Чулацаман тӀегӀо

Госсен, Герман Генрих

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Госсен, Герман Генрих
нем. Hermann Heinrich Gossen
Вина терахь 1810 шеран 7 сентябрь({{padleft:1810|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:7|2|0}})[1][2][…]
Йина меттиг
Кхелхина терахь 1858 шеран 13 февраль({{padleft:1858|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:13|2|0}})[1][2][…] (47 шо)
Кхелхина меттиг
Пачхьалкх
ГӀуллакхан тайпа экономист
Ӏилманан кхоче экономикин Ӏилма[4]
Альма-матер
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Герман Генрих Госсен (нем. Hermann Heinrich Gossen; 1810 шеран 7 сентябрехь(18100907), Дуьрен, — 1858 шеран 13 февралехь, Коьльн) — пруссин экономист, экономикехь математикин а, австрин ишколан а хьалхе йерг, дуьххьара математикаца кхоьллина йисттера пайданаллин теорин коьрта принципаш, Госсенан законийн автор[5].

Госсен вина 1810 шеран 7 сентябрехь Рейнан областан Дуьренехь, иза французаш дӀалаьцна йолуш. Да Госсен Георг Джозеф (15.12.1780—7.10.1847), французин балхахь налогаш лахьориг вара, ткъа нана Мехтхильда Мария Анна (дуьнен тӀейолуш Шолль) (22.02.1768—29.06.1833), чӀогӀа динехь йара, цара кхиош вара Герман а цуьнан ши ваша а къовламе католикин динехь. 1824 шарахь доьзал дӀакхелхира Муффендорфе[6]. Дуьххьарлера а, йуккъера а дешар чекхдаьккхина масех немцойн гӀаланашкахь. [7].

1829—1831 шерашкахь Боннан университетехь юристийн говзалле дешна, 1831 шарахь деша вахана Берлинан университете, амма цхьа семестр чекхйаьлча цуьнан Бонне йухаверзавийзира Берлинехь иккхинчу чоьнан ун бахьнехь[6].

1834 шеран октябрера 1847 шарахь пенсе ваххалц лахара юрист болхбо Коьльнан пруссин администрацехь. 1847—1849 шерашкахь болхбира Коьльнан лардаларан компанехь. 1854 шарахь чоьнан ун хилира, ткъа 1857 шарахь пехашна йовхарийн цамгар кхийтира, цунах валар хилира 1858 шеран 13 февралехь Коьльнехь[6].

1854 шарахь зорбатоьхна болу Госсенан белхан иза дийна волуш мах ца хиира, амма 1878 шарахь экономиста У.Джевонса къобалбира цуьнан болх, иза гӀара а баьккхира[7].

1997 шарахь дуьйна хӀора шарахь Госсенан цӀарах Социалан политикин союзо ло Госсенан преми[8].

Ӏилмане коьрта дакъа

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Шен 1854 шарахь зорбатоьхначу «Йукъараллин хийцаран а, цигара арайовлу йукъараллин йохк-эцаран бакъонийн законаш кхиар» цӀе йолчу жайнахь Госсена математикаца йисттера пайданаллин теорин коьрта принципаш кхоьллина. Цуо формула йелла Госсенан шина законна, дукхах дерг синхаамца бира теоретикан а, математикин а Вальрас Леонан, Джевонс Уильяман, кхин математикин ишколийн векалшан хӀиттамаш. [9].

Госсенан шолгӀа закон: «Адаман кхочу максимум дахаран хазалла, нагахь цуо даьккхина ахча тайп-тайпанчу синкъерамашна йукъахь иштта декъахь, тӀаьххьара доьхкина хӀора синкъераман атомна ахчано ло цхьатерра хазалла»[7].

Ладаме экономикин процессаш хьоьхура максимум пайданаллин ойланийн позицера. Оцу законаш экономикин уьйранаш гойту математикин агӀора гарца. Йаздина мотт чолхе хилар а, дукха формулех дуьзина хилар а бахьнехь цуьнан жайна дисина кӀезиг экземплярашкахь. Госсенан Австрин ишколан теорино цхьана тосу могӀа йукъара методологин принципаш[9].

Библиографи

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 Hermann Heinrich Gossen // Энциклопедия Брокгауз (нем.)
  2. 1 2 Hermann Heinrich Gossen // Proleksis enciklopedija, Opća i nacionalna enciklopedija (хорв.) — 2009.
  3. 1 2 Госсен Герман Генрих // Большая советская энциклопедия: [в 30 т.] / под ред. А. М. Прохорова — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.
  4. Чешская национальная авторитетная база данных
  5. Госсен Герман Генрих / Титарёв Б.М. // Гоголь — Дебит. — М. : Советская энциклопедия, 1972. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 7).
  6. 1 2 3 Kurz H.D. Hermann Heinrich Gossen (1810—1858). — University of Graz, 2008.
  7. 1 2 3 Блауг М. 100 великих экономистов до Кейнса. — СПб.:Экономикус, 2008. — С. 88-90. — ISBN 978-5-903816-01-9.
  8. Verein für Socialpolitik. Gossen Prize.
  9. 1 2 50 лекций по микроэкономике: В двух томах / Тарасевич Л.С., Гальперин В.М., Игнатьев С.М. — СПб.:Экономическая школа, 2004. — Т. 1. — ISBN 5-902402-04-2.