Гаязова, Гульслу Халиловна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Гаязова Гульслу Халиловна
ГӀуллакхан тайпа штукатур-маляр
Йина терахь 1936 шеран 13 октябрь({{padleft:1936|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:13|2|0}})
Йина меттиг ГӀезалойн АССР Теньковн кӀошт Барышево (эвла),
Кхелхина терахь 2004 шеран 15 февраль({{padleft:2004|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}) (67 шо)
Кхелхина меттиг
Гражданалла  ССРС
 Росси
Да Халил
СовгӀаташ
Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо
Ленинан Орден
Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден

Гаязова Гульслу Халиловна (1936 шеран 13 октябрехь2004 шеран 15 февралехь) — БАССР, Кармановски ГРЭСан гӀишлошйаран урхаллин штукатур-маляр, Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо. Нефтекамск гӀалан сийлахь гражданин.

Башкирийн АССР иссалгӀа кхайкхаман Лакхара Советан депутат (1975—1980).

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Гаязова Гульслу Халиловна йина 1936 шеран 13 октябрехь ГӀезалойчоьнан Теньковн кӀоштара Барышево эвлахь ахархойн доьзалехь. ГӀезало. Чекхйаьккхира йуьртан ишколера 7 класс.

Болхбан йолайелла 1953 шарахь Свердловскан областехь «Уралэнергострой» трестан Лакхара-Тагилан ГРЭСан гӀишлошйаран урхаллехь белхалочун даржера. Балхах йукъара а ца йолуш чекхйехира штукатур-малярийн курсаш. 1958 шарахь комсомоло хьажийра Белоярски атоман электростанци йечу белхашка (Свердловскан область) штукатур-маляр дарже. 1964 шарахь дуьйна Башкирийн АССР Кармановски ГРЭС йечу балхахь йара.

ССРС Энергетикан а, электрификацин а министраллин гӀишлошйаран урхаллашкахь болхбеш, Г. X. Гаязовас шо шере мел долу лакхара белхан кхиамаш бохура. Цуо кховдорца дуьххьара «Уралэнергострой» трестан Кармановски ГРЭСан гӀишлошйаран урхаллехь йукъадаьккхира хьахаран тӀадамаш туху хьесап, шуьйра лелош жима механизаци, цуо таро йира белхан хенаш йацйан а, мах охьабаккха а. ИссалгӀа пхеашеран (1971—1975) хьалхарчу кхаа шарахь кхоийра 1 162 килограмм кира, 1 886 килограмм олифа, 460 килограмм хьаькхна басар. Деккъа ГРЭсан коьрта корпус кечйаран белхашкахь, тӀадамийн хьесап бахьнехь, белхан хан яцйира 2,5 бутт, экономикин эффект хилира 29 892 сом. Г. X. Гаязовас кховдийна 1973 шарахь йукъа а йаьккхина, караерзийра лакийн-басарийн гӀирсаш а, хьокхийлаш а кечйаран механизаци, гӀишлошйарехь дуьххьара шпаклевкаш, хьокхийлаш йеш лелийра эмульси, тӀехалонашна киран шуран иэдарех, гоьттех, сабанах проолифкаш йеш, иза бахьнехь шеран экономи 4 960 сом хилира, дӀадаьккхира дефицит йолу олифа лелор. Г. X. Гаязова инициатор йара ваннин система йукъайаккхаран, оцу системехь басара туху дакъош басаран, лакан чутаӀдо, цуо таро йира белхан хан 73 процент йацйан.

ХӀоттийна пхеашеран, чухоам 19 500 сом болу, план 1973 шеран 1 декабрехь кхочушйира 14 030 соьман барамехь, аьлча а 72 процент. Шен кхаа шеран план кхочушйира В. И. Ленин винчу дийнахь — 1973 шеран 22 апрелехь, ткъа 1973 шеран социалистийн декхарш — 7 ноябрехь, социалистийн революцин дийнахь, барам 3 890 сом болуш.

Г. X. Гаязовас йина Басарчаийн лакхарчу квалификацин ишколо, пхеашеран хьалхарчу кхаа шарахь кечвира 52 стаг, 1973 шарахь квалификаци айира Кармановски ГРЭСан ГӀишлошйаран урхаллин 18 белхалочо.

1973 шеран план а, тӀелаьцна социалистийн декхарш а кхочушдарехь а, совдахарехь а бина гӀарабевлла кхиамаш бахьнехь ССРС Лакхара Советан Президиуман 1974 шеран 3 январан омарца Г X. Гаязован йелира сийлахь цӀе Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо.

1991 шарахь пенсие йаххалца болхбира «Башуралэнергострой» трестан говзалле ерзийна урхаллехь.

Йелла 2004 шеран 15 февралехь.

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден (1971)
  • Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо орден (1974)
  • Ленинан орден (1974),
  • Нефтекамск гӀалан сийлахь гражданин.
  • Башкирийн АССР Къинхьегаман Сийн Жайнин чуязйина йу.

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Герои труда/ Справочник о Героях Социалистического Труда и кавалерах ордена Трудовой Славы трех степеней из Башкортостана./ сост. Р. А. Валишин [и др.]. — Уфа: Китап, 2011. — 432 с.: ил. — ISBN 978-5-295-05228-6.
  • Башкирская энциклопедия. Гл. ред. М. А. Ильгамов. т. 2. В-Ж. 2006. — 624 с. ISBN 5-88185-062-9.; т. 3. З-К. 2007. − 672 с. науч. изд. Башкирская энциклопедия, г. Уфа.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

 Сергей Каргапольцев Гаязова, Гульслу Халиловна. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой». Теллина 2016 шеран 9 июлехь.