Википеди:Куьйгалхой, бюрократхой харжаран низам

ХӀара агӀо Википеди чура ю — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

Куьйгалхо хила мегарг[нисъе]

Нохчийн Википеди чохь куьйгалхо хила хьакъ ву, хӀокху бараман кӀела вогӀуш верг:

  • 6 бутт хан хила йезаш ю иза Нохчийн Википедин чу дӀавазвелла
  • Нохчийн маттахь нийса яздан хууш хила везаш ву
  • Уггаре кӀезиг 1000 нисдарш хила деза

Лакхахь язбина болу бараман юкъа вогӀуш воцург, болх беш волу Бюрократо харжамашна юкъар дӀа воккху.

Бюрократ хила мегарг[нисъе]

Нохчийн Википеди чохь Бюрократ хила хьакъ ву, хӀокху бараман кӀела вогӀуш верг:

  • 2 шо хан хила йезаш ю иза Нохчийн Википеди чу дӀа вазвелла
  • Нохчийн маттахь нийса яздан хууш хила везаш ву
  • Уггаре кӀезиг 1000 нисдарш хила деза
  • 6 баттахь Админ хилла хила везаш ву иза, ша харжамашка юкъавеана хан тӀе кхаччалца
  • ТӀаьххьара эха шара чохь 3 бутт хан яьлла хила езаш яц цуьнан Нохчийн Википеди чохь нисдарш данза

Лакхахь язбина болу бараман юкъа вогӀуш воцург, болх беш волу Бюрократо харжамашна юкъара дӀа воккху.

Хьалха харжамашкахь дакъа лаьцнарш, я даржера дIа баьхнарш[нисъе]

Хьалха куьйгалхо я бюрократ хилла кандидатура йиллинарг, амма харжамхоша кхаж ца тесна, я харжамаш бола беллачулла тӀаьхьа ша харжамашна юкъарваьлла, я куьйгалхо я бюрократ даржера дIаваьккхинчуьн бакъо ю 3 бутт баьллачул тӀаьхьа юха харжамашна юкъа ван.

Куьйгалхойн, бюрократхойн харжамашна юкъавахаран низам:[нисъе]

Бюрократийн, куьйгалхой харжамашна юкъа воьду шен лаамца, амма хӀокху низамна тӀе а товжуш, харжамашкахь кхаж таса бакъо йолчу декъашхойн бакъо ю шайна бӀегӀийла хеташ волу декъашхо харжамашка векал ван. Ишттачу хьолехь, декъашхоша шена хууш доцуш бюрократ/куьйгалхо хила хьакъ ву аьлла билгалла ваьккхина харжамашка векал вина волчу декъашхочо, харжамийн агӀон тӀехь мукъарло дан деза, харжамашкахь дакъа лаца, я хаьржина ваьлча, ша реза хилар хоуьйтуш. Шен лаамца харжамашна юкъа вахар юкъараллехь дика лоруш ду, хӀунда аьлчи оцу дарже ша хаьржинчул тӀаьхьа шена тӀе бужуш болу мохь, ша бан беза болх хууш хилар гойту цо.

Харжамашкахь кхаж таса бакъо ериш[нисъе]

  1. Декъашхо дӀаязвелла хан башха яц;
  2. Кандидаташ хӀиттош, ледаран бакъо йолчу декъашхойн «Яззамаш», «Кепаш», «Категореш» цӀерийн анашкахь мел лахара а 10 хийцам хила беза, тӀаьххьарчу 30 дийнахь (хьажа иштта Белхан:ActiveUsers)
  3. Кхаж тасар хилла лору кхаж таса бакъо йолу декъашхойх 50 % кхаж теснехь;
  4. Байракх якххарна кхаьжнийн 2/3 дакъа хила деза;