Гаязова, Гульслу Халиловна

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Гаязова Гульслу Халиловна
GaiazovaGH.jpg
ГӀуллакхан тайпа штукатур-маляр
Йина терахь 1936 шеран 13 октябрь({{padleft:1936|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:13|2|0}})
Йина меттиг ГӀезалойн АССР Теньковн кӀошт Барышево (эвла),
Кхелхина терахь 2004 шеран 15 февраль({{padleft:2004|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:15|2|0}}) (67 шо)
Гражданалла ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС
РоссиFlag of Russia.svg Росси
Да Халил
СовгӀаташ
Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо
Ленинан Орден
Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден

Гаязова Гульслу Халиловна (1936 шеран 13 октябрехь2004 шеран 15 февралехь) — БАССР, Кармановски ГРЭСан гӀишлошъяран урхаллин штукатур-маляр, Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо. Нефтекамск гӀалан сийлахь гражданин.

Башкирийн АССР иссалгӀа кхайкхаман Лакхара Советан депутат (1975—1980).

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Гаязова Гульслу Халиловна йина 1936 шеран 13 октябрехь ГӀезалойчоьнан Теньковн кӀоштара Барышево эвлахь ахархойн доьзалехь. ГӀезало. Чекхъяьккхира юьртан ишколера 7 класс.

Болхбан йолаелла 1953 шарахь Свердловскан областехь «Уралэнергострой» трестан Лакхара-Тагилан ГРЭСан гӀишлошъяран урхаллехь белхалочун даржера. Балхах юкъара а ца йолуш чекхъехира штукатур-малярийн курсаш. 1958 шарахь комсомоло хьажийра Белоярски атоман электростанци ечу белхашка (Свердловскан область) штукатур-маляр дарже. 1964 шарахь дуьйна Башкирийн АССР Кармановски ГРЭС ечу балхахь яра.

ССРС Энергетикан а, электрификацин а министраллин гӀишлошъяран урхаллашкахь болхбеш, Г. X. Гаязовас шо шере мел долу лакхара белхан кхиамаш бохура. Цуо кховдорца дуьххьара «Уралэнергострой» трестан Кармановски ГРЭСан гӀишлошъяран урхаллехь юкъадаьккхира хьахаран тӀадамаш туху хьесап, шуьйра лелош жима механизаци, цуо таро йира белхан хенаш яцъян а, мах охьабаккха а. ИссалгӀа пхеашеран (1971—1975) хьалхарчу кхаа шарахь кхоийра 1 162 килограмм кира, 1 886 килограмм олифа, 460 килограмм хьаькхна басар. Деккъа ГРЭсан коьрта корпус кечъяран белхашкахь, тӀадамийн хьесап бахьнехь, белхан хан яцйира 2,5 бутт, экономикан эффект хилира 29 892 сом. Г. X. Гаязовас кховдийна 1973 шарахь юкъа а яьккхина, караерзийра лакийн-басарийн гӀирсаш а, хьокхийлаш а кечъяран механизаци, гӀишлошъярехь дуьххьара шпаклевкаш, хьокхийлаш еш лелийра эмульси, тӀехалонашна киран шуран иэдарех, гоьттех, сабанах проолифкаш еш, иза бахьнехь шеран экономи 4 960 сом хилира, дӀадаьккхира дефицит йолу олифа лелор. Г. X. Гаязова инициатор яра ваннин система юкъаяккхаран, оцу системехь басара туху дакъош басаран, лакан чутаӀдо, цуо таро йира белхан хан 73 процент яцъян.

ХӀоттийна пхеашеран, чухоам 19 500 сом болу, план 1973 шеран 1 декабрехь кхочушйира 14 030 соьман барамехь, аьлча а 72 процент. Шен кхаа шеран план кхочушйира В. И. Ленин винчу дийнахь — 1973 шеран 22 апрелехь, ткъа 1973 шеран социалистийн декхарш — 7 ноябрехь, социалистийн революцин дийнахь, барам 3 890 сом болуш.

Г. X. Гаязовас йина Басарчаийн лакхарчу квалификацин ишколо, пхеашеран хьалхарчу кхаа шарахь кечвира 52 стаг, 1973 шарахь квалификаци айира Кармановски ГРЭСан ГӀишлошъяран урхаллин 18 белхалочо.

1973 шеран план а, тӀелаьцна социалистийн декхарш а кхочушдарехь а, совдахарехь а бина гӀарабевлла кхиамаш бахьнехь ССРС Лакхара Советан Президиуман 1974 шеран 3 январан омарца Г X. Гаязован елира сийлахь цӀе Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо.

1991 шарахь пенсие яххалца болхбира «Башуралэнергострой» трестан говзалле ерзийна урхаллехь.

Елла 2004 шеран 15 февралехь.

СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Къинхьегаман ЦӀечу Байракхан орден (1971)
  • Социалистийн Къинхьегаман Турпалхо орден (1974)
  • Ленинан орден (1974),
  • Нефтекамск гӀалан сийлахь гражданин.
  • Башкирийн АССР Къинхьегаман Сийн Жайнин чуязйина ю.

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Герои труда/ Справочник о Героях Социалистического Труда и кавалерах ордена Трудовой Славы трех степеней из Башкортостана./ сост. Р. А. Валишин [и др.]. — Уфа: Китап, 2011. — 432 с.: ил. — ISBN 978-5-295-05228-6.
  • Башкирская энциклопедия. Гл. ред. М. А. Ильгамов. т. 2. В-Ж. 2006. — 624 с. ISBN 5-88185-062-9.; т. 3. З-К. 2007. − 672 с. науч. изд. Башкирская энциклопедия, г. Уфа.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Hero of Socialist Labor medal.png Сергей Каргапольцев Гаязова, Гульслу Халиловна. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой». Теллина 2016 шеран 9 июлехь.