Википеди:Викина Кавказ еза 2019

ХӀара агӀо Википеди чура ю — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо

«Викина Кавказ еза 2019» — 2019 шеран 7 октябрехь — 7 ноябрехь дӀайоьду вики-марафон (UTC-ца). Лерина ю Кавказца йоьзначу теман яззамашна. Цуьнан Ӏалашо ю Википедин тайп-тайпанчу меттанийн юкъараллашкахь Кавказан географин объектех, оьздангаллех, сийлаллех яззамаш кхоллар. Цигахь дакъалаца таро ю муьлххачу декъашхочун, муьлххачу Википедин декъера.

Къилбаседа-кавказан меттанашкахь (нохчийн, хӀирийн, лаьзгӀойн) къовсам дӀабахьаран коьрта Ӏалашо ю — оцу дакъошкахь кавказан тематикан яззаман барам совбаккхар, уьш дуьненаюкъара Вики-боламан юкъаозор, ткъа иштта Википедин и дакъош потенциалан керлачу декъахошна юкъахь гӀарадахар.

Марафон кечйина Викимедиа Росси, Викимедихойн Донан тобано, Азербайджанийн викимедихойн декъашхойн тобано, Гуьржийчоьнан викимедихойн тобано.

Къовсаман коьртачех Ӏалашо ю кавказан Викимедешна юкъара юкъаметтигаш шоръяр, Кавказехь Викимедиан проекташ дика кхиаяр.

Caucasus locator map.png

Document (89521) - The Noun Project.svg Бакъонаш

  • Яззаман тема лерина хила еза Кавказан мехкийн я регионийн муьлххачу географин объектан я сийлаллин, Росси йоцучун.
  • Къовсамна юкъабуьту яззамаш, лахарчу критерешца богӀуш болу:
    • Яззам язбина я чекхбаьккхина хила беза нохчийн маттахь 2019 шеран 7 октябрера 2019 шеран 7 ноябрь кхаччалц болчу муьрехь.
    • Яззам болийна хила беза къовсаман декъашхочо, я цуо хаъал тобина; къовсаман декъашхочун белхан минимум барам хӀинцале кхоьллинчу язам тӀаьхь — 200 дош.
    • Кхоьллинчу яззамехь барам минимум 5000 байт а, минимум 250 дош а хила деза.
    • Яззам хила беза ладаме, язам чохь гайтина хила деза хьосташ.
    • Яззамаш богӀуш хила беза патруло кховдийна бехкамашца. Шеконе болу муьлхха а хаам, авторитетан хьосташца тӀечӀагӀбан беза.
  • ЖамӀ деш лору Къовсаман декъашхочо бина я тобина белхан дикалла а, дукхалла а. Дикалло кхетадо чухоам, барамера тӀегӀанера суьрташ хилар, юьззина тема дӀаеллар, материалашна авторитетан хьосташка хьажоргаш хилар, кечбар.
  • Жюрин таро ю «цӀена ловзаран» низам дохорна декъашхо юкъараваккха, масала ботаца юзар, хила езачу хенахь бина яззамаш/испискашна чудаьхна суьрташ (къовсаман финишан муьрехь, бинчул тӀаьхьа 1 де-буьйса дала йиш яц), хьалххе кечбина яззамаш муьлххачу муьрехь массашкахь чубахар, ткъа иштта цӀена къовсаман новкъа я кхин декъашхой тилабеш болу муьлхха а болх.

СовгӀаташ

Викимедиа Россис а, викимедихойн Донан тобано а марафонан толамхошна совгӀат дийр ду (кхо совгӀат).

  • Хьалхара меттиг :
  • ШолгӀа меттиг :
  • КхоалгӀа меттиг :

Организатор

Жюрин декъашхой

Пайден хьажоргаш

Azerbaijani Wikimedians User Group Wikimedia UG Georgia Don Wikimedians User Group Wikimedia Russia