Госсен, Герман Генрих

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Госсен, Герман Генрих
Вина терахь

1810 шеран 7 сентябрь({{padleft:1810|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:7|2|0}})[1][2]

Кхелхина терахь:

1858 шеран 13 февраль({{padleft:1858|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:13|2|0}})[1][2] (47 шо)

Кхелхина меттиг:

Кёльн, Рейнская провинция[d], Королевство Пруссия[d], Германский союз[d][3]

Пачхьалкх:

Германи

Ӏилманан кхоче:

экономикан Ӏилма[d]

Альма-матер:

Боннан университет[d]

Герман Генрих Госсен (нем. Hermann Heinrich Gossen; 7 сентябрь 1810(18100907), Дюрен, — 13 февраль 1858, Кёльн) — пруссин экономист, экономикехь математикан а, австрин ишколан а хьалхе ерг, дуьххьара математикаца кхоьллина йисттера пайданаллин теорин коьрта принципаш, Госсенан законийн автор[4].

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Госсен вина 1810 шеран 7 сентябрехь Рейнан областан Дюренехь, иза французаш дӀалаьцна йолуш. Да Госсен Георг Джозеф (15.12.1780—7.10.1847), французин балхахь налогаш лахьориг вара, ткъа нана Мехтхильда Мария Анна (дуьнен тӀейолуш Шолль) (22.02.1768—29.06.1833), чӀогӀа динехь яра, цара кхиош вара Герман а цуьнан ши ваша а къовламе католикин динехь. 1824 шарахь доьзал дӀакхелхира Муффендорфе[5]. Дуьххьарлера а, юккъера а дешар чекхдаьккхина масех немцойн гӀаланашкахь. [6].

1829—1831 шерашкахь Боннан университетехь юристийн говзалле дешна, 1831 шарахь деша вахана Берлинан университете, амма цхьа семестр чекхъяьлча цуьнан Бонне юхаверзавийзира Берлинехь иккхинчу чоьнан ун бахьнехь[5].

1834 шеран октябрера 1847 шарахь пенсе ваххалц лахара юрист болхбо Кёльнан пруссин администрацехь. 1847—1849 шерашкахь болхбира Кёльнан лардаларан компанехь. 1854 шарахь чоьнан ун хилира, ткъа 1857 шарахь пехашна йовхарийн цамгар кхийтира, цунах валар хилира 1858 шеран 13 февралехь Кёльнехь[5].

Эс[нисъе | нисъе чухулара]

1854 шарахь зорбатоьхна болу Госсенан белхан иза дийна волуш мах ца хиира, амма 1878 шарахь экономиста У.Джевонса къобалбира цуьнан болх, иза гӀара а баьккхира[6].

1997 шарахь дуьйна хӀора шарахь Госсенан цӀарах Социалан политикан союзо ло Госсенан преми[7].

Ӏилмане коьрта дакъа[нисъе | нисъе чухулара]

Шен 1854 шарахь зорбатоьхначу «Юкъараллин хийцаран а, цигара арайовлу юкъараллин йохк-эцаран бакъонийн законаш кхиар» цӀе йолчу жайнахь Госсена математикаца йисттера пайданаллин теорин коьрта принципаш кхоьллина. Цуо формула елла Госсенан шина законна, дукхах дерг синхаамца бира теоретикан а, математикан а Вальрас Леонан, Джевонс Уильяман, кхин математикан ишколийн векалшан хӀиттамаш. [8].

Госсенан шолгӀа закон: «Адаман кхочу максимум дахаран хазалла, нагахь цуо даьккхина ахча тайп-тайпанчу синкъерамашна юкъахь иштта декъахь, тӀеххьара доьхкина хӀора синкъераман атомна ахчано ло цхьатерра хазалла»[6].

Ладаме экономикан процессаш хьоьхура максимум пайданаллин ойланийн позицера. Оцу законаш экономикан уьйранаш гойту математикан агӀора гарца. Яздина мотт чолхе хилар а, дукха формулех дуьзина хилар а бахьнехь цуьнан жайна дисина кӀезиг экземплярашкахь. Госсенан Австрин ишколан теорино цхьана тосу могӀа юкъара методологин принципаш[8].

Библиографи[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 Немецкая национальная библиотека, Берлинская государственная библиотека, Баварская государственная библиотека и др. Record #118696629 // Общий нормативный контроль (GND) — 2012—2016.
  2. 1 2 идентификатор BNF: платформа открытых данных — 2011.
  3. Госсен Герман Генрих // Большая советская энциклопедия: [в 30 т.] / под ред. А. М. Прохоров — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.
  4. Госсен Герман Генрих / Титарёв Б.М. // Гоголь — Дебит. — М. : Советская энциклопедия, 1972. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 7).
  5. 1 2 3 Kurz H.D. Hermann Heinrich Gossen (1810—1858). — University of Graz, 2008.
  6. 1 2 3 Блауг М. 100 великих экономистов до Кейнса. — СПб.:Экономикус, 2008. — С. 88-90. — ISBN 978-5-903816-01-9.
  7. Verein für Socialpolitik Gossen Prize.
  8. 1 2 50 лекций по микроэкономике: В двух томах / Тарасевич Л.С., Гальперин В.М., Игнатьев С.М. — СПб.:Экономическая школа, 2004. — Т. 1. — ISBN 5-902402-04-2.