Гилбертан гӀайренаш
Гилбертан гӀайренаш | |
---|---|
инг. Gilbert Islands | |
![]() Гилбертан гӀайренаш | |
Амалш | |
Майда | 279,23 км² |
Бахархой | 93 496 стаг (2010) |
Луьсталла | 334,84 стаг/км² |
Лаьтта меттиг | |
0°00′ къ. ш. 173°50′ м. д.HGЯO | |
Архипелаг | Гилбертан гӀайренаш |
Акватори | Тийна океан |
Пачхьалкх | |
![]() |
Ги́лбертан гӀайре́наш (инг. Gilbert Islands) — Тийна океанан Микронезера (3°17' къ.с. ш. а, 2°38' къ. ш.) малхбуза декъера гӀайренийн тоба. Юкъахь хилла ингалсан Гилбертан а, Эллисан а гӀайренаш цӀе йолчу колонин. Тахана юкъахь ю Кирибати пачхьалкхан. ГӀайренашна юкъахь 16 маржанан атолл ю. Майда 279,23 км². Бахархой 93 496 стаг (2010)[1]. Административан юкъ — Тарава гӀала.
Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Экваторан климат ю, иза йовха а, тӀуьна а, делахь а, къилба а, цкъаццӀа юккъера а гӀайренашна тӀехь йоӀалла хӀутту. Коьллийн ораматаш. Кхиадо кокосан пальмаш, хасстоьмаш, стоьмаш.
Географи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Примечани: Атолл Тарава екъна кхаа харжаман гуон:
- Къилба Тарава я Teinainano Urban Council (Баирикера Бонрики кхаччалц);
- Бетио я Betio Town Council;
- Къилбаседа Тарава я Tarawa Ieta.
Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]
Гилбертан гӀайренаш дӀайиллина ингалсан хӀордан эпсарша 1764 а, 1824 шерашна юкъарчу муьрехь. ЦӀе тиллина капитан Гилберт Томасан цӀарах, иза хилла оцу гӀайренаш тӀехь 1788 шарахь.
Хьажа кхин а[нисъе бӀаьра | нисъе]
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ Kiribati Census Report 2010 Volume 1. National Statistics Office, Ministry of Finance and Economic Development, Government of Kiribati. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 10 августехь.