Гацаев, СаӀид Асланбекан воӀ

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Гацаев СаӀид Асланбекан воӀ
Вина терахь 1938 шо({{padleft:1938|4|0}})
Вина меттиг ССРС, РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, Веданан кӀошт, Дишни-Ведана
ГӀуллакхан тайпа: яздархо, поэт, публицист, драматург
Жигара шераш: 1961 шерера таханлера де кхаччалц
Произведенин мотт: нохчийн, оьрсийн

Гаца́ев Са́Ӏид Асланбе́кан воӀ (1938 шо, ССРС, РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, Веданан кӀошт, Дишни-Ведана) — нохчийн яздархо, поэт, публицист, драматург, Нохчийн Республикан Яздархойн бертан декъашхо.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вина 1938 шарахь Дышни-Веданахь. 1944 шарахь махкахваьккхина доьзалца. Депортацехь доьзал бехира Кхазакхийн ССРн Семипалатински областехь. 1957 шарахь чекхъяккхира ишкол. Оццу шарахь доьзал цӀехьа бирзира Даймахка.

1963 шарахь чекхъяьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтан историкан-филологин факультет. Институт чекхъяьккхинчул тӀаьхьа хьехархо болх бира ша винчу эвлахь.

1973 шарахь чекхъяьккхира Москохан Горький А. М. цӀарах йолу дуьненан литературан институт аспирантура. Даймахка цӀавирзинчул тӀаьхьа талламан балха ца хӀоттавелира, цундела винчу эвла хьеха юхаверза вийзира.

Веданан кӀоштан «Колхозан дахар» газете болх бан дехьавелира. Цул тӀаьхьа хилира республикан «Ленинан некъ» газетан белхало. ТӀаьхьа кхайкхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан нохчийн литературан хьехархочун дарже.

Кхолларалла[нисъе бӀаьра | нисъе]

Байташ яздан волавелира ишколан шерашкахь. Махках даьхачу хенахь уьш зорба тоха таро яцара, хӀунда аьлча нохчийн маттахь газеташ арахоьцуш дацара. Цуьнан дуьххьарлера байташ зорбане евлира «Орга» альманахехь 1961 шарахь. Оцу хенахь дуьйна Гацаевн кхолламаш рожехь зорбатоха йолийра кӀоштан а, республикан а газетийн агӀонаш тӀаьхь, «Орга» а, «Лаьмнийн Ӏуьйре» а альманахашкахь, Нохч-ГӀалгӀайн къуоначу литераторийн коллективан гуламашкахь: «Сатасаран сахьт», «Даймехкан мукъмаш», «Къуоналлин кхайкхам», кхечарна а тӀаьхь. Гацаевн кхолламийн гулам юкъатоьхна «Нохчийн поэзин антологин» (Москох, 2003 шо).

Шовзткъе итт шеран кхолламаллин гӀуллакхехь цуо арахецна дукха кхолламаш тайп-тайпанчу жанрашкахь: байташ, поэмаш, баснеш, пьесаш. Арахецна цуьнан авторан гуламаш: «Ӏуьйре» (1969), «БӀаьстенан гӀовгӀа» (1972), «Хазахетар» (1981), «Суьйренан вьюнок» (1988), «ХӀилла долу цициг» (1988), кхин а.

Цхьа могӀа пьесийн автор ву, цхьаерш царех хӀиттийна Нохчийн драман театран сцени тӀаьхь. Амма чӀогӀа гӀараяьллачех ю цуьнан сатиран комедеш «Чудаки» (1989) а, «Бохаман нуц» (1992). Оцу пьесашца хӀоттийна Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан драман Нурадилов Х. цӀарах театр спектаклаш яра чӀогӀа хазахеташ, дуккха а шерашкахь сценин тӀиера дӀа ца евлира.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]