Герман, Анна
| Герман Анна пол. Anna German | |||
|---|---|---|---|
| | |||
| Коьрта хаам | |||
| Бакъ цӀе |
оьрс. Анна Виктория Евгеньевна Герман пол. Anna Wiktoria German нем. Anna Viktoria Hörmann |
||
| Йуьззина цӀе | Герман-Тухольская Анна Виктория | ||
| Йина терахь | 1936 шеран 14 февраль | ||
| Йина меттиг | |||
| Кхелхина терахь | 1982 шеран 26 август (46 шо) | ||
| Кхелхина меттиг | Варшава, Польша | ||
| Пачхьалкх | |||
| Эшаран аз | колоратурни сопрано | ||
| СовгӀаташ |
|
||
| Автограф | |||
Ге́рман А́нна Викто́рия (нем. Anna Viktoria Hörmann, пол. Anna Wiktoria German; 1972 шарахь дуьйна — пол. Anna Wiktoria German-Tucholska; 1936 шеран 14 февраль[2], Ургенч[вд][1] — 1982 шеран 26 август[3][4], Варшава[1]) — немцойх-голландхой[5][6] схьайалар долу советийн а, полякийн а йишлакхархо, поэт а, композитор а. ГӀарайаьлла йишлакхархо дуьненан тайп-тайпана меттанашкахь, уггаре хьалха локхура полякийн а, оьрсийн меттанашкахь. Дуккху а къаьмнийн а, дуьненайукъара фестивалийн лауреат, царна йукъахь Монте-Карлора, Сан-Ремора, Неаполера, Виареджора, Каннашкара, Сопотера. Колоратурни сопрано хиларна, масала а доцуш шен говзаллин муьтӀахь хиларна массий оьздангаллехь цӀе тиллира «Европин эшар локху малик» аьлла[7].
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Бералла а, жималла а. Доьзал
[бӀаьра нисйан | нисйан]
Герман Анна йина 1936 шеран 14 февралехь ССРС Узбекийн ССР, Ургенч гӀалахь.
- Нана — Бернер Ирма Давыдовна (15.11.1909—30.01.2007), маре йахале Мартенс. Йина Великокняжески йуьртахь (хӀинца — Кочубеевски йуьрт Ставрополан мехкан). Схьайалар ду меннонитех (Германехь бехаш хиллачу голландхойн тӀаьхьенех бу), уьш Росси хевшина екатеринин заманахь. Хьоьхура немцойн мотт. Ирмин доьзалехь буьйцура меннонитийн немцойн-платски меттан генна мотт (пляттдойч).
- Да — Герман Евгений Фридрихович (нем. Eugen Hörmann), (1909, Лодзь — 11.10.1937[5]) — Ургенч гӀалин бепигзаводехь бухгалтер ву[6]. Немцойн а, голланхойн а мухажарийн тӀаьхьенан кӀант[5]. 1937 шарахь лулахоша мотт тоьхна[8] лецира бехке вира шпионажан, кхел йира «итт шо кехат йаздан бакъо а йоцуш», оццу шарахь тоьпаш туьйхира Ташкентехь «немцой шпионна санна а, дуккху шерашкахь зулам дарна а»[9]; 1957 шарахь веллачул тӀаьхьа реабилитаци йина.
- Ненанана — Анна Фризен Мартенс (18.01.1886 — 17.09.1971).
- Ненаваша – Вильмар Мартенс, кхелхина 1940-гӀа шерашкахь сталинан лагерашкахь Сибрехахь[6].
- Жимаха волу ваша — Фридрих (1937—1940). Велла хьарех Ташкентехь 2 шо 2 бутт болуш, дӀавоьллина Боткинан кешнашкахь.
Шарахь гергга доьзал бехира Ташкентехь, цулла тӀаьхьа Кемеровн областан Осинникехь, цигахь Ирма гӀиртира майра каро, йуха а Ташкентехь, Орловкехь (хӀинца — ГӀиргӀазойчоьнан Талассан областан Ак-Дёбё), цигахь Анна ишколе йахара, тӀаьххьара, Джамбуле (хӀинца — Кхазакхстанера Тараз гӀала) кхечира. Анница цхьаьна ишколехь Джамбулехь доьшуш вара исбаьхьалча Стишко Анатолий[10].
ШозлагӀа Аннин нана маре йахара 1942 шарахь Польшин эскаран эпсаре Гернер Германе[pl], иза тӀом беш вара 1-ра гӀашлойн Костюшко Тадеушан цӀарах дивизин могӀаршкахь. Ца хуучу бахьница Ирмас хийцира фамили Гернер Бернерца. Поляке маре йахаро аьтту бира Ирмин доьзалца дӀайаха 1946 шарахь Польше, цигахь охьахиира Нова-Рудехь. 1946 шарахь Г. Гернер цхьаьнакхийтира хиллачу зудчун доьзалца. И хаам къайла стенна баьккхина доьзалш хууш дац[11]. Шуьйра баьржина харц хаам, Г. Гернер велла Ленинохь хиллачу тӀамехь 1943 шеран октябрехь. 1977 шарахь Герман Анна хилира Ленинора мемориалехь, зезагаш дехкира[12].
1949 шарахь доьзал кхелхира Вроцлаве (Польша)[13]. Герман Ирмас Вроцлав гӀалин Йуьртабахаман колледжехь хьоьхура немцойн мотт (хӀинца — Ӏаламдовзаран университет).
Нова-Рудин йухьанцара ишкол а, Вроцлаван йукъарадешаран лицей а чекхйаьккхича Анна (цхьана хенахь исбаьхьалча хила лууш йолу, кхин тӀе шен суьрташ Вроцлавера исбаьхь говзаллин ишколе даьхьинчу)[14] дӀахӀоьттира Вроцлаван университетера геологин факультете[15]. Студентийн исбаьхьаллин кхолламаллехь дакъа лацаро тӀаьхьа гӀодира цунна йишлакхархо хила.
Дуьххьара Герман Аннас нахана хьалха эшар лекхира шен доттагӀчун Богсин ловзаргахь. Ловзар дара Вроцлавехь Паччахьан гӀайрен тӀера килси чохь, цигахь Германа хоро тӀаьхьара олуш лекхира «Аве Мария»[16].
Германан доьзалехь бийцора немцойн мотт (плаутдич) а, полякийн мотт а. Цул сов, Германабуьйцура оьрсийн, италихойн, ингалсан меттанаш[17].
Концерташ гайтар, интервью, дина йолуш йаьхна фильмаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1967 — XVII Сан-Ремон фестивалехь Герман Аннас «Gi» эшар лакхар
- Герман Аннин полякийн эшаран Ополера фестивалан[pl] эшар лакхаран дакъа эшарца «Trzeba się nam pośpieszyć»
- «Тхо — эскар» (пол. Myśmy są wojsko) эшарца Колобжегера салтийн эшаран фестивалехь Герман Аннин эшаран дакъош
- 1970 — Ополера полякийн эшаран фестивалехь «Хила тарло» (пол. Być może) а, «Адаман кхоллам» (пол. Człowieczy los) а эшаршца, авари йинчул тӀаьхьа духхьара сцени тӀе йелира Анна Герман
- 1970 — Герман Анна. Эвридики йухайар
- 1970 — Герман Анна — Адаман кхоллам (Эвридики йухайар фильман кийсик).
- 1973 — Герман Аннин речиталь
- 1976 — Герман Аннаьгахь хьошалгӀах
- 1977 — Герман Аннин интервью (полякийн маттахь) «Шеран Варшавахо» цӀе луш
- Герман Аннин интервью (полякийн маттахь)
- 1977 — «Эшар-77» — музыкин фестиваль, «ССРС ЙТ». Лев Лещенкоца «Кхоллам» кинофильмера «Безаман йухааз» эшар лакхар, «Цкъа бен бошмаша заза ца доккху» лакхар. Видейазйар тӀаьххьарчу эшаран ца карйо, йисина аудиойазйар оцу концератан.[18]
- Тхойгахь хьошалгӀахь Герман Анна йу (Спадони Лиян авторан программа)
- Герман Аннин тӀаьххьарчех концерташ (1979) ССРС (Ленинградехь)
- Анна Герман — Стенгахула, Ясь, гӀураву
Литературин кхолларалла
[бӀаьра нисйан | нисйан]- «Йухайоьрзу Сорренто?» (Герман Аннас шен кхоллараллин италин муьрех лаьцна; гочдина полякийн маттере Р. Белло)[19]
- «Анна Герман. Цуо ша дийцина дахар» (йазйина шен тӀаьххьара шерашкахь)
- «Сиха тӀемаш долчу алкханчех лаьцна туьйр» (полякийн маттера гочдина Ильичёв Ивана; хьажа жайнахь «Ильичев Иван. Герман Анна. Лепа, лепа са седа». Том 1)
Иэс
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Йинчу гӀалахь Ургенчехь цӀе йелла урамна.
- 2023 шеран 25 августехь Ургенчехь дӀайиллина дуьненахь хьалхара иэс Герман Аннин[20]. Официалан Герман Аннин цӀарах цӀе тиллинчу №1 йолчу музыкин ишколе чувоьдучу меттехь хӀоттийна хӀоллам. ХӀоллам схьабелларан церемони дӀайаьхьначул тӀаьхьа ишколин актови залехь даздарийн концерт дӀайаьхьира вайн гӀарайаьллачу махкахочунна хӀоттийна хӀоллам дагалоцуш.
- 1943-чу шарера 1946-чу шо кхаччалц Герман а, цуьнан доьзал а баьхначу Кхазакхстанерчу Тараз гӀалахь иллиалархо дагалоцуш мемориалан у хӀоттийна. Ша йехаш хилла цӀа дийна ца хиларна, 1979-чу шарахь иллиалархо гастролашкахь хиллачу «Джамбул» хьешан цӀийнан гӀишлонна тӀехь хӀоттийна и у.
- Герман Аннин лерина москохан кӀоштара Матвеевскехь сквер цӀе тиллина[8][21].
- Герман Аннин цӀе лелайо астероид 2519, 1975 шарахь дӀайиллина йолу советийн астронома Т. М. Смирновас.
- ХӀора шарахь дӀахьош йолу Анна Германан дуьненайукъара фестиваль "Хелхайолуш йолу Евридика" Зелёна-Гурехь (Польша) дӀахьо май баттахь. Дуьххьарлера фестиваль хилира 2002-чу шарахь.
- 2003-чу шеран май баттахь иллиалархочун цӀарах Седа хӀоттийра Москохарчу «Росси» пачхьалкхан йуккъера концертан зална уллехь йолчу Эстрадин седарчийн майданахь, цуьнан 65 шо кхачарна лерина. [22]
- Дуьненайукъара немцойн оьздангаллин цхьаьнакхетаралло (IUC) (Москох) кхоьллина Анна Германин исбаьхьаллин грант 2011 шарахь[23]. Грант эца хьалхатеттина берш Оьрсийчохь немцошна йукъахь йевзаш йолу цӀераш йу. 2011-чу шарахь толам баьккхина Хиль Эдуард Анатольевич, 2012-чу шарахь Штиль Георгийс, ткъа 2013-чу шарахь Видеман Олег Александровича.
- 2012-чу шарахь арайелира эшарлакхархочун дахарх лаьцна итт дакъа долу исбаьхьаллин фильм «Анна Герман. КӀайн маликан къайле». Герман Аннин роль ловзийна Польшерчу актрисас Моро Джоаннас.
- 2013-чу шарахь Польшерчу Нова-Руда гӀалахь эшарлакхархочун цӀе тиллина цхьана майданна[21].
- 2018-чу шеран август баттахь дуьйна хӀора шарахь дӀахьош йу совгӀаташ дӀадаларан церемони, «ЯМУЗЫКА AWARDS 2018», Герман Анна йелла шо кхачар дагалоцуш. СовгӀаташ дӀадаларан церемони дӀайолало цхьана минотехь тийналла ларйарца.
Говзаллехь
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1982 — Концертан фильм «Анна Германан дагалецамашкахь».
- 1988 — Анна Герман. Кхоллам а, эшарш а (концертан фильм, ССРС, реж. Н. Примак)
- 1988 — «Йоьлхуш йолу Эвридика», импрессион фильм
- Кшиштоф Цинар — Планета Анна (балет)
- 2003 — Седарчийн лелар. Анна Герман (программин автор а, дӀахьошверг а — Иван Цыбин)
- 2003 — Анна Герман. НТВ тӀаьхь Ӏуьйре — хьеший Збигнев Тухольский воккхаха верг а, Ильичев Иван а
- 2003 — Иван Ильичевy «Зудчунна хӀун лаьа» телепередачехь Герман Аннех лаьцна (хьеший —Елена Яковлева)
- 2003 — Центран исбаьхьаллин цӀа Анна Германан дагалецамашкахь
- 2004 — Анна Герман. Ца бевзаш болу седа къега (документалан фильм, продюсер «Сатийсаман аз» радион а, телевизион а центр, Тула, реж.: Осадчук Светлана)
- 2005 — Массо а заманан цӀераш. Анна Герман. Безаман йухааз... (концертан фильм, интервью оьрсийн маттахь)
- 2005 — Анна Герман. Кумираш муха дӀабахара (документан фильман кийсакаш, режиссер Роговой Михаил)
- 2006 — Герман Аннин «Декхаза эшар» (документалан фильм, 2006 шо, режиссер Ананов Георгий)
- 2006 — «Бевзаш боцу седа лепа» документалан фильм, «Сатийсаман аз» телерадион центр (Тула)
- 2006 — Латви радиохь архимандрит Виктор (Мамонтов) Герман Аннех лаьцна
- 2007 — Анна Герман. Бошмаш йуха а зазадоккху (концертан фильм, режиссер Иван Ильичев)
- 2007 — Анна Герман. Кумираш муха дӀабахара (документальни фильм, режиссер Кужаров Дмитрий)
- 2007 — ЖӀараш жӀарех лаьцна. Ирина Богушевская Анна Германах лаьцна
- 2008 — Анна Германан иэса тулгӀен тӀехула (документалан проект Нестеров Олегца цхьаьна)
- 2009 — Герман Анна («Бевза седа») передачехь «И йуха а маршалла ду».
- Оьздангалла телеканалехь Герман Аннах лаьцна репортаж а, Польшерчу оьздангаллин йуккъехь зорбанан конференци а
- Анна Герман. "Сатийсам" иллин кхоллам.
- 2010 — SŁUPCA радиохь Герман Аннах лаьцна программа
- 2011 — «Анна Герман. Безаман йухааз» кинош йахарх лаьцна. Коьрта роль ловзош йу Прокофьева Александра.
- 2011 — Анна Герман. "Къамел дойла" передачехь "КӀайн олхазаран вишни" илли дӀаяздаран дийцар.
- 2011 — Герман Аннин юбилейн суьйре (цуьнан 75 шо кхачарца доьзна) "SŁUPCA" радиохь.
- 2011 — Анна Герман. Безаман йухааз
- 2011 — Анна Германан лулахой
- 2011 — Хьалхарчу канало хаам бира Герман Аннах лаьцна
- 2011 — «Turn It Up» (Герман Аннах лаьцна программа). "Безаман йухааз" иллин дийцар.
- 2011 — Иван Ильичев — Ненах лаьцна баллада (музыка Завещевский Владимиран — дешнаш Олейник Борисан, гочдина Смирнов Левас) — Анна Германан концертан кийсик 1980 шеран.
- 2011 — «Винилан видеолоттийла» Анна Германах лаьцна
- 2011 — Баккхийчеран видеобиблиотека (Герман Аннах лаьцна лоьмар)
- 2011 — Герман Анна йина 75 шо кхачарна лерина кхоллараллин суьйре (Одесса)
- 2011 шеран 3 июнь — Баккхийчеран видеобиблиотека (хьаша — Збигнев Тухольский, воккханиг)
- 2012 — Биографин телесериал «Анна Герман. КӀайн Маликан къайле», коьрта роль ловзош Джоанна Моро.
- 2012 — «Республикин ирс. Анна Герман»[24]
Хьажа кхин а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1 2 3 Deutsche Nationalbibliothek Gemeinsame Normdatei (нем.) — 2012—2016.
- ↑ Anna German // (unspecified title) (польяк.) — 2004.
- ↑ Internet Movie Database (инг.) — 1990.
- ↑ Большая российская энциклопедия — М.: Большая российская энциклопедия, 2004.
- 1 2 3 Татьяна Винниченко. Пани Анна // Личности. — 2011. — Ноябрь. — С. 4—24.
- 1 2 3 Цитатийн гӀалат:
<ref>тег нийса йац; кху:0тӀетовжаран текст йазйина йац - ↑ [https://rg.ru/2002/08/26/zbignev-arhiv.html Збигнев Тухольский: Анна Герман была поющим ангелом - Российская газета
- 1 2 Цитатийн гӀалат:
<ref>тег нийса йац; кхудней2023тӀетовжаран текст йазйина йац - ↑ Александр Павлов, собкор «МК» в Германии. Анна Герман — дочь «немецкого шпиона». Польскую певицу Анну Герман, звезду 60—80-х, знали тогда все и помнят сейчас. Но мало кто тогда знал о том, что она являлась наполовину немкой. mk.ru (2004 шеран 22 март). ТӀекхочу дата: 2025 шеран 26 июнь. Архивйина 2025 шеран 2 июнехь
- ↑ Людмила Давыдова. Анатолий Стишко: «Пасторальная симфония. Истоки». // lithuania.mid.ru (2012 шеран 23 март). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 24 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2014 шеран 31 декабрехь
- ↑ Войцех Карпинский. Генрик и Анна Герман // Новая Польша. — 2017. — № 1. Архиван копи 2018 шеран 21 июлехь дуьйна Wayback Machine тӀехь
- ↑ Фёдор Раззаков. Свет погасших звёзд. Люди, которые всегда с нами. — 2007.
- ↑ Александр Маджаров. Мы долгое эхо друг друга… Байкальские вести (2012 шеран 22 март). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 1 июнь. Архивйина 2013 шеран 1 июнехь
- ↑ жизнь, 2013, p. 63—64.
- ↑ жизнь, 2013, p. 65.
- ↑ Иван Ильичёв. Анна выступала в тёмных очках, чтобы скрыть слёзы боли // Gala Биография. — 2006. — № 04. — С. 76—90.
- ↑ жизнь, 2013, p. 66—67.
- ↑ Анна Герман - Когда цвели сады (Эшар - 77) / Anna German - Kiedy kwitły sady | Kogda cveli sady(бил-боцу.). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 31 август. Архивйина 2021 шеран 31 августехь
- ↑
- ↑ В Ургенче открыли памятник легендарной певице Анне Герман. ТӀекхочу дата: 2023 шеран 26 август. Архивйина 2023 шеран 26 августехь
- 1 2 Площадь назвали именем певицы Анны Герман. ТӀекхочу дата: 2022 шеран 7 апрель. Архивйина 2022 шеран 7 апрелехь
- ↑ Цитатийн гӀалат:
<ref>тег чохь нийса йоцу "цӏе" параметр. Ловш йолу параметраш: dir, follow, group, name. Цитатийн гӀалат: Схьайоьлу тег<ref>— нийса йац йа цӀе гӀалате йу. - ↑ АОО «Международный союз немецкой культуры» рад сообщить, что начинается приём заявок на конкурс «Российские немцы в авангарде будущего», направленный на поддержку грантов в сфере образования, культуры, науки и развития гражданского общества. В этом году также создана номинация «Лучшие имена немцев России – 2011», в которой могут получить поддержку представители авангарда российских немцев любого региона России. rusdeutsch.ru. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 30 июнь. Архивйина 2016 шеран 22 августехь
- ↑ Анна Герман. ДОстояние РЕспублики. Выпуск от 16.09.2012. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 30 июнь. Архивйина 2020 шеран 5 октябрехь
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Анна Герман. «Анна Герман. Жизнь, рассказанная ею самой» / под редакцией Л. Незвинской. — Эксмо, 2013. — 256 с. — (Уникальная автобиография женщины-эпохи). — ISBN 978-5-9955-0698-0.
- Герман А. Мы долгое эхо. — М.: Алгоритм, 2012. — 272 с. — (Легенды авторской песни). — ISBN 978-5-4438-0139-1.
- Герман А. Эхо любви. — М.: Алгоритм, 2013. — 318 с. — (Женщина, покорившая мир). — ISBN 978-5-4438-0293-0.
- Ильичёв И. М. Анна Герман. Гори, гори, моя звезда…. — М.: Эксмо; Алгоритм, 2010. — 236 с. — ISBN 978-5-699-45270-5.
- Ильичёв И. М. Анна Герман: «Белый ангел песни». — М.: Майор; Изд. Осипенко А. И., 2013. — 191 с. — ISBN 978-5-98551-203-8. (2-е изд.: М., 2015)
- Ильичёв И. М. Анна Герман: сто воспоминаний о великой певице. — М.: Алгоритм, 2016. — 494 с. — ISBN 978-5-906842-28-2. (2-е изд.: М., 2017)
- Жигарев А. Л. Анна Герман. — М.: Искусство, 1988. — 302 с. (Переиздание: Жигарев А. Л. Анна Герман. — Смоленск: Русич, 1998. — 425 с. — ISBN 5-88590-895-8.)
- 1974 Anna German — Nagrabiecki Jan (Анна Герман — Ян Награбецкий)
- 1999 Wspomnienia o Annie German — Mariola Pryzwan (Воспоминания об Анне Герман — Мариола Призван)
- 2000 Człowieczy los. Wspomnienia o Annie German — Adriana Polak (Человеческая судьба. Воспоминания об Анне Герман — Адриана Поляк)
- 2003 Die unbekannte Anna German (Неизвестная Анна Герман) — Artur Hörmann (Книгу написал дядя Анны Герман и брат её отца Евгения Германа)
- 2008 Tańcząca Eurydyka. Wspomnienia o Annie German — Mariola Pryzwan (Танцующая Эвридика. Воспоминания об Анне Герман — Мариола Призван)
- 2011 Anna German — Jordan Naoum ISBN 6138327977
- 2012 Anna German o sobie — Mariola Pryzwan (Анна Герман о себе — Мариола Призван)
- 2013 Tańcząca Eurydyka. Anna German we wspomnieniach — Mariola Pryzwan (Танцующая Эвридика. Анна Герман в воспоминаниях — Мариола Призван)
- 2013 German. Osobisty album Anny German — Marzena Baranowska (Герман. Личный альбом Анны Герман — Мажена Барановская)
- 2013 German. Śpiewający anioł. Super album (Герман. Поющий ангел. Супер альбом)
- 2014 Anna German: «Uśmiechaj się» — Volga Yerafeyenka (Анна Герман «Улыбайся» — Ольга Ерофеенко)
- 2014 Człowieczy los wspomnienia matki Anny German — Irma Martens-Berner (Человеческая судьба воспоминания матери Анны Герман — Ирма Мартенс-Бернер) ISBN 978-83-7295-299-8 (также консультантами книги были сын Анны Герман, Збигнев Иварр Тухольский и её муж Збигнев Антоний Тухольский).
- Алексей Шлыков. Любовь земная(ТӀе цакхочу хьажорг) Журнал TV7 (№ 19, 2010)
- Галина Выборнова. Джамбулские страницы Анны Герман // Газета «Время» (Казахстан).
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Анна Герман — литературно-музыкальный портал
- Анна Герман // Журнал «Кругозор» (№ 4, 1970)
- Её звали поющим ангелом
- Анна Герман на сайте anna-german.com
- Анна Герман на Sovetika.ru
- Статья об Анне Герман на сайте радиотелецентра «Голос Надежды»
- Anna German на сайте filmpolski.pl
- Виолетта Баша. «Мы — долгое эхо друг друга. Анна Герман» // Еженедельник «Моя семья» (2001 г.)
- 25 лучших песен Анны Герман // daily.afisha.ru
- Бинарш 14 февралехь
- Бинарш 1936 шарахь
- Бинарш ССРС
- Белларш 26 августехь
- Белларш 1982 шарахь
- Адамаш абатца
- Белларш Варшавехь
- Польша Денйаран орденан рыцарийн жӀаран кавалераш
- ГӀуллакхийн Дешин жӀарца совгӀат динарш
- Музыкахой абатца
- Герман Анна
- Сопрано
- Романсаш локхурш
- Вроцлаван университетан арахецархой
- ДаьӀахкан вон лазарх белларш
- Варшавера кальвинхойн кешнашка боьхкинарш