Гудаев, Лоьма Рамзанович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Гудаев Лоьма Рамзанович
Гудаев, Лёма Рамзанович.jpg
ГӀуллакхан тайпа:

журналист

Вина терахь

1961 шеран 5 январь({{padleft:1961|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:5|2|0}}) (57 шо)

Вина меттиг

Соьлжа-ГӀала НГӀАССР

Гражданалла:

Российн байракх Росси

СовгӀаташ:

«Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал

Гудаев Лоьма Рамзанович (вина 1961 шеран 5 январехь, Соьлжа-ГӀалахь НГӀАССР) — Нохчийн Республикан арахьарчу уьйранийн, къоман политикан, зорбатохаран, хаамийн министран гӀовс. Кхин а республикехь «Ченет» цӀе йолу къийсадаларш долийнарг а ву, церан коьрта Ӏалашо — нохчийн Интернет-ресурсаш дӀакхайкхор ю. Нохчийн Республикан хьакъдолу журналист. Гудаев Лоьмин шен 50 шо кхочуш, цунах ах дахар журналистикехь болхбеш ву, Нохчийн Республикан коьртехь волчу Кадыров Рамзана Toyota Camry автомобиль елла[1].

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Вина 1961 шеран 5 январехь, НГӀАССР Соьлжа-ГӀалахь.

Лоьма гӀараваьллаволу нохчийн обарган Харачойн Зеламхин кӀентакӀентакӀентакӀант ву[2][3].

Къоналла а, дешар а[нисъе | нисъе чухулара]

Ишколехь дуьйна а волавелар Лоьма «Пионерская правда» газетехь статьяш язъян. БархӀалгӀа классехь доьшуш а волуш, «Комсомольское племя» газетехь дӀайиллинчу къона корреспондентийн ишколе лелаш вара. Веданара Соьлжа-ГӀала лелавийзира цуьнан. Шен дешаран тӀехь болхбора цуо Веданахь библиотекашка лелаш, цӀеран библиотекехь гулдина жайнаш доьшуш.

Кечамбаран декъехь дешна ваьлчи, Орехово-Зуевн пачхьалкхан хьехархойн институте оьрсийн меттан а, литературан а факультете дешахоьттира. Институтехь тӀехдика доьшуш вара, дукха болхбора, шеен доттагӀа Розенфельд Зиновийца студентийн театран сценареш язйора. Институтан студенташ кхечу цӀарца арахоьцура шайн журнал, тематика тайп-тайпана яра: байташ, проза, юурган рецепташ, кхин дерш а. Лоьма коьрта редактор а, критикан декъах жоп луш а вара. Журналаш кар-карахула лелаш дара, студентийн юкъарацӀеношкахула. Арахецнера 8 журнал, амма царах цхьаммма ректоран цӀарах критика совъяьккхина, журнал дӀакъевлира. 1983 шарахь Лоьмас институт чекх а йоккхий Даймахка цӀавоьрзу. Журналистикин факультете сехьаваларх цуьнан гӀуллакх ца хилар, Дешаран Министерствос хьехархой институтера университеташка дехьаваккхар ца магош омра делира[3][4][5].

Болх а, карьера а[нисъе | нисъе чухулара]

БархӀ шарахь болх бира Веданан кӀоштехь дош хьоьхуш. Болх шаверг ша дӀалуш бора Лоьмас, оцу хеннахь Ӏилманан а, юкъараллин а болхбо. Нохчийн меттара дешнийн этимологи йовза гӀерташ а вара. Республикан «Комсомольское племя» газетехь зорбатухуш а вара. Оцу хенахь Юнусов Хьамзат редактор волчу Веданан кӀоштан газетехь зорбатухуш а вара. Цигахь цунна бевзира журналисташ Дадаев С.-Хь. а, Джанаралиев 1. а. Царех пайда а белира. Цхьана дийнахь, Джанаралиевца къамел деш, Лоьмас хьахийра шен Ӏилманан болх, Джанаралиевс шега статья ешийтар дийхира. ТӀаккха Ӏимрана гайтира и болх партин кӀоштан комитетехь болхбеш волчу Нунуев Сайд-Хьамзатан. Лёмега кхайкхира историн, экономикан, социологин, филологин Нохч-ГӀалгӀайн Ӏилма-талламан институте къамеле. Иштта цунах лингвистин лабораторин белхало хилира. И болх боцуш, Лоьмас «Коммерсант», «Даймохк», «Возрождение» газеташца болх бора. Дукха хан ялале меттигерчу радиокомпанис кхайкхийначу къовсамехь дакъа лаца кехаташ чуло. Къовсамхой шорта хилира, царна юкъахь гӀарабевллаболу журналисташ: Ахмаров Р., Ганаев А., Тарамов Х., кхин берш а. Лоьмас толам баьккхира, керла болх чӀогӀа хаза а хийтира цунна, цуо шаверг ша дӀавелира дезаш долчу гӀуллакхна.

Амма дукха хан ялале Нохчийчохь, республикехь мел волчух хьакхалуш цхьана эшшара хиламаш хилира. Тайп-тайпана партеш а, гуламаш а, хийцабелла хьаькамаш, бара революцин кхайкхамаш. 1993 шарахь Лоьма дӀавола радиора, Нохчий Республикан арахьара гӀуллакхийн Министерстве балха воьду, протоколан департаментан куьйгалле хутту. Амма республикехь юха а тӀемаш бовла, тӀамо цхьанне а хӀуманна бехкен боцу эзарнашкахь нах бойу. Дукха хан ялале республикехь машар хуьлу. 1997 шарахь пачхьалкхан телерадиокомпани директор волчу Чабаев Лоьмас кхойкху Лоьмега телевидени. Лоьмин шен хаамийн-публицистин программа ю «Йилбазмохь» цӀе йолуш, программа дукхахчу нахана хаза а хийтира. ТӀаккха цунна дагадеара шен студи а йиллина документийн фильмаш яха. Шен накъосташца (Атаев М., Дачаева С., Эдиев Д., монтажер Авторханов М.) цхьаьна карабора заказхой а карош документийн фильмаш яхара. Боццачу муьрехь уьш кхиара пхийттех фильм йаккха. Заказаш шорта яра, тӀейогӀучу заманахь а фильмаш планаш яра. Амма Нохчийн Республикехь тӀемаш дуьйладелира, цара планаш кхочушъян новкъарло йира[6].

1999 шарахь сентябрехь Лоьма автокатастрофе нисвелира, Нохчийн Республикехь оцу хенахь цхьацца кӀошташкахь тӀемаш дара, говза лоьраш бацара, кхерам бара ког дӀабаккха. Шен доьзалца иза ГӀалгӀайн Республике аравелира, юха волавала Ӏамадийзира. Ӏасанаш тӀехь цӀа веара, тӀамо чӀогӀа йохийначу Соьлжа-ГӀала. Цамогуш воллушехь Лоьма вижина Ӏаш вацара — Ӏамош вара интернетан говзалла, республикехь а, дуьненахь а долу политикан хьал девзаш вара. Дукха а хиллачин ойлайора[3].

Политикан карьера[нисъе | нисъе чухулара]

2005 шарахь Лоьма Нохчийн Республикан Президентан а, Правительствон а пресс-гӀуллакхан куьйгалхо хоттийра. Республикан куьйгалхочун Кадыров, Рамзан Ахматовичан уллохь нисвелчу цунна шенна хиира, куьйгалхочо ша ца кхоош даккхий белхаш дар Нохчийн Республикан гӀаланаш, ярташ, инфраструктура тоярехь[3].

2007 шарахь Британин The Sunday Times газето гӀараяьккхира чубоьхкинчара мобилан телефон тӀеяьккхина кхоъ видеоролик, доьхьала Гудаев Лоьмас кхайкхийра шена иштта кадраш дайна, видеороликаш гӀевттинчара кхуьйсуш ю, ткъа дуьххьала хоьттина ойла гӀалате нисло аьлла. Билгалдаьккхира иза Нохчийчоьнан куьйгаллийн дуьхьала беш болу хаамийн тӀеман дакъа хилар[7][8].

Флешмоб[нисъе | нисъе чухулара]

2016 шарахь Гудаев Лоьмас «Кадыров — Российн сийлалла» цӀе йолу флешмоб арахийцира, оцу новкъа иза теттинарг «„системин арахьара оппозицино“ йина хаамийн агресси» яра, Гудаевн хетарехь цара Кадыровн гонаха «яккхийн масштабашкахь болу хаамийн тӀом болийра». Иза Кадыров Рамзанан дуьхьал хилла ца Ӏаш, Российн Федерацин президентан Путин Владимиран[9] дуьхьал а бара, Гудаев Лоьмин флешмоб къобалйира кинорежиссера Бондарчук Фёдора, йишлакхархо, теле-радиолелорхо, Российн Федерацин Халкъан артист волчу Верник Игора, «Хьалхара канал» тӀехь передачаш лелош волу Соловьёв Тимура, йишлакхархой Тиматис, Басков Николайс[10][11][12].

Кинематографи[нисъе | нисъе чухулара]

2004 шарахь Лоьмега доттагӀаша Х. Умхаевс, С.-Х. Дадаевс республикан Кинон ЦӀен болх карлабаккхар хьехадо. Коьртан чохь кхоллало дуккха керла хӀуманаш, амма иза кхочуш дан таро яц, техникан гӀирс ца хилар бахьанехь. Шен Ӏалашона тӀекхиа гӀертаро а, шен ойланаш кхочуш ян гӀертаро а болх бойту цуьнга цӀахь. Цуьнан аьтту хуьлу масех фильм яккха: «Акха дивизи», «Пхьаьрматан цӀе», «Некъ лелачо къарбийр бу»[3][6].

Белхан меттигаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • 1977 шарера 1978 шо кхаччалц — Ведан кӀоштера Дишни-Веданара Ленин цӀарахчу колхозехь белхало
  • 1983 шарера 1992 шо кхаччалц — Веданарчу № 2 йолчу ЮШ оьрсийн моттан а, литературан а хьехархо
  • 1992 шарахь — Нохч-ГӀалгӀайн Ӏилма-талламан институтан лингвистин лабораторин Ӏилман белхало
  • 1992 шарера 1993 шо кхаччалц — Нохчийн Республикан Пачхьалкхан радиокомпанин коьртан редактор
  • 1993 шарера 1994 шо кхаччалц — Нохчийн Республикан Арахьара ГӀуллакхийн Министерствон протоколан департаментан хьаькам
  • 1994 шарера 1997 шо кхаччалц — Республикан берийн «СтелаӀад» журналан прозин декъан редактор
  • 1997 шарахь — НРИ Пачхьалкхан телевиденин а, радиокхайкхаман а телевиденин коьртан редактор
  • 1997 шарера 2003 шо кхаччалц — Соьлжа-ГӀалин НЭУ юкъарчу гӀуллакхийн хьаькаман гӀовс
  • 2004 шарера 2005 шо кхаччалц — ПУ "Нохчийн республикан «Кинон цӀен» техникан декъан директоран гӀовс
  • 2005 шарахь — Нохчийн Республикан Президентан а, Правительствон а пресс-гӀуллакхийн коьрта говзанча
  • 2005 шарера 2006 шо кхаччалц — Нохчийн Республикан Президентан пресс-гӀуллакхийн куьйгалхочун гӀовс
  • 2006 шарера 2007 шо кхаччалц — Нохчийн Республикан Правительствон Председателан пресс-секретаран пресс-гӀуллакхийн куьйгалхо
  • 2007 шарера 2009 шо кхаччалц — Нохчийн Республикан Президентан а, Правительствон а хаамийн-аналитикан урхаллин хьаькам[13]
  • 2009 шарахь — «Соьлжа-ГӀала» цӀе йолу НПТРК ПУ хаамийн программан редакцин редактор
  • 2009 шарера 2013 шо кхаччалц — Нохчийн Республикан Къоман политикан, зорбатохаран, хаамийн министран гӀовс
  • 2009 шарера 2013 шо кхаччалц — Нохчийн Республикан латтанаш кхиоран, къоман политикан, массийн коммуникацийн министерствон массийн коммуникацийн департаментан директор
  • 2013 шарера тахнелц — Нохчийн Республикан Къоман политикан, арахьарчу уьйранийн министран г1овс[4].

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]