Гостев, Руслан Георгиевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Руслан Георгиевич Гостев
2013 шо
Вина терахь 1945 шеран 11 январь({{padleft:1945|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:11|2|0}}) (79 шо)
Вина меттиг Поти, Гуьржийн ССР, ССРС
Гражданалла:  ССРС
 Росси
Ӏилманан тӀегӀа:
Парти: РФКП
ГӀулаккхан тайп: Пачхьалкхан думин депутат
Да: Георгий
Страница на сайте КПРФ
Викилармин логотип Руслан Георгиевич Гостев Викилармехь

Го́стев Русла́н Гео́ргиевич (вина 1945 шеран 11 январь) — российн политикин гӀуллакххо, хьалхара (1993—1995) шолгӀа (1995—1999), кхоалгӀа (1999—2003), боьалгӀа (2003—2007), пхоьалгӀа (2007—2011), йалхолгӀа кхайкхамийн Пачхьалкхан думийн (2011 шарахь дуьйна) депутат, РФКП фракцин декъахо. 1993—2008 шерашкахь РФКП Воронежан областан комитетан хьалхара секретарь.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1945 шеран 11 январехь Поти гӀалахь (хӀинца — Гуьржийчоь). Ишкол чекхйаьккхира Воронежан областера Кантемировкан кӀоштахь. 1964—1967 шерашкахь Советийн Эскаран гӀуллакхехь вара. 1968—1969 шерашкахь — ВПХьИ говзаллийн бертан комитетан председатель, иза цуо чекхйаьккхира 1970 шарахь «историн а, йукъараллайовзаран а хьехархо» говзаллица.

1969—1976 шерашкахь — Воронежа ЙЛККС центран кӀошткоман секретарь, хьалхара секретарь, ЙЛККС воронежан обкоман секретарь, шолгӀа секретарь. 1976—1993 шерашкахь хьийхира Воронежан лдмашкахь, лакхара хьехархо, доцент, кафедрин куьйгалхо белхаш бира.

1990—1991 шерашкахь — ССКП воронежан областан комитетан секретарь. 1991—1993 шерашкахь — ВПХьУ профессор. Историн Ӏилманийн доктор, Ӏилманийн йаззамийн автор, цхьа могӀа жайнийн а, Ӏилманан гуламийн а редактор. 1993 шарахь хаьржина РФКП ЦКхК декъахо. Партин болх денбинчул тӀаьхьа РФКП Воронежан обкоман хьалхара секретарь.

1993 шеран декабрехь РФКП испискашна йукъахь хаьржина хьалхара кхайкхаман Пачхьалкхан думин. Р. Г. Гостевс иштта баллотировка йира Воронежан областера Аннински цхьаьнамандатан харжаман гуонехь, амма ийшира АПР йукъара Н. В. Париновна[1]. могушалла Ӏалашйаран комитетан декъахо хилла.

1995 шарахь Воронежан областера Левобережни харжаман гуонера шолгӀа кхайкхаман Пачхьалкхан думин депутат хаьржина. Гуонехь баллотировка йеш вара 12 кандидат, кхаж тасарехь дакъалецира 64,32 % регистраци йинчу харжамхоша. Гостевс хьалхара меттиг йаьккхира, 24,04 % кхаьжнаш гулбина. Гуонехь цуьнан коьрта къовсамхо вара Е. Н. Воробьев а, цуо гулбира 10,48 % кхаьжнаш, С. Ю. Королев а, 8,85 %[1] кхаьжнаш. Туризман а, спортан а комитетан декъахо. Дуьненайукъара ассамьлейн Пачхьалкхийн — ЛДП декъахойн оьздангаллин, Ӏилманан, дешаран, хаамийн белхан комиссин декъахо.

«Российн Халкъан-патриотийн бертан» (РХПБ) воронежан областан декъан председатель а, РХПН координацин кхеташонан декъахо а хилла. 1996 шарахьпрезидентан харжамашкахь Зюганов Геннадийн Воронежан областера тешам белла стаг вара. 1997 шеран апрелехь хаьржина РФКП ЦК декъа. 1997 шарахь 15 дийнахь мацалла хьийгира алапаш а, пенсеш а ца даларна реза воцуш.

Хьосташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]