Виноградов, Иван Иванович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Иван Иванович Виноградов
Вина терахь 1922 шеран 26 октябрь({{padleft:1922|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:26|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1963 шеран 14 май({{padleft:1963|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:14|2|0}}) (40 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа инженерные войска[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красной Звезды медаль «За боевые заслуги»

Иван Иванович Виноградов (1922 шеран 26 октябрь, Сипсо-ГӀала, Лаьмнийн Автономин Советийн Социалистийн Республика1963 шеран 14 май, Сипсо-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР) — сержант, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Советски Союзан Турпал.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1922 шарахь Сипсо-ГӀалахь ахархон доьзаллехь. Цо чекхъяккхира юззина йоцу юккъара школа а, цул тӀаьхьа — трактористийн курсаш а. Таккха иза колхозе болх бан вахара. 1941 шеран июлехь иза ЦӀен Эскаре дӀа а кхайкхин Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман фронте дӀахьажийра. 1943 шеран октябрь кхачале гвардин сержант Иван Виноградов вара Воронежан фронтан 47-гӀа армин 3-гӀа гвардин механизаци йина корпусан 62-гӀа гвардин къаьстина моторизацин сапёран батальонан отделенин куьйгалхо[1].

Цо къаьстина майралла гайтира Днепр хих эскар дехьадолуш хенахь хилла тӀамехь. Эскир хих дехьадолуш хьалхара буса Виноградован а гвардин сержантан Пётр Днепровски а отделенеш иттуза хих дехьабевлира, кхоьчу бердан тӀе 500 гергга салтий а, эпсар кхачира шайн герзаца а, герзан гӀирсаш а, яа хӀуманца а. Оцу шина отделенеш советан эскар хих дехьа доккхуш 300 сов дехьдевлира мостагӀо чӀогӀа тӀедаьтташ герз долушшехь, шайн некан гӀирсаш юх-юха тадеш. 1943 шеран 19 октябрехь Виноградов а, Днепровский а юха а хих дехьадолуш дара. Цера лодкан тӀе нийса хӀоъ кхаьтта Днепровский оцу минотехь велира, Виноградован йоккху чов йинера. Амма Виноградовс понтон хих дехьадеккхира[1].

1944 шеран 3 июнехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца гвардин сержантан Иван Виноградован елира Советски Союзан Турпалан цӀе. И цӀе йоцург цунна елира ЦӀен Седан орден а, масийтта медаль а[1].

ТӀом чекхбаьлча Виноградовс эскаран болх битира. Иза шен цӀа а вирзина цигахь балха дӀахӀоьттира. Иза велира 1963 шеран 14 майхь[1].

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Советски Союзан Турпал — 1944 шеран 3 июнь;
  • Ленинан орден — 1944 шеран 3 июнь;
  • ЦӀен Седан орден — 1943 шеран 13 октябрь;
  • «ТӀеман кхиамашна» медаль — 1942 шеран 18 сентябрь;
  • «ТӀеман кхиамашна» медаль — 1943 шеран 5 сентябрь;

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
  • Герои-освободители Черкасщины. — Днепропетровск: Промінь, 1980.
  • Золотые Звёзды Чечено-Ингушетии. — Грозный: Чечено-Ингушское кн. изд-во, 1985.
  • Шёл парнишке в ту пору…: герои-комсомольцы в боях за Советскую Украину в годы Великой Отечественной войны 1941—1945 гг. / авт.-сост. В. Н. Немятый и др. — К.: Молодь, 1985. — 367 с.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]