Путин, Владимир Владимирович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Владимир Путин тӀера хьажжина кхуза)
Путин Владимир Владимирович
оьрс. Владимир Владимирович Путин
Путин Владимир Владимирович
Российн Федерацин Президент
Хьалха хилларг Медведев Дмитрий
 — 2008 шеран 7 май
(д. кх. 1999 шеран 31 декабрь — 2000 шеран 7 май)
Хьалха хилларг Ельцин Борис
Когаметтаниг Медведев Дмитрий
Российн Федерацин Ӏедалан Председатель
 — 2012 шеран 7 май
Президент Медведев Дмитрий
Хьалха хилларг Зубков Виктор[1]
Когаметтаниг Виктор Зубков
Медведев Дмитрий
 — 2000 шеран 7 май
(Д.кх. 1999 шеран 9—16 август)
Президент Ельцин Борис
иза ша
Хьалха хилларг Степашин Сергей
Когаметтаниг Касьянов Михаил
Союзан пачхьалкхан Министрийн Советан председатель
 — 2012 шеран 18 июль
Хьалха хилларг Зубков Виктор
Когаметтаниг Медведев Дмитрий
«Йукъара Росси» партин председатель
 — 2012 шеран 26 май
Хьалха хилларг Грызлов Борис
Когаметтаниг Медведев Дмитрий
ЛДП Коьртийн советан
председатель
 — 2006 шеран 20 май
Хьалха хилларг Атамбаев Алмазбек
Когаметтаниг Рахмон ЭмомӀали
 — 2017 шеран 31 декабрь
Хьалха хилларг Кучма Леонид
Когаметтаниг Назарбаев Нурсултан
 — 29 января 2003
Хьалха хилларг Борис Ельцин
Когаметтаниг Леонид Кучма
Российн Федерацин Кхерамзаллин Советан секретарь
 — 1999 шеран 9 август
Президент Ельцин Борис
Хьалха хилларг Бордюжа Николай
Когаметтаниг Иванов Сергей
Российн Федерациин Федералан кхерамзаллин гӀуллакан директор
 — 1999 шеран 9 август
Президент Ельцин Борис
Хьалха хилларг Ковалёв Николай
Когаметтаниг Патрушев Николай

Дин керста[8]
Вина терахь 1952 шеран 7 октябрь({{padleft:1952|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:7|2|0}})[6][7][…] (71 шо)
Вина меттиг Ленинград, ССРС
Тайпа Семья Владимира Путина[d]
Да Путин Владимир Спиридонович
Нана Шеломова Мария Ивановна
Зуда Путина (Шкребнева) Людмила (1983—2013)[2]
Бераш йоӀрий:
Мария (йина 1985)
Катерина (йина 1986)[3]
Парти ССКП (1991 шеран август кхаччалц)
Тхан цӀа — Росси (1995)
«Йукъара Российн» председатель, цу тӀе партин декъахо а вац (2008—2012)
Дешар Ленинградан пачхьалкхан университет
ССРС ПКхК Лакхара ишкол
ССРС ПКхК ЦӀен байракхан институт
ГӀуллакхалла Политика[9], таллар[d], тӀеман гӀуллакх
Динлелор православи[4][5]
Автограф Автографан сурт
СовгӀаташ
ССРС а, Российн Федерацин а:
Сийлаллин орден — 1996Орден «Сийлаллин Билгало» — 1988Ала хӀума доцуш гӀуллакх дарна 2 тӀегӀан мидалАла хӀума доцуш гӀуллакх дарна 3 тӀегӀан мидал
«1999 ш. 12 июнехь Босни — Косово марш-кхоссаран декъахочун» мидал«Республика ДегӀестанан хьалха гӀуллакх дарна» орден"ГӀирма а, Севастополь а мукъайаккхарна" мидал
Некхан тӀеуллу хьаьрк «Петарбухан сийлахь гражданин»«Российн Сийлахь тренер» знакСевастополь гӀалин сийлахь гражданин
Сийлахь асхьабашка терра волу эла Владимиран I тӀегӀанера орден (РПЦ)Радонежский Сергийн 1 тӀегӀанера орден
Кхечу пачхьалкхийн:
I тӀегӀанан «Манас» орденан кавалерТӀехдика гӀуллакх дарна орденан кавалер
ИсмоӀили Самонин орденан кавалерХо Ши Минан орденКъоман гӀуллакхийн орденан Йоккха жӀаран кавалер (Гвиней)
Республика Сербин орденан Йоккха жӀарСийлахь легионан орденан Йоккхачу жӀаран кавалерСийлахь Карлан орденан Йоккха жӀар
Ӏабдаль-Ӏазиз паччахьан орденан зӀеЗахӀидан орденан кавалерКъоман Хосе Мартин орденан кавалер
Республика Кхазакхстанан хьалхарчу президентан Назарбаев Нурсултанан орден
Сий а, сийлалла а I тӀегӀанан орден
Дешин Олимпийн орден
ЦӀетоьхна хӀордан шаьлта РФ ӀХӀ баьччангара адмирал Комоедов Владимирегара а, Украинин ТӀеман-хӀордан ницкъийн баьччангара Ежель Михаилегара а
Сайт kremlin.ru (президент.рф)
Пачхьалкх  ССРС
 Росси
Эскаран тайпа KGB[d], Российн Федерацин Федералан кхерамзаллин гӀуллакх[d]
ЦӀе Мукъаваьккхина эпсар[d], Российн Федерацин боккъала волу пачхьалкхан 1 классан хьехамча[d], подполковник[d]
Буьйр дар Российн Федерацин ТӀеман Ницкъаш[d], Российн федерацин ТIеман Ницкъийн Лакхара Коьртабаьчча[d]
Латар
Болхбаран меттиг
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Пу́тин Влади́мир Влади́мирович (вина 1952 7 октябрь, Ленинград, ССРС) — российн пачхьалкхан а, политикин а гӀуллакххо, 2012 шеран 7 майхь дуьйна волу Российн Федерацин президент а, Российн Федерацин ТӀеман ницкъийн лакхара коьрта баьчча а[14].

Хьалха а лаьттина президентан даржехь 1999 шеран 31 декабрера 2008 шеран 7 май кхаччалц, 1999—2000 а, 2008—2012 шерашкахь лаьттина Российн правительствон председатель.

Чекхйаьккхина Ленинградан пачхьалкхан университетан (ЛПУ) юридически факультет. 1977 шарахь дуьйна болх бина контрталламан агӀора ПКхК Ленинградан урхаллера талламан декъехь. 1985 - 1990 шерашкахь гӀуллакхехь хилла советийн арахьара талламан резидентурехь ГДРехь, болх бина Дрезденехь ССРС — ГДР доттагӀаллин цӀийнан директоран даржехь къайлаваьлла. Ленинграде цӀавирзича болх бина ЛПУ ректоран дуьненайукъара гӀуллакхийн агӀора гӀоьнча, цул тӀаьхьа Ленинградан гӀалин совета председателан Собчак Анатолийн хьехамча. 1991 шеран 20 августехь подполковник волуш ССРС ПКхК мукъаваьлла.

1991—1996 шерашкахь Петарбухан мэри дехьаваьлла болх бира Собчакан куьйгакӀела: куьйгалла дира Арахьара уьйранийн комитетан, хилира мэран хьехамча, цул тӀаьхьа хьалхара гӀовс. 1996 шеран августехь болх бан волавелира Москохахь РФ Президентан гӀуллакхийн урхаллин гӀовсан даржехь. КӀеззиг РФ Федералан кхерамзаллин гӀуллакхан куьйгалхочун а, Кхерамзаллин Советан секретаран даржехь лаьттина 1999 шеран августехь хӀоттийра правительствон председатель.

Пачхьалкхан хьалхара йуьхь хилира 1999 шеран 31 декабрехь, оцу хенахь Российн президентан Ельцин Борисан сацамца хӀоттийра РФ президентан декхарш кхочушдийриг — Российн хьалхара президента дарж мукъадаккхар бахьнехь. Российн президент дуьххьара хаьржина 2000 шеран 26 мартехь. Пачхьалкхан коьртан дарже йухахаьржира 2004, 2012, 2018 шерашкахь. 2012 шеран харжамел хьалха президентийн бакъонийн хан тӀетуьйхира 4 шеран тӀера 6 шере кхаччалц.

Российн Федерацин Конституцин хийцамаш лелабевлча бакъо хилира дакъа лаца керлачу президентан харжамашкахь 2024 шеран мартехь.

Мукъа ваьккхина полковник (1999). Российн Федерацин бакъболу пачхьалкхан 1 классан хьехамча (1997)[15]. Экономикин Ӏилманийн кандидат (1997). Самбо (1973) а, дзюдо (1975) а латарехь спортан говзанча[16], дзюдох латарехь Ленинградан чемпион (1976)[17][18], самбох латарехь Российн хьакъ долу тренер (1998)[19][20]. Дика буьйцу немцойн мотт[21][22].

Схьавалар

Арахьара суьрташ
Владимир Путин с родителями перед отъездом в ГДР, 1985 год

Бахархой багарбечу хенахь ша деллачу жоьпаца, къоман оьрсий[23].

Да — Путин Владимир Спиридонович (23.02.1911 — 02.08.1999), вина Тверан областан Калининан кӀоштара Поминово эвлахь[24], 1933—1934 шерашкахь гӀуллакхехь хилла хин бухарчу флотехь, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъахо, эскаре кхайкхина Ленинградан областан Петергофан КӀТӀК. БАЦӀЭхь — 1941 шеран июнехь дуьйна, ЦӀечу эскаран 86-гӀа дивизин 330-гӀа кхийсархойн полкан тӀемло, Неван кӀажа ларбеш, 1941 шеран 17 ноябрехь чӀогӀа чов йира гераг кхетта аьрру настарна а, когана а[25][26]. «ТӀеман гӀуллакхашна», «Ленинград ларйарна», «Германин тӀехь толам баккхарна» мидалшца. 1941 шарахь дуьйна ЕКП(б) декъахо. ТӀом чекхбаьлча — Егоровн цӀарах заводехь пхьар. 1985 шарахь совгӀат дина Даймехкан тӀеман 1-ра тӀегӀанан орденца[27].

Нана — Путина Мария Ивановна (ден фамили Шеломова) (17.10.1911 — 06.07.1998)[28], схьайаьлла Тверан областера Калининан кӀоштара Заречье эвлара, цигахь йовза а евзира иза Владимир Спиридоновична[24], иштта болх бира заводехь, чекхйаьлира Ленинградан гуо латторах. ЦӀБФ штабо совгӀат дина «Ленинград ларйарна» мидалца.

2015 шарахь Путина йаздира, шен нана йехира 1999 шо кхаччалц, ткъа да велла 1998 шо чекхдолуш[29], ткъа 2017 шарахь Стоун Оливеран еллачу интервьюхь элира, «да велира ша премьер-министр хӀотта нисса ши бутт бисича» (аьлча а 1999 шеран август кхачале)[30][31].

Путин Владимир 6 шо долуш шен ненаца. 1958 шо

Деда — Путин Спиридон Иванович (19.12.1879 — 8.03.1965)[32], схьаваьлла Тверан областан Калининан кӀоштара Поминово эвлахь[24], 12 шо долуш иза дӀавелира «йуургуш йан Ӏамо» Тверан трактире, ша дика а гайтина, кхечира петарбухан ресторан, йалийра шен эвлахо Чурсанова Ольга Ивановна (марехь Путина), кулинар болх бира Горохови урамехь «Асторехь». Хьалхара дуьненан тӀамехь хьажийра фронте. Революцел тӀаьхьа, гӀалин мацаллех кӀелхьара довлуш, доьзалца кхелхира Поминово; цул тӀаьхьа Москоха кхелхира. Йуургаш йеш болх бира Горкашкахь, йуург кечйора Крупска Няадеждин, Мариян а, Дмитрий а УльяновгӀарна уьш баллалц. 1940 шарахь хилира лакхара йуург кечйийриг Москохан гӀалкоман партин «Ильичёвскин» Ильинскин пансионатан коьрта йуург кечйийриг а хилира. Цигахь йуург кечйора оьздангаллин министран Фурцева Екатеринин, Москохан ГӀК хьалхарчу секретарашна Гришин Викторна, Капитонов Иванан, Хрущёв Никитина, ткъа цуьнан нанас, болх бира дезткъа шо кхаччалцт[33][34][35].

Путинан ден а, ненан а агӀора гергарнаш (ПутингӀар, ШеломовгӀар, ЧурсановгӀар, БуяновгӀар, ФомингӀар, кхин а) уггаре а кӀезиг 300 шарахь ахархой хилла Тверан уездехь. Путинан уггаре хьалхара вевзаш волу да хьахийна 1627—1628 шерашкахь Тверан уездан йозанан жайнин тӀехь — иза Никитин Яков ву, паччахьан Михаил Фёдоровичан ненавешин бояринан Романов Иванан долара Тургиново эвлан килсан, Бородино эвлан латта доцу ахархо[36].

Бералла а, къуоналла а

Путин ден-фронтовикан портретца «Лийр йоцу полкан» боламехь Москохахь, 2017 шеран 9 майхь

Вина 1952 шеран 7 октябрехь Ленинградехь[14], Маяковскийн урамехь В. Ф. Снегирёвн цӀарах бер ден цӀахь[28]. ЖӀар тоьхна Спасо-Преображенски килсахь[37].

Путин Владимир доьзалехь кхоалгӀа кӀант хилла — цуьнан хилла шиъ воккха ваша, уьш белла иза дуьненан тӀевалале: Виктор (1940—1942) а, Альберт (велла Сийлахь-Боккха даймехкан тӀом болабалале). Виктор велла дифтери лазарх Ленинградан гуо латточу хенахь, дӀавоьллира Пискарёвн мемориалан кешнашкахь[38][39][40].

Путин Владимиран Серафимовски кешнашкара ден-ненан каш

ПутингӀеран доьзал Ӏаш бара Ленинградехь Басков урамалган (12-гӀачу цӀийнан лакхарчу пхоьалгӀачу гӀотехь) коммуналан квартирера цхьаьна чохь, оцу квартирехь Путин вехира ССРС ПКхК болхбан волаваллалц. Дачехь Тоснохь ишколхочун Путинан чохь лаьттара советийн тӀеман таллам кхоьллинчех цхьаъ волу Берзин Янан сурт[34]. Президент хиллачул тӀаьхьа, Путина дуьйцура, бераллехь дуьйна хьоьжура советийн талламчех фильмашка, сатуьйсуш вара пачхьалкхан кхерамзаллин меженашкахь болх бан.

1960—1965 шерашкахь Путина дийшира № 193 йолу бархӀ классан ишколехь. Цул тӀаьхьа деша хӀоьттира № 281 йолу йуккъерачу ишколе (Технологин институтан базанан тӀехь химин агӀора таьӀна башха ишкол), иза чекхйаьккхира 1970 шарахь. Арахецначул тӀаьхьа 17 шо долу Владимир дуьххьара, Ӏалашо гӀуллакхе дӀахӀоттар йолуш вахара ССРС ПКхК Ленинградан а, Ленинградан областан урхалле Литейни проспекте, цигахь къамел динчул тӀаьхьа, Путинан хьийхира хьалха кӀорггера гуманитаран дешар Ӏамаде аьлла[34].

Библиографи

Билгалдахарш

  1. Lenta.ru, «Виктор Зубков утвержден премьер-министром России», 14 сентября 2007
  2. Владимир и Людмила Путины официально сообщили о разводе // RuNews24. — 2013. — 7 июнехь.
  3. Борисов Д. Дочки президента продолжают обучение в Петербурге (ru) // Независимая газета : газета. — 2006. — 29 сентября.(Хьаьжина 12 апрелехь 2015)
  4. Геворкян Н. П., Тимакова Н. А., Колесников А. И. От первого лица. Разговоры с Владимиром Путиным. — Вагриус, 2000. — ISBN 5-264-00257-6.
  5. Путин Владимир Владимирович (ru) // Аргументы и факты : газета.(Хьаьжина 6 январехь 2013)
  6. Wladimir Putin // Энциклопедия Брокгауз (нем.) / Hrsg.: Bibliographisches Institut & F. A. Brockhaus, Wissen Media Verlag
  7. Delarge J. Vladimir POUTINE // (unspecified title) (фр.)Paris: Gründ, Jean-Pierre Delarge, 2001. — ISBN 978-2-7000-3055-6
  8. http://www.aif.ru/dossier/1369
  9. (unspecified title)
  10. Путин В. В. Обращение Президента Российской Федерации, 24 февраля 2022М.: 2022.
  11. 1 2 Лентапедия — 2007.
  12. http://kremlin.ru/structure/president/presidents
  13. http://www.rbc.ru/society/08/05/2017/590fffe39a7947866e52b760
  14. 1 2 Владимир Путин // Официальный сайт Президента Российской Федерации
  15. Биография Владимира Путина. Теллина 2020 шеран 6 июлехь.
  16. Владимир Путин — Президент России
  17. Король татами: каких спортивных успехов достиг Владимир Путин // Forbes, 24.11.2014
  18. «На ковре был бескомпромисен…» (отрывки из книги журналиста О. М. Блоцкого «Владимир Путин. История жизни»,) // Красная звезда, 29.03.2003
  19. Спортивные увлечения Владимира Путина
  20. Восьмой дан Путина
  21. Путин считает, что немецкий язык больше отличается точностью, а русский - изяществом. ТАСС (2016, 12 январь). Теллина 2016 шеран 1 августехь.
  22. Эдуард Футурье Германский политик: Путин говорит по-немецки так же хорошо, как я. Ридус (2016, 14 апрель). Теллина 2016 шеран 1 августехь.
  23. Колесников, А. Владимиру Путину дали семейный номер : Семья премьера прошла перепись населения // Коммерсантъ. — 2010. — № 193/П [4493] (18 октябрехь). — С. 5.(Хьаьжина 12 апрелехь 2015)
  24. 1 2 3 Марина Райкина, Александр Елисов. В корнях у президента // Опубликовано в газете «Московский комсомолец» № 104 от 28 ноября 1998, публикация на сайте датирована 07.12.2002
  25. Память народа :: Документ о награде :: Путин Владимир Спиридонович, Медаль «За боевые заслуги». pamyat-naroda.ru. Теллина 2015 шеран 15 ноябрехь.
  26. Путин Владимир Спиридонович 1911 г. р // Подвиг народа в Великой Отечественной войне 1941–1945 гг : Электронный банк документов.(Хьаьжина 12 апрелехь 2015)
  27. Документ о награде: Путин Владимир Спиридонович, Орден Отечественной войны I степени. «Память народа». Теллина 2015 шеран 15 ноябрехь.
  28. 1 2 Национальная политическая энциклопедия. Путина Мария Ивановна
  29. Путин В. В. «Жизнь такая простая штука и жестокая». Русский пионер (2015, 30 апрель). Теллина 2018 шеран 18 январехь.
  30. Путин рассказал, что родители гордились его достижениями. Теллина 2020 шеран 6 июлехь.
  31. Путин заявил, что гордится своими родителями (оьр.) (2017, 16 июнь). Теллина 2020 шеран 6 июлехь.
  32. Котельников С. Д., Бирюкова Л. В. Родословная роспись Путиных // Всероссийское генеалогическое древо
  33. Лидер нации Владимир Путин Архивйина 2020-09-26 — Wayback Machine
  34. 1 2 3 Путин. Фильм Андрея Кондрашова. Часть 1. Россия 1 (2018, 19 март). Теллина 2018 шеран 4 апрелехь.
  35. Вандышева, О. Спиридон Путин до 72 лет обслуживал элитные пиры и банкеты : [рус.] // Комсомольская правда. — 2000. — 10 ноября.(Хьаьжина 12 апрелехь 2015)
  36. Могильников, В. А. Восходящее родословие В. В. Путина // Генеалогический вестник. — 2011. — Вып. 42. — С. 70—86.
  37. Песков пояснил, в каких церквях крестили родителей Путина. ТАСС (2018, 7 январь). Теллина 2018 шеран 25 мартехь.
  38. Блогеры нашли в «Блокадной книге» упоминание о брате Путина : [рус.] : [арх. 3 февралехь 2012] // Фонтанка.Ру. — 2012. — 27 января.(Хьаьжина 14 январехь 2012)
  39. Путин рассказал, что на Пискарёвском кладбище похоронен его брат : [рус.] : [арх. 3 февралехь 2012] // РИА Новости. — 2012. — 27 января.(Хьаьжина 14 январехь 2012)
  40. Медведев, 2007.
Хьосташ

[хьост?]

Литература

  • Гуревич В. Д. Владимир Путин. Родители. Друзья. Учителя. — СПб.: Изд-во Юрид. ин-та, 2004. — 173 с. — ISBN 5-86247-068-9.
  • Дегоев В. В., Ибрагимов Р. Ю. Россия при Путине: обретения, тревоги, надежды. — М.: Империум XXI век, 2007. — 237 с. — ISBN 978-5-91317-005-7.
  • Зайпель Х. Путин: Логика власти. — Время, 2016. — 384 с. — ISBN 978-5-9691-1508-8.
  • Путин, Владимир Владимирович / С. Л. Кравец (мировоззренческие основы государственной политики, внутренняя политика), Ф. А. Лукьянов (внешнеполитическая концепция, внешняя политика), В. А. Мау (экономика), Е. Э. Чуковская (законодательство, вопросы культуры) // Пустырник — Румчерод. — М. : Большая российская энциклопедия, 2015. — С. 8—29. — (Большая российская энциклопедия : [в 35 т.] / гл. ред. Ю. С. Осипов ; 2004—2017, т. 28). — ISBN 978-5-85270-365-1.
  • Леонов Н. С. Что ещё может Путин? — М.: Алгоритм, 2013. — 256 с. — (Как Путину обустроить Россию). — 3000 экз. — ISBN 978-5-4438-0251-0.
  • Лузянин С. Г. Восточная политика Владимира Путина : возвращение России на «Большой Восток» (2004-2008 гг.). — М.: АСТ, 2007. — 446 с. — ISBN 5-17-041020-4.
  • Медведев Р. А. Владимир Путин. — М.: Молодая гвардия, 2007. — 685 с. — (Жизнь замечательных людей). — ISBN 978-5-235-03059-6.
  • Медведев Р. А. Владимир Путин. Продолжение следует. — М.: Время, 2010. — 301 с. — (Диалог). — ISBN 978-5-9691-0498-3.
  • Медведев Р. А. Владимир Путин: четыре года в Кремле. — М.: Время, 2005. — 654 с. — (Диалог). — ISBN 5-9691-0022-6.
  • От первого лица. Разговоры с Владимиром Путиным / Сост. Н. Геворкян, А. Колесников, Н. Тимакова. — М.: Вагриус, 2000. — 192 с. — ISBN 5-264-00257-6.
  • Рар А. Владимир Путин: «Немец» в Кремле. — М.: ОЛМА-Пресс, 2001. — 318 с. — (Проект «Путин»). — ISBN 5-224-02143-X.
  • Рар А. Владимир Путин. Лучший немец в Кремле. — М.: Алгоритм, 2012. — 237 с. — (Проект «Путин»). — ISBN 978-5-4320-0039-2.
  • Рар А. Куда пойдёт Путин?: Россия между Китаем и Европой (Почему Западу нужна Россия: Экспертный анализ). — М.: ОЛМА Медиа Групп, 2012. — 352 с. — 4000 экз. — ISBN 978-5-373-04735-7.
  • Стратиевски Д., Гонсаленс К. Путин, водка и казаки: Представления о России на Западе. — М.: Алгоритм, 2014. — 208 с. — (Проект «Путин»). — 2500 экз. — ISBN 978-5-699-71816-0, 978-5-4438-0770-6.
  • Таланов В. Л. Психологический портрет Владимира Путина. — СПб.: Б&К, 2000. — 61 с. — ISBN 5-93414-018-3.
  • Хатчинс К., Коробко А. Путин / Пер. с англ. — М.: ОЛМА Медиа Групп, 2012. — 432 с. — 3000 экз. — ISBN 978-5-373-04767-8.
  • Чадаев А. В. Путин. Его идеология. — М.: Европа, 2006. — 230 с. — (Идеологии). — ISBN 5-9739-0040-1.
  • Karen Dawisha. Putin's Kleptocracy: Who Owns Russia?. — Simon and Schuster., 2015. — 464 с. — ISBN 9781476795201.
  • Оливер Стоун. Интервью с Владимиром Путиным. — М.: Альпина Паблишер. — 350 p. — ISBN 978-5-9614-6477-1.
  • Boyd-Barrett, Olive. Western Mainstream Media and the Ukraine Crisis : A study in conflict propaganda. — L. : Routledge ; N.Y., 2017. — ISBN 978-1-315-55968-1.
Йаззамаш

Хьажоргаш