Чулацаман тӀегӀо

Гамбини, Бьянко Спартако

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Футбол
Бьянко
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Гамбини Бьянко Спартако
Вина терахь 1893 шеран 18 июль({{padleft:1893|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:18|2|0}})
Вина меттиг Сан-Паулу, Бразили
Кхелхина терахь 1966 шеран 18 август({{padleft:1966|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:18|2|0}}) (73 шо)
Кхелхина меттиг Сан-Паулу, Бразили
Гражданалла Бразилин байракх (1960—1968) Бразили
Позици турсло
Кегийрхойн клубаш
1905—1911 Бразилин байракх (1889—1960) Тирадентес (Сан-Паулу)
Клубан карьера[* 1]
1911—1912 Аргентинин байрак Эстудиантиль Портеньо
1913—1915 Бразилин байракх (1889—1960) Коринтианс 34 (6)
1915 Бразилин байракх (1889—1960) Маккензи Коллеж
1915—1929 Бразилин байракх (1889—1960) Палестра Итали 284 (16)
Тренеран карьера
1915—1916 Бразилин байракх (1889—1960) Палестра Итали
1922—1923 Бразилин байракх (1889—1960) Палестра Итали
1931 Бразилин байракх (1889—1960) Палестра Итали
1944 Бразилин байракх (1889—1960) Палмейрас
СовгӀаташ а, мидалш а
Къилба Америкин чемпионаташ
Деши Бразили 1919
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Гамбини Бьянко Спартако (итал. Bianco Spartaco Gambini; 1893 18 июль, Сан-Паулу1966 18 август[1], Сан-Паулу) — италихойх схьаваьлла бразилин футболист, турсло. «Палмейрасан» исторехь дуьххьарлера голан автор.

Бьянкос шен карьера йолийра 12 шо долуш, «Тирадентес» клуб йукъахь ловзуш. 19 шо долуш иза Бразилера Аргентине дӀавахара. Цигахь Гамбини левзира шолгӀа дивизионан «Эстудиантиль Портеньо» клуб йукъахь. 1913 шарахь Бьянко цӀавирзира Бразиле, ши шо даьккхира «Коринтианс» йукъахь, ахтурслочун позицехь ловзуш[2]. Оцу клубаца цуо 1914 шарахь йаьккхира шен хьалхара хӀонс — Сан-Паулу штатан чемпионат, цу тӀе цуо «Коринтианс» аренан тӀейоккхура ша командин капитан а волуш.

1915 шарахь Бьянко дехьавелира «Палестра Итали» йукъа, иза кхоьллинера «Коринтианс» йукъара дӀабаханчу италихоша. 1915 шеран 24 январехь Гамбинис туьйхира «Палестрин» исторера хьалхара буьрка, хьалхарчу матчехь «Савойя» клубаца, иза чекхйаьлира цуьнан командин толамца 2:0 чоьтаца[3]. Оцу матчехь иза вара командин капитан а, ткъа цул тӀаьхьа клубера и дарж латтийра карьера чекхйаллалц[3]. Кхин а 1915 шарахь иза кӀеззиг левзира «Маккензи Коллежехь», «Палестро» дукха тӀаьхьа Сан-Паулун чемпионате регистрацин кехаташ чудалар бахьнехь[4]. Бьянко «Палестрин» йукъахь левзира 12 шарахь. Цуо йаьккхира клубаца штатан кхо чемпионат. 1926 шарахь Бьянко левзира 1 доттагӀаллин матчехь «Коринтианс» йукъахь «АА Палмейрас»[2] клубан дуьхьала.

Футболистан карьера чекхйаьлча иза висира «Палмейрасан» структурехь, коьрта тренере кхаччалц, 1931 а, 1944 а шерашкахь штатан чемпионатан толамхой а бира царех[3].

Дуьненайукъара карьера

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1919 шеран 11 майхь Бьянкон дебют хилира Бразилин гулйина командин йукъахь Къилба Америкин чемпионатехь Чилица ловзуш, иза чекхйаьлира бразилихойн толамца 6:0. Дерриг къилбаамерикин хьалхейаккхарехь иза левзира 5 матчехь, царна йукъахь финалан матч а, цигахь бразилихой туьйлира Уругвайл, йаьккхира шайн исторехь хьалхара дуьненайукъара хӀонс. Гулйина командин йукъахь шен тӀаьххьара матч Гамбини левзира 1919 шеран 1 июлехь; Бразилин Аргентиница йолчу оцу матчехь цхьан а ца туьйлира 3:3[5].

Ловзархочун

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]