Чулацаман тӀегӀо

Википеди:Феминизм а, фольклор а 2026

ХӀара агӀо Википеди чуьра йу — маьрша энциклопеди
«Феминизм а, фольклор а 2026» — ХӀора шеран йаззам йазбаран конкурс февралан 1-чу дийнера мартан 31-чу дийне кхаччалц. Конкурсехь тайп-тайпанчу пачхьалкхашкахь цхьана хенахь феминизмах а, фольклорех а лаьцна болу йаззамаш йазбар къобалдеш ду.

«Феминизм а, фольклор а 2026» дуккха а меттанашкахь дӀахьочу дуьненаюкъарчу конкурсан коьрта Ӏалашо. (конкурсан дуьненайукъара агӀо, оьрс. Женщины и женское в традиционной культуре народов мира 2026, инг. Feminism and Folklore 2026) Проектан Ӏалашо йу ламастан халкъан культураш а, зударийн теманаш а вовшахкхеттачу феноменех лаьцна керла йаззамаш кхолла а, лелаш йолу тойар а. Декъашхойн дозанаш дац хенашца а, божарий-зуда хиларца а, Викимедиа проекташкахь зеделларг хиларца а, вехачу пачхьалкхца а, йа регионца а.

Цхьана билгалчу темина йаззам лаха йа кхоллар дӀадоло, лахарчу меттигехь фраза йазде, нуьйда тӀетаӀайе.

Бакъонаш

[нисйан]
  • Конкурсе тӀеоьцу керла а, шорбина а йаззамаш.
  • Йаззамаш кхолла беза йа карлайаха беза конкурсан муьрехь (1 февраль 00:00 UTC — 23:59 UTC 2026 шеран 31 март)
  • Йаззамийн тематика фольклорца а, зударшца а доггаха йоьзна хила йеза. Йаззамийн теманаш хила йераш йу: гӀарайевлла туьйранчаш, туьйранийн а, легендийн а турпалхой-зударий, халкъан мехкарийн иллин а, хелхаран а кхочушдархой, куьйган говзанчаш, фольклор таллархой, фольклоран музыкана а, театран а фолк-коллективийн декъашхой.
  • Йаззамаш хила беза:
    • Керлачу йаззаман минималан барам — гуш йолчу текстан 100 дош йа 2500 байт; (дуьненайукъарчу этапан бакъонаш)
    • Йолчу йаззамна тIетухучу материалан минимум барам — гуш долчу текстах 100 дош йа 2500 байт хила беза;
    • Йаззамаш нохчийн маттахь йазйина а, бакъонашца кечйина а хила йеза. Копипаст йа машенца бина боьха гочдарш долу йаззамаш йукъайогӀуш йац;
    • Йаззамаш тешамечу хьосташна тIетовжа йеза, уьш йаззаман бухахь тIетовжарш санна кечйина хила а йеза;
    • Материал авторша шаьш йаздина хила деза, кхечу меттигашкара текст лелор (копировани) магош дац. Нагахь организаторшна авторан бакъонаш йохоран хилларш карахь, цара шаьш йукъараваккха (дисквалификаци йан) бакъо шайгахь йуьту.
  • Йаззамашна мах хадоран низам лахахь далийна ду.
  • Йаззам кхоьллина йа тойина декъашхой финалистийн йукъабогӀу.

Жюри

[нисйан]

Мах хадоран кеп

[нисйан]
  • Билгалдаьхначу лехамашна жоп луш, лаххара а 2500 байт йа 100 дош тӀетоьхна материал йолчу йаззамна жюрино 1 балл лур йу;
  • Декъашхочо хаьржина тема дика йийцарна а, материал суртхIотторна а, барам 2500 байт йа 100 дешах кIезиг боцучу йаззаманна жюрис 2 балл ло;
  • 150 дешах йа 5000 байтах совболчу а, декъашхочо хаьржина тема йуьззина йийцинчу а, материал дика суртхIоттийначу а йаззаманна жюрис 3 балл ло;
  • Регистраци йина хан ах шо кхочуш йоцучу декъашхошна а, йа/аьлча а нохчийн культурица доьзна йолу теманашца йаззамаш кхоьллинчунна а баллаш шозза сов лур йу.

Декъашхочунна 1 йаззамна уггаре дукха 6 балл йала йиш йу.

СовгӀаташ

[нисйан]
  • ХӀора меттан дакъошкахь толамхой: хьалхарчу меттигна 25 доллар, шолгӀачу меттигна 20 доллар, тоьллачу йаззамна 15 доллар.
  • Дуьненайукъарчу толамхочунна 1-ра меттиг: 300 доллар, 2-гӀа меттиг: 200 доллар, 3-гӀа меттиг: 100 доллар. РогӀерчу 10 толамхочунна хӀоранна а 50 доллар лур ду.

Таблица

[нисйан]
Декъашхо Йаззамаш Дукхалла Баллаш Меттиг
Flandria12 Исаева, Султанан йоӀ Марьям Дади-Йуртахь кхелхина зударшна леррина хӀоллам  Чентиева, Марьям Джацаевна  Хамидова Зулай Хьумидан йоІ Айдамирова, Абузаран йоӀ Машар  5
Саид Мисарбиев Агафонова, Екатерина Андреевна Мехтиева, Роза Хьасанан йоӀ Жоьра-баба Шепитько, Лариса Ефимовна Булгакова, Майя Григорьевна Пыжова, Ольга Ивановна Леткова, Екатерина Павловна Икскуль фон Гильденбанд, Варвара Ивановна Гревиль, Анри Жорж Санд Курумова, Селима Мусан йоӀ Ай, Айза-Лилуна Хьамзатан йоӀ Вацуева, Асет ӀабдуллахӀан йоӀ Гичаева, Раиса Мовждин йоӀ Исаева, Асет Марцаран йоӀ Жумалаева, Лула Изноврин йоӀ Ахматова, Раиса Солтамурдан йоӀ Исраилова, Сацита Мохьмадан йоӀ Муртазалиева, Асет Асхьабан йоӀ Турищева, Людмила Ивановна Комэнеч, Надя Ким, Нелли Владимировна Корбут, Ольга Валентиновна Мухина, Елена Вячеславовна Чаславска, Вера Латынина, Лариса Семёновна Ясаева, Мадина Лечин йоӀ Муслиева, Тамара Мохьмадан йоӀ Саламова, Раиса Ӏабдулхьалиман йоӀ Герман, Анна Анзорова, Балкан Анзоран йоӀ 31
CheWikibot Оздоева, Фируза Гиреевна       1 вне конкурса вне конкурса
[[User:|]]  
[[User:|]] [[]]  [[]] 


Хьайн йаззам кхузахь тӀетоха йиш йу хьан

ЖамӀ

[нисйан]