Географин аса

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Кёппенан карладаьккхина климатан карта      Полюсийн шен климат      Тундрийн климат      Бореалан климат      Барамера климат      Субтропикан климат      Тропикан климат
Б. П. Алисовн белхашца Дуьненан климатан асанаш

Географин аса (фи́зикан-географин аса, Ӏаламан аса) — шораллин агӀора дуьненан аса тесна географин чкъоьран уггаре доккха зонийн дакъа. Географин аса шаялар хуьлу коьртаниг мелхан радиаци тӀеяр гергара хилар бахьнехь. ХӀора географин асанан ю, луларчух къаьсташ йолу, билгалаяьлла радиацин (йовхонан) баланс; дукха хьолахь атмосферан циркуляцин юкъара аматаш, масала барамера шораллашкахь — хӀаваийн массийн малхбузар дӀаяхьар; хӀуманаш а, энерги а Ӏаламехь хьийзаран сихалла, ораматийн вегетацин муьран ритмика, рельефкхолларан а, биохимин процессийн а сихалла а, тайпанаш а, лаьттан а, дийнатийн а коьрта аматаш. ХӀора географин асан бу шораллийн а, йохаллийн а (иногда резко различных по увлажнению), локхаллийн а Ӏаламийн (ландшафтийн) зонийн башха гулам а, аматаш а. Дуьненан океан чохь — цхьаьна тайпана лела хиш, хин температура екъар, планктонан коьрта амал а, цуьнан дебар а. Океанийн лела хиш я яккхий рельефан кепаш бахьнехь асанан шоралла цхьатерра яц дуьненан гуонаха. Дуьне декъало лахарчу географин асанашна[1]:

Географические аса цхьаьна йогӀу климатан асанашца. Зонан а, регионан а башхаллашца физикан-географин аса екъало географин зонашка а, секторшка а. Дукхаха йолу ломан системашкахь, йовхо охьаялар бахьнехь а, кӀажошкара боьххье кхаччалц тӀуналла хийцаялар бахьнехь а билгалйовлу локхаллийн асанаш[2]. Арктикан а, антарктикан а асанех олу полюсан асанаш, ткъа субарктикан а, субантарктикан а — субполюсан асанаш[3].

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Географин асанаш хиларан хьалхара гипотеза кхайкхийра ширагрекийн Ӏилманчо Аристотела. Цуо лорура, дуьне кхаа тайпана климатан асанашка декъаделла, экваторан гена валарх доьзна а долуш.[4]

Экваторан гергара область дахарна чӀогӀа йовха хиларан ойла еш, Аристотела билгалъяьккхира экваторан шина агӀора регионаш (23,5° къ-с.ш. — 23,5° къ.ш.), цунах элира «Йовха аса». Цуо лорура, Къилбаседа Полюсан Гуон тӀиера полюсан тӀекхаччалц гуттаренна гӀура хилар. Дахаран пайден йоцучу оцу асанах цуо элира «Полюсан аса». Аристотела цхьа меттиг лорура дахаран пайден, иза яра «Полюсан асан» а, «Йовха асан» а юкъара «Барамера аса». Барамера аса дахаран уггаре дика меттиг лара Аристотелан доккхачех бахьна дара, иза ша а оцу асанехь вехаш хилар.

Географех долу Ӏилма тодалар бахьнехь, шолгӀа «Барамера аса» билгалъяьккхира экваторан къилбехьа, ткъа шолгӀа «Полюсан аса» — Антарктикан гуонаха.

Аристотелан карта чӀогӀа доца дина дара, хӀетте а ойла нийса яра. Тахана леладо немцойн-оьрсийн климатолога а, ботаникаезархочо а Кёппен Владимира (1846—1940) дина климатан карта. Дуьне декъна коьрта ялх климатан областашка, беттан йочанийн а, температуран а бараме хьаьжжина.

Хьажа иштта[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. ГЕОГРАФИЧЕСКИЙ ПОЯС // ГЕОГРАФИЧЕСКИЙ СЛОВАРЬ
  2. Географин аса — хьост ю Большого Энциклопедического словаря
  3. Асаа физико-географические // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  4. Aristotle, Meteorology, Bekker numbers 362a33-362b29