Галатасарай (футболан клуб)
| Юьззина цӀе |
Galatasaray Spor Kulübü | |||
| Йина | 1905 | |||
|---|---|---|---|---|
| Стадион | Тюрк Телеком Арена, Истмала | |||
| Чухоам | 55 147 | |||
| Президент | ||||
| Тренер | ||||
| Капитан | ||||
| Рейтинг | 68-гӀа меттиг УЕФА рейтингехь[1] | |||
| Спонсор | ||||
| Сайт | galatasaray.org | |||
| Къовсамаш | Туркойн Суперлига | |||
| 2018/19 | ||||
| ||||
«Галатасара́й» (турк. Galatasaray Spor Kulübü) — туркойн Истмалан футболан клуб, юкъайоьду спортан «Галатасарай» юкъараллин, ловза Туркойчоьнан чемпионатехь. Кхоьллина 1905 шарахь. ЦӀера матчаш ловзайо 55 147 стаг чухоьучу «Тюрк Телеком Арена» стадионехь. Уггаре аьтту болчех цхьа футболан клуб ю махкахь, 21-за Туркойчоьнан чемпион хилла, 18-за Туркойчоьнан Кад баьккхина, 15-за Туркойчоьнан Суперкад баьккхина, УЕФАн Кад а, УЕФАн Суперкад а баьккхина.
«Галатасарай» — турниран йохаллехь цкъан а ца оьшуш УЕФА Кад баьккхинчу шина командах цхьаъ ю, ткъа иштта Чемпионийн Лигехь тобанехь кхоалгӀа меттиг яьккхинчул тӀаьхьа и турнир яьккхина хьалхара команда а ю. 1999/2000 шерийн УЕФА Кедан финалехь «Галатасарайс» иэшийра лондонан «Арсенал» пенальтин серехь жамӀ 4:1 долуш, тӀаккха дуьххьара исторехь еврокад баьккхина туркойн клуб хилира. «Галатасарайн» иштта ю дуьненан рекорд цӀахь угара беха толамаш бахарх — 2001 шеран 13 майра 2002 шеран 8 декабрь кхаччалц команда туьйлира шен стадион тӀехь 24 матчехь тӀаьхьий-хьалхий. 2001 шеран январехь «Галатасарай» «Дуьненан уггаре дика футболан клуб» рейтинган коьртехь яра.
Чулацам
ЦӀе[нисъе | нисъе чухулара]
«Галатасарай» цӀе схьаяьлла Галатасарайн лицейх (юьхьанцара цӀе «Галатан гӀалин Императоран ишкол»), ткъа историн агӀора хьаьжча кхоьллина шина дашах: Галата (Истмалан историн кӀошт) а, «сарай» («гӀала», туркойн маттара гочдича).
Истори[нисъе | нисъе чухулара]
Клуб кхоьллина 1905 шарахь Галатасарайн лицейн коьртехь Ӏали Сами Ен волу дешархойн тобано. «Галатасарай» ю Туркойчоьнан уггаре ширачех цхьа футболан клуб.
Хьалхарчу хенахь «Галатасарай» дӀаязйина яцара кхоллам санна, хӀунда аьлча Туркойчохь дӀанисдина спортан законаш ца хилар бахьнехь. 1912 шарахь закон тӀеэцначул тӀаьхьа клуб яха йолаелира законан бух тӀехь. «Галатасарай» дӀакхийтира истмалан лиге 1905/06 шеран чемпионатехь, ткъа 1907/08 шерашкахь туьйлира. 1952 шарахь цунах говзаллин клуб хилира. 1959 шарахь кхоллаелира марталлин туркойн лига, ткъа «Галатасарай» сихха коьртера команда хилира цунна юкъахь.
Уггаре бакхий кхиамаш баьхкира клубан 90-гӀа шераш чекхдовлуш. 2000 шарахь «Галатасарайс» Терим Фатихьа куьйгаллийца толам баьккхира УЕФА Кедехь, финалехь пенальташца лондонан «Арсенал» а иэшош, ткъа цул тӀаьхьа УЕФА Суперкад баьккхира мадридан «Реал» иэшийна. Иштта клуб хилира Европан ткрнирашкахь толам баьккхина дуьххьарлера туркойн команда.
Хаджи Георге «Галатасарайн» коьрта тренер дарже юха вар аьтту болуш хилира: 2005 шарахь яьккхира Туркойчоьнан Кад.
«Галатасарайн» чоьтехь 21 толам бу Туркойчоьнан чемпионатехь, тӀаьххьарниг царех баьккхина 2017/18 шерийн чемпионатехь.
Клубан ламастан духар — можа-цӀиен футболкаш, цӀиен шорташ а, пазаташ а. Ӏали Сами Ена харжира цӀиен-можа бос, цӀеран а, ницкъан а символ ю аьлла.
Луьра мостагӀа клубаш ю кхин Истмалан клубаш «Фенербахче» а, «Бешикташ» а.
2008 шарахь клуб рогӀехь мехкан чемпион хилла, амма юкъара дӀаваьлла 2 «дийна воллушехь туьйра хилларг»: Хьакан Шукюр левзина ваьлла, ткъа Бурук Окан шина шаранна контракт яздина «Истанбул ББ» клубаца.
2010 шеран 21 октябрехь «Галатасарайн» юха а коьрте хӀоьттира Георге Хаджи[2][3]. 2011 шеран мартехь «Галатасарайн» куьйгалло сацам бира Хаджи балхара дӀаваккха[4].
Шен исторехь уггаре а гӀуо шерал тӀаьхьа (8-гӀа меттиг 2010/2011 шарахь), «Галатасарайн» футболисташ берриг аьлча санна хийцабелира, техникан куьйгалле юха веира Фатихь Терим, тӀаккха шолгӀачу шарахь клуб чемпион хилира.
2013 шеран Ӏай клуб юкъа веира Уэсли Снейдер а, Дидье Дрогба[5] а. 2012/2013 шарахь немцойн «Шальке-04» шина матчан 3:4 чоьтаца иэшийна «Галатасарай» Чемпионийн Лигин 1/4 финале кхечира[6].
Кхиамаш[нисъе | нисъе чухулара]
Чоьхьара къовсамаш[нисъе | нисъе чухулара]
Дуьненаюкъара къовсамаш[нисъе | нисъе чухулара]
- УЕФА Кад:
- Кад баьккхина: 1999/00
- Кедаш баьхначеран кад
- Финалан деалгӀа дакъа : 1991/92
- УЕФА Суперкад:
- Кад баьккхина: 2000
- Сахьтан кад
- Кад баьккхина: 2016
Кхин кхиамаш[нисъе | нисъе чухулара]
- Emirates Cup:
- Кад баьккхина: 2013
- Uhrencup:
- Кад баьккхина: 2016
- Туркойчоьнан премьер-министран кад:
- Кад баьккхина (5): 1975, 1979, 1986, 1990, 1995
- Къоман лига:
- Чемпион: 1939
- Истмалан кад:
- Кад баьккхина (2): 1942, 1943
- Ататюркан кад:
- Кад баьккхина (2): 1963, 2000
- Шовзткъе итт шо кхачаран кад:
- Кад баьккхина: 1973 (турнир цкъа бен ца хилла)
Стадион[нисъе | нисъе чухулара]
«Галатасарайн» цӀера стадион ю керла шортта функцеш йолу «Тюрк Телеком Арена», иза лаьтта Истмала гӀалан Шишли кӀоштахь, Туркойчоь. Аренан чухоам 52 650 стаг.
«Ӏали Сами Ен» тӀиера дӀакхалхар Ӏалашо йолуш дара тишъелла стадион туркойн футболан хьашташца йогӀуш йолу керла ареница хийца.
2007 шеран 13 декабрехь правительствон хьаькмаша дакъа а лоцуш керла стадионан бух биллира. ГӀишлояран мах бара €128 млн.
2008 шарахь Туркойчоьнан футболан федерацис сацам бира Футболах ловзарех Европан чемпионат 2016 шайн махкахь ян кехаташ чудала, тӀаьхьуо Европан чемпионат 2020 а.[7] Оцу сацамо хийцамаш бан безийтира стадионан проектехь, иза пайденна хилийтархьама Европан чемпионатан ахфиналан декъан матчашна УЕФАн стандарташца.
Стадионан цӀе яла бакъо йоьхкира 10 шаран йоккхачу телекоммуникацин Türk Telekom компанин $100,5 млн.
Даздарца дӀайиллира керла «Тюрк Телеком Арена» 2011 шеран 15 январехь доттагӀаллин матчца футболан клубашна «Галатасарайн» а, «Аяксан» а юкъахь. Матч чекхъелира 0:0 жамӀаца.[8] 1933 шарахь дуьйна клубан муьтӀахь болу хьовсархойн лаам кхочуш хилира 77 шо даьлча.[9]
«Галатасарайн» керла стадионера хьалхара официалан матч еира «Сивасспоран» дуьхьала, иза чекхъелира 1:0 хӀусамдайн толамца. Хьалхара гол керла аренехь туьйхира Туркойчоьнан гулйина командан турслочо Четин Сервета.[10]
2011 шеран 18 мартехь «Фенербахчен» дуьхьалчу матчехь хӀоттийра спортан аренашкара гӀовгӀан дуьненан рекорд децибелашкахь. Иза хилира 131.76 дБ, юкъаяхара «Гиннессан рекордийн жайнан».[11][12]
Клубан беснаш а, духар а[нисъе | нисъе чухулара]
Официалан клубан беснаш[13][нисъе | нисъе чухулара]
| Бос | Пантон | CMYK | Hex код |
|---|---|---|---|
| 1235 | C%0 M%30 Y%100 K%0 | #FCB514 я #FFB517 | |
| 201 | C%0 M%100 Y%65 K%34 | #A32638 я #B50043 |
Экипировка[нисъе | нисъе чухулара]
| Мур | Арахецнарг | Спонсор |
|---|---|---|
| 1977-1978 | Дац | Volvo / PeReJa |
| 1978-1979 | Дац | |
| 1979-1982 | Telefunken | |
| 1982-1983 | MEBan | |
| 1983-1985 | Telefunken | |
| 1985-1986 | Adidas | Denizcilik Bankası |
| 1986-1991 | TürkBank | |
| 1991-1992 | Umbro | ADEC Saat / Show TV |
| 1992-1995 | Show TV | |
| 1995-1997 | Adidas | VakıfBank |
| 1997-1998 | Bank Ekspres | |
| 1998-2000 | Marshall Boya | |
| 2000-2001 | Telsim | |
| 2001-2002 | Lotto | Aria |
| 2002-2004 | Umbro | |
| 2004-2005 | Avea | |
| 2005-2009 | Adidas | |
| 2009-2011 | Turk Telekom | |
| 2011- | Nike |
Тренерийн жамӀаш[нисъе | нисъе чухулара]
| Туркойчоьнан лиган чемпионаш (21) | |
|---|---|
| Шо | Тренер |
| 1961/62 | |
| 1962/63 | |
| 1968/69 | |
| 1970/71 | |
| 1971/72 | |
| 1972/73 | |
| 1986/87 | |
| 1987/88 | |
| 1992/93 | |
| 1993/94 | |
| 1996/97 | |
| 1997/98 | |
| 1998/99 | |
| 1999/00 | |
| 2001/02 | |
| 2005/06 | |
| 2007/08 | |
| 2011/12 | |
| 2012/13 | |
| 2014/15 | |
| 2017/18 | |
| Туркойчоьнан кад баьккхинарш (17) | |||
|---|---|---|---|
| Шо | Тренер | ||
| 1963 | |||
| 1964 | |||
| 1965 | |||
| 1966 | |||
| 1973 | |||
| 1976 | |||
| 1982 | |||
| 1985 | |||
| 1991 | |||
| 1993 | |||
| 1996 | |||
| 1999 | |||
| 2000 | |||
| 2005 | |||
| 2014 | |||
| 2015 | |||
| 2016 | |||
| УЕФА Кад баьккхинарш (1) | |||
|---|---|---|---|
| Шо | Тренер | ||
| 2000 | |||
| УЕФА Суперкад баьккхинарш (1) | |||
|---|---|---|---|
| Шо | Тренер | ||
| 2000 | |||
Коьрта ловзархой[нисъе | нисъе чухулара]
- 2019 шеран 7 январан хьолан
|
| |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
ГӀарабевлла ловзархой[нисъе | нисъе чухулара]
Метин Октай (1955—1961, 1962—1969)
Ясин Озденак (1967—1977)
Зоран Симович (1984—1990)
Бюлент Коркмаз (1984—2005)
Танжу Чолак (1987—1991)
Окан Бурук (1991—2001,2006-2008)
Хьакан Шукюр (1992—1995, 1995—2000, 2003—2008)
Ульрих Ван Гоббель (1995—1996)
Георге Хаджи (1996—2001)
Георге Попеску (1997—2001)
Эмре БелёзохӀлу (1997—2001)
Клаудио Таффарел (1998—2001)
Марио Жардел (2000—2001)
Хьасан Шаш (1998—2009)
Капоне (1999—2002)
Фарид Мондрагон (2001—2007)
Айкут Эрчетин (2002—2014)
Франк де Бур (2004—2005)- Ригобер Сонг (2004—2008)
Арда Туран (2004—2011)
Франк Рибери (2005)
Линкольн (2007—2009)
Сервет Четин (2007—2012)
Тобиас Линдерот (2007—2010)
ШаӀбани Нонда (2007—2010)
Фернанду Мейра (2008—2009)
Морган Де Санктис (2008—2009)
Харри Кьюэлл (2008—2011)
Милан Барош (2008—2013)
Элано (2009—2010)
Леонардо Франко (2009—2010)- Ӏабдул Къадер Кейта (2009—2010)
Жо (2010)
Джовани дос Сантос (2010)
Томаш Уйфалуши (2011—2013)
Фернандо Муслера (2011—…)
Сульчук Инан (2011—…)
Хьамит Алтынтоп (2012-2016)
Бурак Йылмаз (2012-2016)- Орельен Шеджу (2013-2017)
Брума (2013-2017)
Уэсли Снейдер (2013—2017)- Дидье Дрогба (2013—2014)
Лукас Подольски (2015-2017)
Исбаьхьаллехь[нисъе | нисъе чухулара]
Клуб хьахайо российн Сплин рок-тобан «Географин Ӏамола» эшарахь («Галатасарай кхана тоьлур ю Лондонехь!»), ткъа иштта российн кинофильмехь «Харжамийн де».
Дог лозарш[нисъе | нисъе чухулара]
2011 шеран 18 мартехь Туркойчоьнан чемпионатан 26-гӀа туран ловзарехь «Галатасарайн» а, «Фенербахчен» а фанаш цхьаьна керла рекорд хӀоттийра гӀовгӀан тӀегӀанца спортан къовсамашкахь. Цара яьккхира 131,76 децибел бараме кхочу гӀовгӀа.
И гайтам спортан къовсамашкара гӀовгӀан тӀегӀанца уггаре диканиг бу. Гиннессан рекордийн жайнан векалш дӀаяздира и фанатийн кхиам.
Бизнес[нисъе | нисъе чухулара]
«Галатасарайн» долахь туьканийн маша бу (ерриг 88), Galatasaray Store, цара духку клубан сурсаташ Туркойчу, Германе, Къилбаседа Кипре. Туьканаш ю Истмалаехь (36), Анкарахь (6), Антальяхь (4), Измирехь (4), Коньяхь (3), Самсунехь (2), Аданехь (2), Бурсехь (2), Айдынехь (2), Бакохахь (1)[14][15].
Клубан ю букмекерийн контора, «GS Bilyoner»[16]; Страховой компани, «GS Sigorta HDI»[17][18]; Интернет-провайдеран компани «GSNET»[19][20] , туристийн агенталла, GSTRAVEL[21], туристийн агенталла, форекс компани «GSForex»[22][23], лахаран компани «GSYandex»[24][25].
Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]
- ↑ Рейтинг УЕФА для клубов
- ↑ Kamuoyuna Açıklama (турк.). Galatasaray.org (21.10.2010). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 1 мартехь. Теллина 2010 шеран 21 октябрехь.
- ↑ Hagi neuer Trainer von Galatasaray Istanbul (нем.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). transfermarkt.de (21.10.2010). Архив йина хьалхара хьостан чура 2010 шеран 23 октябрехь. Теллина 2010 шеран 21 октябрехь.
- ↑ «Галатасарай» официально подтвердил отставку Хаджи
- ↑ Didier Drogba Transferi Hakkında Açıklama
- ↑ Звёзды в тени, но «Галатасарай» в четвертьфинале
- ↑ Турция подала заявку на проведение ЧЕ 2020(оьр.)
- ↑ Матч открытия(турк.)
- ↑ История стадиона Ӏали Сами Ен(турк.)
- ↑ Первый официальный матч(турк.)
- ↑ Мировой рекорд шума на спортивных аренах Архиван копи 17 апрелехь 2012 дуьйна Wayback Machine тӀехь(ингалс.)
- ↑ Мировой рекорд шума на стадионе Архивацийина 20 мартехь 2011 шеран.(турк.)
- ↑ GALATASARAY_MEDIAKIT
- ↑ GS Store Official Website Архиван копи 1 июлехь 2014 дуьйна Wayback Machine тӀехь
- ↑ GS Store Germany
- ↑ Vatan Newspaper(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Sigortam.net
- ↑ Official Website(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). GSSigortaHDI. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 16 июлехь. Теллина 2012 шеран 12 июнехь.
- ↑ GS NET Official Website
- ↑ Galatasaray.org
- ↑ GS Travel Official Website. Galatasaray SK. Теллина 2013 шеран 11 сентябрехь.
- ↑ GSForex. GSForex. Теллина 2013 шеран 31 октябрехь.
- ↑ FXTCR ile Sponsorluk ve İşbirliği Anlaşması İmzalandı(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Galatasaray SK. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 18 февралехь. Теллина 2013 шеран 31 октябрехь.
- ↑ Galatasaray, Yandex İşbirliği ile Dünyada Bir İlke Daha İmza Atıyor
- ↑ GSYandex Official Website
Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]
- Официальный сайт (турк.)(ингалс.)(Франц.)
- В Инстаграмме
Футболан клуб «Галатасарай» — карара хӀоттам
|
|---|
|
1 Муслера 2 Мариано • 5 Чалык • 8 Сельчук 9 Дердийок • 10 Беланда • 11 Гюмюш • 12 Сен 13 Чипе 14 Линнес • 15 Донк • 17 Ндиайе • 19 Байрам • 20 Акбаба • 21 Оньекуру • 22 Митроглу • 25 Фернандо • 26 Кая • 27 Люиндама Некадио • 33 Ташдемир • 35 Акгюн • 36 Бабаджан • 40 Гюней • 45 Маркан • 47 Карнучу • 52 Юксел • 55 Нагатомо • 88 Челик • 89 ФегӀули • 91 Диань • Тренер: Фатихь Терим] |
Тренераш ФК «Галатасарай»
|
|---|
|
Николов (1905—1906) • СердарохӀлу (1907) • Армитидж (1908—1911) • СердарохӀлу (1911—1914) • Бей (1915) • Ен (1916—1917) • Шахин (1919—1921) • Гирай (1922—1923) • Кабальский (1923—1924) • Хантер (1924—1928) • Бекдик (1929) • Лимбек (1930—1931) • Пагнам (1931—1932) • Паддефут (1933—1936) • Бар (1937) • Сабо (1938) • Тандлер (1938—1939) • Хайман (1939) • Захарчук (1939—1940) • Беггет (1940—1945) • Димитриадис (1945—1946) • Швенг (1947) • Моллой (1947—1949) • Лочхед (1950—1952) • Кылыч (1952—1953) • Секей (1953—1954) • Кылыч (1954—1957) • Дик (1957—1958) • Ремондини (1959—1961) • Кылыч (1961—1963) • Озары (1963—1964) • Кылыч (1964—1967) • Айкач (1967—1968) • Калоперович (1968—1970) • Октай (1970) • Озары (1970—1971) • Бирч (1971—1974) • Каптан (1974) • Мэнселл (1974—1975) • Хау (1975—1976) • Эллисон (1976—1977) • Демиркан (1977—1978) • Озары (1978—1979) • Шерен (1979—1980) • Бирч (1980—1982) • Каярлар (1982) • Сюмер (1982—1983) • Каярлар (1983) • Ивич (1983—1984) • Дерваль (1984—1987) • Денизли (1987—1989) • Хельд (1989—1990) • Денизли (1990—1992) • Фельдкамп (1992—1993) • Холлманн (1993—1994) • Сафтиг (1994—1995) • Эркасап (1995) • Сунесс (1995—1996) • Терим (1996—2000) • Луческу (2000—2002) • Терим (2002—2004) • Хаджи (2004—2005) • Геретс (2005—2007) • Фельдкамп (2007—2008) • Гюлер (2008) • Скиббе (2008—2009) • Коркмаз (2009) • Райкард (2009—2010) • Хаджи (2010—2011) • Ундер (2011) • Терим (2011—2013) • Давала (2013) • Манчини (2013—2014) • Пранделли (2014) • Таффарел (2014) • ХамзаохӀлу (2014—2015) • Таффарел (2015) • Денизли (2015—2016) • Атик (2016) • Рикеринк (2016—2017) • Тудор (2017) • Терим (2017—н.в.) • |