Герми (шахӀрестан)
| ШахӀрестан (АД 2-гӀа тегӀа) | |
| Герми | |
|---|---|
| гӀаж. شهرستان گرمی | |
| | |
| 39°02′ къ. ш. 48°03′ м. д.HGЯO | |
| Пачхьалкх | Иран |
| Йукъайоду | Ардебиль |
| Адм. центр | Герми |
| Истори а, географи а | |
| Латта | 2793 км² |
| Локхалла | |
| • Максималан | 2200 м |
| • Минималан | 250 м |
| Сахьтан аса | UTC+3:30 |
| Йаккхий гӀаланаш | Захра |
| Бахархой | |
| Бахархой | 76 901 стаг (2016) |
| Къаьмнийн хӀоттам | азербайджанаш |
| Динан хӀоттам | Бусулба-шиӀиташ |
| Официалан мотт | азербайджанийн мотт |
|
|
|
| Билгалдахарш: Герми (шахӀрестан) at GEOnet Names Server | |
Герми (гӀаж. شهرستان گرمی) — Иранан къилба-малхбузен декъера Ардебиль останан шахӀрестан. Административан центр — Герми гӀала[1]. Иза йу останан коьртачу гӀалин Ардебилан 110 километр гена. Хьалха хилла цӀе — Муган.
Этимологи
[бӀаьра нисйан | нисйан]«Герми» бохучу дешан этимологих лаьцна тайп-тайпана ойланаш йу. Цунах лаьцна йаздина уггар шира жайна 22 хӀиджрин (671 гергга шо) шарахь кхолладелла ду. Цхьаболчу историкашна хетарехь, и дош парфянийн йа аланийн орамаш долуш ду. Кхечу теорица, «Гер» (ширагӀажарийн маттахь — цӀе) а, «Ми» (Митр йа Малх) а дешнех кхолладелла ду иза, цуьнан маьӀна «малхан цӀе» бохург ду.
Истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Герми шахӀрестанан истори тытталла йоьзна йу Муганан аренан историца. Муганан истори 4 муьре йекъало: антикалла, Парфянийн а, Сасанидийн а мур, Ислам схьакхачар тӀера Сефевидийн муьре кхаччалц а, керла зама а. 2018 шарахь Захра эвлан гӀалин статус йелира[2]. 2019 шарахь Унгут бахш Герми шахӀрестанан йукъара **дӀакъастина**, цунах Унгут шахӀрестан кхоьллира[3].
Бахархой
[бӀаьра нисйан | нисйан]2006 шеран ларарца шахӀрестанан бахархой бара 89 248 стаг (18 710 кхерч)[4]. 2011 шарахь — 84 267 стаг (21 156 кхерч)[5]. 2016 шеран ларарца — 76 901 стаг (22 349 кхерч)[6].
Бахархой коьртачу декъана азербайджанаш бу, бистхуьлу азербайджанийн маттахь, дин — бусулба-шиӀиташ ду.
Административан йекъайалар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Герми шахӀрестанан административан хӀоттам:
| Административан декъаш | 2006 | 2011 | 2016 |
|---|---|---|---|
| Централан бахш | 48 790 | 47 449 | 43 990 |
| Ани (йуьртан гуо) | 6 251 | 5 421 | 4 364 |
| Оджаруд-е Гхарби (йуьртан гуо) | 7 849 | 7 775 | 6 523 |
| Оджаруд-е Маркази (йуьртан гуо) | 2 301 | 1 772 | 1 304 |
| Оджаруд-е Шомали (йуьртан гуо) | 4 041 | 3 528 | 2 832 |
| Герми (гӀала) | 28 348 | 28 953 | 28 967 |
| Муран бахш | 12 964 | 11 124 | 10 019 |
| Азадлу (йуьртан гуо) | 4 720 | 4 197 | 3 855 |
| Оджаруд-е Шарки (йуьртан гуо) | 8 244 | 6 927 | 6 164 |
| Захра (гӀала)[lower-alpha 1] | — | — | — |
| Йерриг | 89 248 | 84 267 | 76 901 |
Географи а, климат а
[бӀаьра нисйан | нисйан]ШахӀрестанан майда 1725 квадратан километр гергга йу. Локхалла хӀордан тегӀанал 250 метр (къилба-малхбузехь) тӀера 2200 метр (къилба-малхбалехь, Салават лаьмнаш) тӀекхаччалц йу. Герми шахӀрестанан климат йуккъерчу хӀордан климатах тера йу. Шоьнехь догӀанан йуккъера барам 460 мм бу. Коьрта хиш — Дареруд а, Балхари а. ШахӀрестанан мехкашкахь дуккха а дарбанан орамаш (чӀагардиг-цӀа, баппа, ромшка а, кхин а) а, стоьмийн дитташ а кхуьу.
Экономика
[бӀаьра нисйан | нисйан]Экономикин бух бу йуьртабахам а, даьхнилелор а. Лаьттахь коьрта лелош йолу культураш йу кӀа а, муьста стоьмаш а (нектарин, гранат, Ӏаж а, кхин а). Промышленностехь коьрта меттиг дӀалоцу вентилаш йаро.
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ 2016 шарахь гӀалин статус йелла
- ↑ Hassan Habibi. تصویب سازمان و سلسله تابعیت عناصر و واحدهای تقسیمات کشوری استان آذربایجان شرقی (гӀажар.). وزارت کشور (1990 шеран 12 сентябрь). ТӀекхочу дата: 2025 шеран 18 июнь.
- ↑ Abdolreza Rahmani Fazli. مصوبات وزارت کشور پیرامون تبدیل روستاهای مرکز بخش به شهر (гӀажар.). وزارت کشور (2018 шеран 29 июль). ТӀекхочу дата: 2025 шеран 18 июнь.
- ↑ Eshaq Jahangiri. تصویب نامه в خصوص تقسیمات کشوری в شهرستانهای جم، کنگان (гӀажар.). Research Center of the Islamic Consultative Assembly of Iran (2019 шеран 26 февраль). ТӀекхочу дата: 2025 шеран 19 июнь.
- ↑ سرشماری عمومی نفوس و مسکن 1385 : استان اردبیل (гӀажар.) (Excel). Statistical Centre of Iran. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 19 июнь.
- ↑ سرشماری عمومی نفوس و مسکن 1390 : استان اردبیل (гӀажар.) (Excel). Iran Data Portal — Statistical Centre of Iran. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 19 июнь.
- ↑ سرشماری عمومی نفوس و مسکن 1395 : استان اردبیل (гӀажар.) (Excel). Statistical Centre of Iran. ТӀекхочу дата: 2025 шеран 19 июнь.