Горбачёв Михаил

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Горбачёв Михаил
оьрс. Михаил Сергеевич Горбачёв
Сурт
Бакъ цӀе оьрс. Михаил Сергеевич Горбачёв
ГӀуллакхан тайпа политик а, юрист а
Вина терахь 1931 шеран 2 март({{padleft:1931|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:2|2|0}})[1][2][3][…] (90 шо)
Вина меттиг
Commons-logo.svg Горбачёв Михаил Викилармехь

Горбачёв Михаил Сергеевич — советийн а, оьрсийн а пачхьалкхан а, политикин а, партин а, юкъараллин а гӀуллакхо ву. Исторехь Оьрсийчоьнан уггар дукха веха паччахь ву[4].

ТӀаьххьара Советийн Бертан Коммунистин Партин Юккъарчу комитетан коьрта секретарь ву (1985—1991). 1988—1989 шерашкахь Советийн Социалистийн Республикийн Бертан Лакхарчу Кхеташонан Президиуман тӀаьххьара Пирсдатал вара. Юха 1989—1990 шерашкахь Советийн Социалистийн Республикийн Бертан Лакхарчу Кхеташонан хьалхара пирсдатал вара. Хьалхара а, цхьаъ бен воцу ССРБ-ан президент вара (1990—1991)[5].

Горбачёв-Фонд цӀе йолчу коммерци лелош йоцчу кхолламан бухбиллархо ву. 1933-чу шарера схьа дуьйна «Новая ежедневная газета» цӀе йолу къевлина акционерийн юкъаралла кхоллиначарех цхьаъ ву, газетан редакцин кхеташонан декъашхо ву.

Дукха совгӀаташ а, сийлахь цӀерш а ю цуьнан. Царна юкъахь 1990-чу шарахь делла Нобелан машаран преми ю. Горбачёв пачхьалкхан а, Советийн Бертан Коммунистийн Партин а куьйгаллехь волчу муьрехь Советийн Бертахь баккхий хийцамаш хилла. Дуьненан историн Ӏаткъам бина цара. Хийцамаш юкъахь дара:

  • советийн система хийца гӀортар, цу заманах «ЮхадӀахӀоттор» (оьрс. «Перестройка») олу. Советийн Бертахь нахана дерриг гуш хилар а, хууш хилар а, дешан а, зорбанан а бакъо а, демократийн харжамаш юкъабахар, цул сов социалистийн экономика базаран (рынкан) кепе ерзор (и реформа бахьана долуш йолаелира кӀорга экономикан кризис[6]);
  • «Шийла тӀом чекхбалар» а берзар;
  • ОвхӀанера советийн эскар арадакххар;
  • коммунистийн идеологин пачхьалкхан статус дӀаяккхар а, кхин ойла йолу нах Ӏад а битар а.
  • Советийн Социалистийн Республикийн Барт а, Малхбален Европин социалистийн пачхьалкхаш а демократин некъе йовлар а, уьш базаран экономике ерзар а бахьана долуш ССРБ а, Варшавин блок а йохар а.

Хьостанаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Немецкая национальная библиотека, Берлинская государственная библиотека, Баварская государственная библиотека и др. Record #11874660X // Общий нормативный контроль (GND) — 2012—2016.
  2. Горбачёв Михаил Сергеевич // Большая советская энциклопедия: [в 30 т.] / под ред. А. М. Прохорова — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.
  3. SNAC — 2010.
  4. Горбачев стал самым долгоживущим российским правителем
  5. Черняев А. С., Вебер А. Б., Палажченко П. Р. Союз можно было сохранить. Белая книга: документы и факты о политике М. С. Горбачёва по реформированию и сохранению многонационального государства. — М.: АСТ, 2007. — Тираж 5000 экз. — ISBN 5-17-042051-X.
  6. Перестройка Горбачёва (Лекция по истории. Хусаинов Р.В.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). husain-off.ru. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2019 шеран 30 августехь. Теллина 2019 шеран 7 декабрехь.