀалгӀайн Ӏилма-талламан институте къамеле. Иштта цунах лингвистин лабораторин белхало хилира. И болх боцуш, Лоьмас «Коммерсант», «Даймохк», «Возрождение» газеташца болх бора. Дукха хан йаллале меттигерчу радиокомпанис кхайкхийначу къовсамехь дакъа лаца кехаташ чуло. Къовсамхой шорта хилира, царна йукъахь гӀарабевллаболу журналисташ: Ахмаров Р., Ганаев А., Тарамов Х., кхин берш а. Лоьмас толам баьккхира, керла болх чӀогӀа хаза а хийтира цунна, цуо шаверг ша дӀавелира дезаш долчу гӀуллакхна.

Амма дукха хан йаллале Нохчийчохь, республикехь мел волчух хьакхалуш цхьана эшшара хиламаш хилира. Тайп-тайпана партеш а, гуламаш а, хийцабелла хьаькамаш, бара революцин кхайкхамаш. 1993 шарахь Лоьма дӀавола радиора, Нохчий Республикин арахьара гӀуллакхийн Министерстве балха воьду, протоколан департаментан куьйгалле хутту. Амма республикехь йуха а тӀемаш бовла, тӀамо цхьанне а хӀуманна бехкен боцу эзарнашкахь нах бойу. Дукха хан йаллале республикехь машар хуьлу. 1997 шарахь пачхьалкхан телерадиокомпани директор волчу Чабаев Лоьмас кхойкху Лоьмега телевидени. Лоьмин шен хаамийн-публицистин программа йу «Йилбазмохь» цӀе йолуш, программа дукхахчу нахана хаза а хийтира. ТӀаккха цунна дагадеара шен студи а йиллина документийн фильмаш йаха. Шен накъосташца (Атаев М., Дачаева С., Эдиев Д., монтажер Авторханов М.) цхьаьна карабора заказхой а карош документийн фильмаш йахара. Боццачу муьрехь уьш кхиара пхийттех фильм йаккха. Заказаш шорта йара, тӀейогӀучу заманахь а фильмаш планаш йара. Амма Нохчийн Республикехь тӀемаш дуьйладелира, цара планаш кхочушйан новкъарло йира[6].

1999 шарахь сентябрехь Лоьма автокатастрофе нисвелира, Нохчийн Республикехь оцу хенахь цхьацца кӀошташкахь тӀемаш дара, говза лоьраш бацара, кхерам бара ког дӀабаккха. Шен доьзалца иза ГӀалгӀайн Республике аравелира, йуха волавала Ӏамадийзира. Ӏасанаш тӀехь цӀа веара, тӀамо чӀогӀа йохийначу Соьлжа-ГӀала. Цамогуш воллушехь Лоьма вижина Ӏаш вацара — Ӏамош вара интернетан говзалла, республикехь а, дуьненахь а долу политикин хьал девзаш вара. Дукха а хиллачин ойлайора[3].

Политикин карьера

[бӀаьра нисйан | нисйан]

2005 шарахь Лоьма Нохчийн Республикин Президентан а, Правительствон а пресс-гӀуллакхан куьйгалхо хоттийра. Республикин куьйгалхочун Кадыров, Рамзан Ахматовичан уллохь нисвелчу цунна шенна хиира, куьйгалхочо ша ца кхоош даккхий белхаш дар Нохчийн Республикин гӀаланаш, йарташ, инфраструктура тоярехь[3].

2007 шарахь Британин The Sunday Times газето гӀарайаьккхира чубоьхкинчара мобилан телефон тӀейаьккхина кхоъ видеоролик, доьхьала Гудаев Лоьмас кхайкхийра шена иштта кадраш дайна, видеороликаш гӀевттинчара кхуьйсуш йу, ткъа дуьххьала хоьттина ойла гӀалате нисло аьлла. Билгалдаьккхира иза Нохчийчоьнан куьйгаллийн дуьхьала беш болу хаамийн тӀеман дакъа хилар[7][8].

2016 шарахь Гудаев Лоьмас «Кадыров — Российн сийлалла» цӀе йолу флешмоб арахийцира, оцу новкъа иза теттинарг «„системин арахьара оппозицино“ йина хаамийн агресси» йара, Гудаевн хетарехь цара Кадыровн гонаха «йаккхийн масштабашкахь болу хаамийн тӀом болийра». Иза Кадыров Рамзанан дуьхьал хилла ца Ӏаш, Российн Федерацин президентан Путин Владимиран[9] дуьхьал а бара, Гудаев Лоьмин флешмоб къобалйира кинорежиссера Бондарчук Фёдора, йишлакхархо, теле-радиолелорхо, Российн Федерацин Халкъан артист волчу Верник Игора, «Хьалхара канал» тӀехь передачаш лелош волу Соловьёв Тимура, йишлакхархой Тиматис, Басков Николайс[10][11][12].

Кинематографи

[бӀаьра нисйан | нисйан]

2004 шарахь Лоьмега доттагӀаша Х. Умхаевс, С.-Х. Дадаевс республикин Кинон ЦӀен болх карлабаккхар хьехадо. Коьртан чохь кхоллало дуккха керла хӀуманаш, амма иза кхочуш дан таро йац, техникин гӀирс ца хилар бахьанехь. Шен Ӏалашона тӀекхиа гӀертаро а, шен ойланаш кхочуш йан гӀертаро а болх бойту цуьнга цӀахь. Цуьнан аьтту хуьлу масех фильм яккха: «Акха дивизи», «Пхьаьрматан цӀе», «Некъ лелачо къарбийр бу»[3][6].

Белхан меттигаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • 1977 шарера 1978 шо кхаччалц — Ведан кӀоштера Дишни-Веданара Ленин цӀарахчу колхозехь белхало
  • 1983 шарера 1992 шо кхаччалц — Веданарчу № 2 йолчу ЮШ оьрсийн моттан а, литературин а хьехархо
  • 1992 шарахь — Нохч-ГӀалгӀайн Ӏилма-талламан институтан лингвистин лабораторин Ӏилманан белхало
  • 1992 шарера 1993 шо кхаччалц — Нохчийн Республикин Пачхьалкхан радиокомпанин коьртан редактор
  • 1993 шарера 1994 шо кхаччалц — Нохчийн Республикин Арахьара ГӀуллакхийн Министерствон протоколан департаментан хьаькам
  • 1994 шарера 1997 шо кхаччалц — Республикин берийн «СтелаӀад» журналан прозин декъан редактор
  • 1997 шарахь — НРИ Пачхьалкхан телевиденин а, радиокхайкхаман а телевиденин коьртан редактор
  • 1997 шарера 2003 шо кхаччалц — Соьлжа-ГӀалин НЭУ йукъарчу гӀуллакхийн хьаькаман гӀовс
  • 2004 шарера 2005 шо кхаччалц — ПУ "Нохчийн республикин «Кинон цӀен» техникин декъан директоран гӀовс
  • 2005 шарахь — Нохчийн Республикин Президентан а, Правительствон а пресс-гӀуллакхийн коьрта говзанча
  • 2005 шарера 2006 шо кхаччалц — Нохчийн Республикин Президентан пресс-гӀуллакхийн куьйгалхочун гӀовс
  • 2006 шарера 2007 шо кхаччалц — Нохчийн Республикин Правительствон Председателан пресс-секретаран пресс-гӀуллакхийн куьйгалхо
  • 2007 шарера 2009 шо кхаччалц — Нохчийн Республикин Президентан а, Правительствон а хаамийн-аналитикан урхаллин хьаькам[13]
  • 2009 шарахь — «Соьлжа-ГӀала» цӀе йолу НПТРК ПУ хаамийн программан редакцин редактор
  • 2009 шарера 2013 шо кхаччалц — Нохчийн Республикин Къоман политикин, зорбатохаран, хаамийн министран гӀовс
  • 2009 шарера 2013 шо кхаччалц — Нохчийн Республикин латтанаш кхиоран, къоман политикин, массийн коммуникацийн министерствон массийн коммуникацийн департаментан директор
  • 2013 шарера тахнелц — Нохчийн Республикин Къоман политикин, арахьарчу уьйранийн министран г1овс[4].

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]