Грей, Катерина

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Грей Катерина
инг. Catherine Grey
Сурт
Бакъ цӀе инг. Lady Katherine Grey
Йина терахь 1540 август
Йина меттиг
Кхелхина терахь 1568 шеран 26 январь({{padleft:1568|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:26|2|0}})
Кхелхина меттиг
Да Грей Генри, 3-гӀа маркиз Дорсет
Нана леди Брэндон Фрэнсис
Майра 1. Герберт Генри, 2-гӀа граф Пембрук (мах бохийна)
2. Сеймур Эдуард, 1-ра граф Хартфорд
Бераш 2-гӀачу марех:
Сеймур Эдуард, виконт Бошан[en]
Сеймур Томас
Грей Катерина Викилармехь

Грей Катерина (инг. Catherine Grey, кхин а йаздора Katherine йа Katharine; август 154026 январь 1568)[1] — ГрейгӀеран йуккъера йиша. Цуьнан йоккхаха йолу йиша хилла «Исс дийнан паччахь-аьзни» Грей Джейн, жимахъерг — Грей Мария.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Доьзал а, сил-силан верасаллера роль а[нисйе бӀаьра | нисйе]

Леди Катерина шолгӀа йоӀ йара зудчунний, майрачунний ГрейгӀеран. Цуьнан да хилла Грей Генри, 3-гӀа маркиз Дорсет, нана — леди Брэндон Фрэнсис, иза йоӀ хилла Брэндон Чарльзан, Саффолкан 1-ра герцоган а, Францин паччахь-аьзни хилла Мария Тюдоран а.

Мария Тюдор хилла паччахьан Генриха VII а, Елизавета Йоркан а йоӀ, паччахьан Генрих VIII-гӀачун хуьлура жимаха йолу йиша. Цуьнан берийн бераш йижрий ГрейгӀар — Джейн а, Катерина а, Мария а 1543 шеран Ӏаршан когаметтачарех лаьцна актаца[en] а, Генриха VIII-гӀачун весетаца[en] а, хьахийна бара Ингалсан Ӏаршан когаметтаболчарна йукъахь, паччахьан берел Эдуардал, Мариял а, Елизаветел а тӀаьхьа. СтюартгӀеран некъийн векалш, Генриха VIII-гӀачун йоккхаха йолчу йишийн, Шотландин паччахь-аьзнин Маргарита Тюдоран (цуьнан йоӀ Дуглас Маргарет а, кӀентан йоӀ Мария Стюарт) цӀе Ӏаршан бакъо йолчарна йукъахь хьахийна йацара, амма масийттаза кхайкхайора шен тажан йолу бакъонаш Елизавета Тюдоран урхаллин заманахь[2][3].

Генрих VIII велира 1547 шарахь, ткъа цуьнан кӀант паччахь Эдуард VI Тюдор велира зуда йалийна а воцуш, бераш а доцуш 1553 шарахь. Пачхьалкхан харцамехь Эдуард хийцина леди Грей Джейн йожийра Ӏарш тӀехиина масех де даьлча, тӀаьхьа йийра. Ӏедале еина Мария I Тюдоран тӀаьхье ца хилира, иза еллачул тӀаьхьа 1558 шарахь паччахь хилира Елизавета. Урхаллин йуьххьехь дуьйна айира тӀаьхьенах дерг, хӀунда аьлча иза марехь йацара, бераш дацара, хууш дацара, шен майра мила хоржур ву. Генрих VIII-гӀачун весетера Ӏаршан тӀаьхьенех 1560-гӀа шерашкахь дийна болчарех йисинера йиъ: ша Елизавета, Грей Катерина, Грей Мария, Клиффорд Маргарет. Катеринин Ӏаьршан тӀаьхье хила шанс лакхара лорура, хӀунда аьлча, СтюартгӀар тӀаьхьенан сил-силан йукъара баьхнера, амма Елизавета тӀаьхьенах дерг хьахо лууш йацара[2].

Хьалхара шераш, хьалхара маре[нисйе бӀаьра | нисйе]

Катеринин хьалхара майра, лорд Генри Герберт

Дахаран хьалхара шераш Катеринас дехира йижаршца Джейнца а, Марияца а доларчу меттигехь Брадгейт[en]. Генрих VIII-гӀачо болийна килсан хийцамаша, зудабераш кхиорна Ӏаткъам бира. Церан да-нана дара луьра тӀаьхьа бозуш бара керла динан, ткъа йижрий ГрейгӀар хилира цуьнан догмашца кхиийна хьалхара чкъоьран Ингалсан векалш. Цул сов, шен заманан гӀиллакхашца уьш Ӏамабора шайн статусе хьаьжжина тегарш дан, юург ян, хӀусам лелон, хелхарш дан, музыкин гӀирсаш лакха Ӏамор, иштта тӀехдика дешар а Ӏамийра царна, дешаран коьрта агӀо йара кхечу мехкийн а, шира а меттанаш Ӏамор: латинин, ширажелтойн, французийн, италин[4]. Йижрийн йукъара хьехархойх цхьаъ вара Эйлмер Джон[en][5], цуо дешнера Кембриджан университетехь, ткъа ширажелтойн мотт Катеринас Ӏамийра Хардинг Томасан[en] куьйгаллица, иза профессор вара Оксфордан университетехь. Иза деша лууш йацара йа деша гӀерташ а йацара шен йоккхаха йолу йиша Джейн санна. Ткъа Джейн тӀаьхьа шен заманан дика дешна а, хьекъал долу зуда а санна гӀарайелира, амма, тӀехулара куц хаза хиларна, безаме хиларна, ненан ненах, французийн паччахь-аьзнех Мариях тера хиларна Катерина лорура йижрех ГрейгӀарах уггаре хазаниг[6].

Хьалхара майра хилира лорд Герберт Генри, иза вара Уильяман, Пембрукан 1-ра графан кӀант а, паччахь-аьзнин Парр Катаринин йишин кӀант а. Хетарехь, Катеринин а, Генрин а захало церан дайш-наноша дийцира 1550-гӀа шераш дуьйлалуш. Кхин а, шен политикин бартхочун доьзалца гергарло тесна Грей Генри, Пембрук чот йара паччахьан кертахь шен статус чӀагӀйан[7]. Катеринин а, Генрин а ловзар хилира, цуьнан йоккхаха йолу йишийн Джейнан ловзар Дадли Гилфордца долчу дийнахь — 1553 шеран 21 май[8] (я 25 майхь[9]) Стрэндера Дарем-хаусехь[en].

И ший а маре дира коьртехь Генриха VIII-гӀачун а, Екатерина Арагонан а йоӀ Мария Тюдор йолу католикийн парти Ӏедале ца яийтар Ӏалашо йолуш[10]. Паччахь-протестант Эдуард VI-гӀа, оцу хенахь вала воьжна волуш, хийцира тӀаьхьенан низам (хууш дац, шен лаамца йа Дадли Джонан, Нортумберлендан герцоган Ӏаткъамца)[11], йукъара йаьккхира тӀаьхьенан дакъа долу принцесса Мария, шен дена йина йиша принцесса Елизавета а, леди Брэндон Фрэнсис а, шен когаметта хӀоттийра леди Джейн а, цуьнан хин йолу тӀаьхье а[12]. Паччахь велира 1553 шеран 6 июлехь, ткъа 10 июлехь Грей Джейн кхайкхийра паччахь, Ӏаршан тӀаьхьенан керлачу низамца.

Кхин а Джейнан урхаллин деношкахь, граф Пембрук, Катеринин мардас сацам бира, принцессин-католикин агӀора вала, 1553 шеран 19 июлехь Джейн дӀайаьккхира, ткъа законехь йолу паччахь кхайкхийра принцесса Мария[13]. Шеш зудий майрий долу масех кӀирнах, Катерина герга йаханера шен майрачуьнца Генрица, амма хӀинца ГрейгӀеран доьзал цабезамехь бара, ткъа ша Пембрук халла кӀелхьаравелира церан декъах. Цуьнан хӀуъу хилча а йиш йацара нус доьзалхочух хилийта, керла гергарло гена даккха гӀерташ цуо нус арайаьккхира[14]. Катерина цӀа а йахана шен ненаца а жимаха йолу йишийца Марияца цхьаьна йаха йезаш йара. Цуьнан Генри Гербертца бина мах бохийра 1555 шо гергга долуш[1], тӀаккха а шиммо чӀагӀдора, шайн мах бохор бохо ма-беззара бохийна бохуш[15].

Леди Фрэнсис Брэндона, шен нанас Мария Тюдора а санна, Генрих VIII-гӀачун хьалхара зудчух Екатерина Арагонанах а, шех Мариях а, шен заманахь гӀолоцун дела а, дог лезин дела а, ша Ӏарш тӀе хиича керла паччахь-аьзнис пурба делира цунна а, цуьнан йоьӀаршна — Катеринина а, Мариян а — паччахьан керта йухаерза[14]. 1554 шеран июлехь ГрейгӀеран доьзалера зударий йукъатуьйхира Мариян гуонна. Протестанталла лелорах гучуйалан кхоьруш, леди Фрэнсиса шайн бакъ долу дин лечкъаде олура, шеш католикин дин лелош ду моттийта олий[16]. Цхьа шо даьлча иза йуха а маре йахара, жимаха йолчу йишийца йитира паччахьан керт, Катерина йисира паччахь-аьзнин Мариян фрейлина[17], ткъа иза башха дика йара цуьнца[18].

Паччахьан кертахь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Паччахьан кертахь дӀатаръелла (паччахь-аьзнин гергарниг санна, цуьнан бакъо йара шен чоь хила)[19], Катеринин доттагӀалла тасделира Сеймур Джейнца[en], лорд-протекторан Сомерсетан йоьӀца [20], уьш бераллехь дуьйна бевзаш бара. Леди Джейн хуьлура вешийн йоӀ еллачу паччахь-аьзнин Сеймур Джейн, цӀе а цунна лерамна тиллинера. 1558 шеран аьхка Джейн а, Катерина а хьошалгӀахь йара СеймургӀеран цӀахь Ханвортехь, цигахь Катеринина вевзира Джейнан ваша, Сеймур Эдуард, граф Хартфорд. Катеринин а, Эдуардан а йукъахь романтикин йукъаметтигаш хилира, цуьнан нана[en] чӀогӀа дуьхьала йоллушехь оцу захалонна[21], 1559 шеран мартехь Хартфорда леди Фрэнсисе йийхира цуьнан йоӀ, амма цуо жоп ца делира цунна. Иза реза йара захалонна, амма нагахь иза магахь Мариял тӀаьхьа Ӏарш дӀалаьцначу керлачу паччахь-аьзнин Елизаветин[22]. ТӀаккха а ша йалале 1559 шеран ноябрехь леди Фрэнсиса кехат йаздира паччахь-аьзнега Катеринин Хартфордега маре йаха пурба доьхуш, амма иза, хетарехь, дӀа ца тессера[23].

Оьздангаллех[нисйе бӀаьра | нисйе]

Грей Катерина коьрта персонаж йу британин йаздархочун а, историкан а Уир Алисонан «Кхераме тӀаьхье» цӀе йолу историн романехь, ткъа иштта коьртачух цхьа турпалхо Грегори Филиппин «ТюдоргӀеран тайпанах тӀаьххьарниг» цӀе йолчу романехь.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 Lady Catherine Grey (ингалс.). thepeerage.com. Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 31 мартехь. Теллина 2010 шеран 13 майхь.
  2. 1 2 Эриксон, 2005, с. 244.
  3. Lisle, 2009, pp. 25—26.
  4. Lisle, 2009, pp. 14—17.
  5. Strickland, 1868, p. 186.
  6. Lisle, 2009, pp. 14, 41.
  7. Lisle, 2009, p. 92.
  8. Эриксон, 2005, с. 367.
  9. Lisle, 2009, p. 102.
  10. Lisle, 2009, p. 101.
  11. Эриксон, 2005, с. 121.
  12. Lisle, 2009, p. 104.
  13. Lisle, 2009, pp. 122—123.
  14. 1 2 Strickland, 1868, p. 190.
  15. Lisle, 2009, p. 128.
  16. Lisle, 2009, pp. 159—161, 172.
  17. Lisle, 2009, p. 168.
  18. Lisle, 2009, p. 76.
  19. Lisle, 2009, p. 169.
  20. Strickland, 1868, p. 191.
  21. Lisle, 2009, pp. 172—174.
  22. Strickland, 1868, pp. 193—194.
  23. Strickland, 1868, pp. 195—196.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]